Къемат дийнахь хилла тӀом

Къемат-дийнан тӀом (иштта Октябран тӀом, «1973-чу шеран Ӏаьрбийн-израилан тӀом») — 1973-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 6-чохь 23-чу дийне кхаччалц Ӏаьрбийн пачхьалкхийн а, Израилан а юкъахь хилла тӀеман конфликт ю. Конфликт эккхаран таронаш яра Мисарна, Шемна Ялх дийнан тӀамехь яйна территореш юха шайн караерзор лаам.

Къемат дийнахь хилла тӀом
Bridge Crossing.jpg
Мисаран эскар Суэцан татол хадош ю
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ТӀом болабелла 1973-чу шарахь эсаран беттан (октябран) 6-чохь Ӏаьрбийн коалици израилан позицешна тӀелатарца. Оцу дийнахь жуьгтий шайн Къемат-де цӀе йолу дезде даздеш бара. Иза яхӀудийн коьрта дезде ду.