Лаьхьа (мифологи)
Дехар «Лаьхьа» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Лаьха — дукха къаьмнийн мифологешкахь ялта кхиаран, лаьттан, хин, догӀан сийлалла цхьаьна агӀора, ткъа иштта цӀийнан кхерчан, стигалан цӀеран а — вукха агӀора. Юьхьанца мифологера лаьхьа гора боккха лаьхьа санна. ТӀаьхьа васто оьцу цхьацца акхаройн сипташ, хийцало тӀемаш долу я месаш йолу лаьхьан-саьрмакан вастаца, саьрмак говр корта а болуш лаьхьан дегӀ а долуш. Иштта адам корта а, лаьхьан дегӀ а долу сурт даьржина ширагрекийн, хӀиндуистийн, эламан, кхин а цхьацца мифологешкахь. Японин а, цхьа могӀа индахойн ламастехь амалехь ю маӀаш йолчу лаьхьан васт[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Иванов, 1987, с. 468.