Леди Гага (ингалсан маттахь Lady Gaga; бакъ цӀе — Сте́фани Джоа́нн Анджели́на Джермано́тта (инг. Stefani Joanne Angelina Germanotta[5]), йина 1986-чу шеран бекарг-беттан (мартан) 28-чохь, Нью-Йоркехь[6]) — америкин эшархо а, эшарийн кхоллархо а, продюсер а, филантроп а, дизайнер а, актриса а йу.

Леди Гага
инг. Lady Gaga
Сурт
Бакъ цӀе инг. Stefani Joanne Angelina Germanotta[1][2]
ГӀуллакхан тайпа эшархо
Йина терахь 1986 шеран 28 март({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})[1][3][…] (38 шо)
Йина меттиг
Да Джо Джерманотта
Нана Синтия Джеманотта
Викилармин логотип Леди Гага Викилармехь

Шен карьера йолалучу муьрехь клубашкахь эшарш локхура цо. 2007-чу шеран чакхенгахь Винсент Херберто иза Interscope Records-ан га долу Streamline Records лейблан тӀеязйира иза. Йуьхьанцара Леди Гага Interscope-ан штатан авторан даржехь болх беш йара, амма рэпер волу Эйконо цуьнан эшарш лакха оьшуш дерш тидаме эцначул тӀаьхьа, цуьнца контракт хӀоттийра.

2008-чу шарахь Леди Гагас арахийцира The Fame цӀе йолу хьалхара альбом. Альбомо коммерцин толам баьккхира, критикаш лакхара мах хадийра. Альбом йуккъара арахийцира пхи сингл, царех шиъ — «Just Dance» а, «Poker Face» — дуьненайукъара хит йара, ткъа «LoveGame-ан» а, «Paparazzi-н» а гӀехьа кхиам бара.

2009-чу шарахь арахийцира The Fame Monster цӀе йолу мини-альбом. Цул хьалха хилла йолу альбом санна йоккхачу тиражца дӀа а ийцира иза. Оцу альбомера «Bad Romance» а, «Telephone» а, «Alejandro» а синглаш дерриг дуьненахь баккхийчу кхиамашца йоьхкира. Альбоман гӀоьнна хӀоттийна «The Monster Ball Tour»  цӀе йолу дуьненайукъара тур исторехь уггаре  са йаьлла чарех цхьаъ йу.

Born This Way цӀе йолчу шолгӀачу студин альбомо дерриг дуьненан пачхьалкхийн чарташкахь хьалхара меттиг йаьккхира. 2011-чу шарахь йохкаран дукхаллехь 2-гӀа меттиг йара цуьнан. Цуьнан гӀоьнна арахийцира пхи сингл, царех йиъ дуьненайукъара хит йара («Born This Way» а, «Judas» а, «The Edge of Glory» а), ткъа «Yoü and I» эшарна гӀехьа кхиам бара.

2013-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 11-чохь арахецна Artpop цӀе йолу кхоалгӀа студин альбом.

Боуи Дэвидан а, Джексон Майклан а, Мадоннан а, Queen-ан Ӏаткъамца Леди Гагас шен бӀаьрла хатӀ кхоьллира.

2011-чу шеран эсаран-беттан (октябран) баттахь, дуьненахь Леди Гаган альбомийн ткъе кхо миллион копи а, синглийн кхузткъе диъ миллион экземпляр а йоьхкинера.

Эшархочун дукха а совгӀаташ ду, царна йуккъахь 6 «Грэмми» преми а, 13 MTV Video Music Awards а, 8 MTV Europe Music Awards а. VH1 цӀе йолу музыкин телеканалан версица эшар лакхаран исбаьхьаллин бӀе сийлахь-йоккхачу зударех цхьаъ йу Леди Гага. Тайм журнало иза дуьненахь боккха Ӏаткъам болу адамех цхьаъ хилар кхайкхира[7][8].

«Седа дуьненчу а баьлла» филмехь уггар дикаха эшар лакхарна «Оскар» преми йелира цунна. «Уггар дикаха зудчун роль» категорехь номинант йара иза[9].

Дискографи

бӀаьра нисйан
  • The Fame (2008)
  • The Fame Monster EP (2009)
  • Born This Way (2011)
  • Artpop (2013)
  • Cheek to Cheek (& Тони Беннет) (2014)
  • Joanne (2016)
  • Chromatica (2020)
  • Harlequin (2024)

Концертан тураш

бӀаьра нисйан
  • 2009 — The Fame Ball Tour
  • 2009—2011 — The Monster Ball Tour
  • 2012—2013 — The Born This Way Ball Tour
  • 2014 — ArtRave: The Artpop Ball Tour
  • 2017 — Joanne World Tour
  • 2021 — Chromatica Ball
Кхечу артисташца
бӀаьра нисйан
  • 2014–2015 — Cheek to Cheek Tour

Кхайкхина

бӀаьра нисйан
  • 2008 — New Kids on the Block: Live[10]
  • 2009 — Doll Domination Tour[11]
  • 2009 — Take That Presents: The Circus Live[12]
  • «Lady Gaga Presents the Monster Ball Tour: At Madison Square Garden» (2011)
  • «A Very Gaga Thanksgiving (англ.) (2011)
  • «Machete Kills» (2013)
  • «Sin City: A Dame to Kill For» (2014) — Берта
  • «American Horror Story: Hotel» (2015) — Графиня Элизабет
  • «American Horror Story: Roanoke» (2016) — Ската
  • «Gaga: Five Foot Two» (2017)
  • «Седа дуьненчу а баьлла» (2018) — Элли

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 https://books.google.com/books?id=i_AIO-T8TY4C&printsec=frontcover&dq=isbn:1440801096&hl=en&sa=X&ved=0ahUKEwiHrO6olazTAhVDzIMKHZ_fBc0Q6AEIJTAA#v=onepage&q&f=false
  2. Encyclopédie Larousse en ligne (фр.)
  3. Lady Gaga // Encyclopædia Britannica (инг.)
  4. Spedding E. It's Lady Gaga's 27th Birthday! We Celebrate With Her 10 Style Highlights Of The Year — 2013.
  5. Lady Gaga. Viewable presentation (инг.). ???. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 24 мартехь
  6. Lady GaGa — Biography Архивйина 2015-05-06 — Wayback Machine(ингалс.)
  7. Caulfield, Keith. Lady Gaga Is Billboard's 2010 Artist of the Year, Ke$ha Takes Top New Act. Billboard (2010 шеран 12 сентябрь).
  8. Lady Gaga Profile. Forbes. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 8 октябрь. Архивйина 2013 шеран 20 августехь
  9. OSCAR NOMINATIONS 2019: SEE FULL LIST OF NOMINEES.
  10. October 9, 2008. //Tours: Lady GaGa Joins New Kids On The Block On Tour// | Neon Limelight - Exclusive Music News, Artist Interviews, Reviews, Photos! Neon Limelight (2008 шеран 9 октябрь). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 23 июль. Архивйина 2012 шеран 18 августехь Архивйина 2012-10-28 — Wayback Machine
  11. Posted 12/19/2008 by IGA. Lady Gaga : News : Lady Gaga Doll Domination Tour Details with PCD. Interscope.com (2008 шеран 19 декабрь). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 23 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 18 августехь
  12. Lady Gaga back to support Take That. Telegraph. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 23 июль. Архивйина 2012 шеран 18 августехь