Леонтьева, Мария Павловна
Леонтьева Мария Павловна (ден фамили Шипова) (йина 1792 шеран 24 мартехь — йелла 1874 шеран 18 майхь[1]) — 1839—1875 шерашкахь Смольнин хӀуцӀена маьхкарийн институтан хьаькам, российн императоран кертан статс-дама.
Леонтьева Мария Павловна | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | Смольнин хӀуцӀена маьхкарийн институтан хьаькам |
Йина терахь | 1792 шеран 24 март (4 апрель) |
Йина меттиг | Солигаличан уезд |
Кхелхина терахь | 1874 шеран 18 (30) май (82 шо) |
Кхелхина меттиг | Петарбух |
Пачхьалкх | Российн импери |
Да | Шипов Павел |
Нана | Елизавета Сергеевна Щулепникова |
СовгӀаташ | |
Леонтьева Мария Павловна Викилармехь |
Биографи
бӀаьра нисйанЙина 1792 24 мартехь (4 апрель) шарахь Костромин губернин Солигаличан уездера Бельковора долара махкахь, паччахьан кертара хьехамчин Шипов Павел Антоновичан (1772—1827) а, Щулепников Елизавета Сергеевнин (йелла 1808 шарахь) а, доьзалехь. Доьзалехь шолгӀа бер а, йоккхаха йолу йоӀ а йара. Цуьнан пхиъ ваша а, кхоъ йиша а йара: Сергей (1790—1876), Иван (1793—1845), Надежда (1795—1877), Елизавета (1796—1883), Александр (1800—1878), Домна (1802—1862), Дмитрий (1805—1882), Николай (1806—1887).
БархӀ шо кхаччалц Мария кхиира доьзалехь нанас Ӏуналла а деш, нана йара хьекъале а, дешна а, динехь а зуда, цуо кхиийра берашкахь дин дезар, Ӏамийра дуӀанаш. Цуьнга далайелира берашна дика йуьхьанцара дешар. ВорхӀ шо долуш Мариян хаара оьрсийн а, французийн а меттанаш, Ӏилманан хӀуманеш цхьацца хаарш а дара, Ӏамайора музыка, сурт дилла Ӏемаш йара.
1800 шеран январехь кхио билгалйаьккхира ХӀуцӀена маьхкарийн Смольнин институте, 1809 шарахь тӀехдика чекхйаьккхира курс, даьккхира 3-гӀа шифр. Дукха хан йалале хӀоттийра сийлахь стунан Екатерина Павловнин фрейлина, иза шен майрачуьнца принц Ольденбургскийчуьнца йоьдуш йара Твере, цигахь кхуллуш йара керла полк. Цигахь 18 шо долу фрейлинин Шипован вевзира Тихвинан татол дуьллуш волу 38 шо долу инарла-майор Леонтьев Николай Николаевич (1772—1827). Николайн хьалхара зуда, Крок Софья Ивановна (1776—1809), декабрист П. И. Пестелан ненан йиша[2], еллера, кхо кӀант а вуьсуш[3].
Ловзар хилира 1810 шеран 29 апрелехь Тверехь. Мах бира Николай Чудотворцан килсехь Зверинцехь, зудаялочуьнан агӀора тешаш бара эла И. А. Гагарин а, П. А. Шипов а, нускалан агӀора — инарла-майор И. И. Сабир а, эла Е. А. Грузинский[4] а. Дукха хан йалале Тихвинан татол дуьллу болх чекхбелира, инарла Леонтьев даржера мукъавелира. Уьш бехира инарлин мехкашкахь: Рыскинехь (Пензин губернехь), Суминохь (Петарбухан губернехь). Бераш кхиоро, музыко, сурт дилларо, ингалсан мотт Ӏаморо, жайнаш дешаро дузура Мария Павловнин дахар. хӀунда аьлча цуьнан кегийра мера берийн а, кӀентан Владимиран а хьехархой а, гувернераш а бара, цуо кхио схьавалийра шен жима ши ваша а. 1830 шарахь Мария Павловна жеро йисина кхелхира Петарбухе.
ТӀаьхьара шераш
бӀаьра нисйан1870 шеран майхь Леонтьева «чӀогӀа шелйелира шийра мох болчу дийнахь бедарш йуьтту меттиг сийлалле йоккхуш боккъал чӀогӀа цомгуш хилира, амма дарба ца лелийра ала мегар ду. Гергарчара аьлларг дина, цуо кхайкхира С. П. Боткинега, цуо хьаьжна молха йаздира, иза мариян ца дийзира молхаца опиум йу аьлла, цуо дийхира институтан лоьре, доктор Зандерега, рецепт йукъара наркотик дӀайаккха аьлла». Дарба лелийначул тӀаьхьа цунна гӀоле хилира, амма хьалхалера ницкъ йуха богӀийла дацара.
Смольнин институтан кхин дӀа болу кхолламах дог лазаш, Леонтьевас шен меттана кхин кечйира, ша шен дарже Ю. Ф. Адлерберга ма-кечйарра. Цуо дийхира О. А. Томилова хӀоттаяр, иза цунна дагахь йара, 1839 шарахь арахецначарех уггаре дика дешархо санна. 1873 шеран январехь О. А. Томилова гӀоьнчан даржехь чӀагӀйира.
1874 18 (20) майхь шеран М. П. Леонтьева цӀеххьана йелира, цхьан бала а ца хьоьгуш, дӀайала цхьа де хьалха цуо экзаменаш схьаийцира, ткъа лечу хенахь рапорташ а, докладаш а ийцира. ТӀаьхьа, чоьтан жайнашкара, хиира, хьаькамо, шен 36 шеран гӀуллакхехь, шена цхьан а хӀума ехна ца хилар. Цуьнан стоьлан гӀудакх чохь карийра 50 сом; бахаман декъера Кхеташонан декъахочун А. Г. Евреинован дехарца Леонтьева дӀаерзаран гӀуллакх хӀазно шена тӀелецира. Из адӀайоьллира петарбухан Новодевичьи килсехь.
Бераш а, кӀентан бераш а
бӀаьра нисйанМарехь йолуш Леонтьева Мария Павловнин кӀант вара Владимир (11.10.1812— ?)[5], иза гӀуллакхехь вара 1828 шарахь дуьйна гвардин экипажехь юнкер, хӀурдкеман тӀехь Балтикин хӀорд чухула лийлира, 1830 шарахь дуьйна мичман, «Сту Лович» фрегат-кеманахь лийлира желтойн хиш чухула, 1833 шарахь мукъа ваьккхина статски гӀуллакхашна билгалваккхархьама, бакъволу статски хьехамча, паччахьан кертан камергер[6]. Цуьнгахь хилла сенаторан йоӀ Ховен Софья Константиновна, церан бераш:
- Владимир Владимирович (04.04.1853 — 21.06.1864), жӀар тухуш нана а, да а хӀоьттина император-аьзни Александра Фёдоровна а, принц П. Г. Ольденбургский.
- Мария Владимировна (10.6.1857—?), жӀар тухуш нана а, да а хӀоьттина император-аьзни Александра Фёдоровна а, император Александр II-гӀа а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ ЦГИА СПб. ф.19. оп.124. д.1208. Метрические книги церкви Смольного монастыря.
- ↑ Гиргас Л. Ф. Статс-дама Мария Павловна Леонтьева]. — Киев, 1895. — 71 с.
- ↑ Трое сыновей Леонтьева: Александр (1801—1851; ротмистр Гусарского полка), Валентин и Сергей (1807— ?; поручик Семеновского пока).
- ↑ ГАТО ф. 160. оп. 1 . д. 15223. с. 144. Метрические книги церкви Николая Чудотворца на Зверинце в Твери.
- ↑ А. Н. Нарбут. Родословные росписи. Леонтьевы. — М., 2007.
- ↑ Общий морской список. Ч. 10. — СПб., 1898.
Литература
бӀаьра нисйан- Леонтьева, Марья Павловна // Русский биографический словарь : в 25 томах. — СПб.—М., 1896—1918.
- Гиргас Л. Ф. Статс-дама Мария Павловна Леонтьева. — Киев, 1895. — 71 с.