Лигурийн республика
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Лигури́йн респу́блика (итал. Repubblica Ligure) — 1797—1805 а, 1814 а шерашкара Къилбаседа Италин пачхьалкх.
Историн пачхьалкх | |||||
Лигурийн республика | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
Коьрта гӀала | Генуя | ||||
Мотт (меттанаш) | Италин | ||||
Официалан мотт | Итальянийн мотт | ||||
Майда |
|
||||
Бахархой |
|
||||
Истори | |||||
• 14 июнь 1797 | Кхоллар | ||||
• Июнь 1805 | ДӀалаьцна Францис | ||||
• 28 апрель 1814 | МеттахӀоттор | ||||
• 28 июль 1814 | ДӀалаьцна Сардинин паччахьалло | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
1797 шарахь, Италин кампани чекхъяьккхича, Наполеон Бонапарта дӀалаьцначу Генуэн республикин мехкашкахь кхоьллира республикин Францин Лигурийн республика цӀе йолуш протекторат.
Лигурийн республикин Суверен яра цуьнан гражданийн цхьаалла. Закон кхолларан меже яра шина советех лаьтташ йолу (Синьорийн Совет а, Кхузткъан Совет а) Закон кхолларан Корпус. Кхочушдаран меже хилла пхеа декъашхочух лаьтта Директори.
1805 шарахь республиках Французийн империн департамент йина. Таханлера Лигури регионан мохк боцуш, республикин йукъайахара Капрая-Изола (тахана — Тосканехь) гӀайре а, хӀинцалерачу Пьемонтан дакъа а. Лигурийн республикин бахархой 600 эзар гергга бу, царех 90 эзар гергга Генуяхь бу.
Наполеон воьжначул тӀаьхьа Лигурий республика меттахӀоттийра, лаьттира 1814 шеран 28 апрелера 28 июль кхаччалц (БӀе де), цул тӀаьхьа Сардинин паччахьаллин дакъа хилира, официалан цунна тӀетохар хилира 1815 шеран 3 январехь.
Шен йохаллехь, Лигурийн республико официалан лелайора Генуэн республикин символаш.
Литература
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Звягинцев Е. А. Лигурийская республика // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
ХӀара Италин исторехула чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |