Ли́нкольнан хӀордЭлсмир а, Гренланди а къилбаседа бердашна йисттера Къилбаседа Шен океанан хӀорд. Малхбузера доза ду Колумби мара (Канада), малхбалехь Морис-Джесуп мара (Гренланди).

Линкольнан хӀорд
Линкольнан хӀорд картин тӀехь.
Линкольнан хӀорд картин тӀехь.
Амалш
Майда38 000 км²
Дуккха кӀоргалла592 м
Юккъера кӀоргалла289[1] м
Лаьтта меттиг
83°36′49″ къ. ш. 55°19′38″ м. д.HGЯO
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Баффинан хӀордаца уьйр йо Нэрсан хидоькъено, ткъа иза, шен рогӀехь, йоккха система ю Робсонан а, Кеннедин а, Смитан а хидоькъех, Холлан а, Кейнан а бассейнех лаьтташ.

ХӀорд карийна 1871 шарахь, хьалхара америкин экспедици полюсан талламхочун Холл Чарльза Френсисан куьйгаллица Къилбаседа полюсе йоьдучу хенахь, цӀе тиллира АЦШн 16-гӀачу президентан Линкольн Аврааман сийна[2][3].

Гидрографи

бӀаьра нисйан

ХӀордан бердаш тархаш йолуш ду, чӀогӀа декъна фьордаша, царна чу шалам тӀиера шаш. Линкольнан хӀордан майда 38 эзар км², юккъера кӀоргаллин барам 289 м, уггар кӀоргачехь — 592 м. ХӀордан хиш лелар, коьртаниг, малхбален агӀорхьа. ХӀорд къевлина бу, хӀорд тӀекхетар эха дийнахь хуьлу, хи айдаларан барам 0,8 метр гергга бу[2], цхьайолчу бухташкахь 1,5-2 метр. Ӏай хӀорд гӀорабо, къилбехахь 1,2-2,2 метр стомма хуьлу, къилбаседехь кхин а стомма хуьлу. Аьхка хӀорд кӀезиг бастало, шех цӀена хи долу дакъош кӀезиг хуьлу[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Б. С. Залогин, А. Н. Косарев. Моря. — Мысль. — Мысль, 1999. — С. 79-82. — 400 с. — (Природа мира). — 3000 экз. — ISBN 5-244-00624-Х.
  2. 1 2 Линкольна море. Большая Советская Энциклопедия. Архивйина 2015-11-27 — Wayback Machine
  3. Аветисов Г.П. Имена на карте Арктики. — ВНИИОкеанология, 2009. — ISBN 978-5-88994-091-3.