Литван Советийн Социалистийн Республика

Литван Сове́тийн Социалисти́йн Респу́блика (лит. Lietuvos Tarybų Socialistinė Respublika, Lietuvos TSR) (ЛССР, Советийн Литва) — Советийн социалистийн республикан союз. 1940—1990 шерашкара СССР республикех цхьаъ, мохк а, дозанаш а 1946 шарахь дуьйна нислора мехкаца а, дозанашца а таханлера Литван Республики (Белоруссица хилла кегийра дозанера хийцамаш боцуш). ЛССР лаьттара ССРС европин декъан малхбузехь, къилбаседехь доза ду Латвин ССРца, къилбехахь а, малхбалехь а — Белоруссийн ССРца, къилба-малбузехь РСФСРн Калининградан областца а, Польшица а. Малхбузехь Балтикан хӀорд бу. Майда — 65,2 эз. км². Коьрта шахьар — Вильнюс. ССРС юкъахь и цхьа республика яра алсама католикийн бахархой болу. 1990 шеран 11 мартехь Литван ССР лакхара Совето закон даьккхира пачхьалкхан цӀе Литван Республика аьлла хуьйцуш[2] кхайкхийра Литван маршо меттахӀотторан акт[3]. 1991 шеран 6 сентябрехь ССРС Пачхьалкхан Совето къобал йира Литван маршо.

Историн пачхьалкх
Литван Советийн Социалистийн Республика
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Шатлакхан илли: Литван ССР хӀост[d]
Soviet Union - Lithuanian SSR.svg
Flag of Lithuania (1988–2004).svg 

Коьрта гӀала Вильнюс
Мотт (меттанаш) литвахойн,
оьрсийн
Официалан мотт Литвахойн мотт, Оьрсийн мотт
Ахча ССРС сом
Майда 65,2 эз. км2
11-гӀа ССРС
Бахархой 3689 эз. ст.
11-гӀа ССРС
Урхаллин тайпа Советийн республика
Commons-logo.svg Литван Советийн Социалистийн Республика Викилармехь

БилгалдахаршНисъе