Коьрта меню схьаелла
Бриаран луьлла Savinelli, панелан бильярд, кеп 502—506
Крин Том, луьлла узуш.

Луьллалеррина кечдина, хедийна тонка узу гӀирс.

Луьлла озар — уггаре хьалхачех цхьа хьесап ду тонка лелорехь. Луьлла шуьйра яьржина яра XX бӀешераш юккъе кхаччалц, тӀаккха чӀогӀа дӀатеттира папиросаша а, цигаьркаша. Шен кепе хьаьжжина луьллан шен цӀе а хуьлу. Масала, brandy, poker, liverpool, кхин дӀа а. Къамелехь славянаш луьллех олу люлька я лула.

Луьллан малхбален модификаци — кальян, амма цуьнан чӀогӀа чолхе система ю, тонка узуш лелийна ца Ӏаш, стоьмийн-тонкан иэдарш а узу.

ИсториНисъе

Луьлла еш лело гӀирсНисъе

Дика луьлла, дукха хьолахь, бриаран я, цулла а кӀезиг, сепиолитах йинарш хуьлу.

ДечигНисъе

 
Бриаран луьлла

Уггаре дикачех гӀирс — бриар ю, лелайо XIX бӀешарахь дуьйна. Цунах йинчух верескан я бриаран луьлла олу. Бриаран дика хьал — цӀеран дуьхьала дика латтар. Наггахь — йораха йолун дела, я бриар ца тоарна — лелайо хьорматан я попан дечиг. Кхин дечиг кхин а гӀуо хуьлу, баганийн диттийн дечиг маггане а ца мега. Луьллан бриар хуьлу тайп-тайпана дикалла йолуш, цуьнга хьаьжжина мах а хуьлу. Иза къастайо схьаяларан мехке, хьесийн структуре, сакхтийн тайпане (есаллаш а, юкъа ихина гӀамаран буьртигаш а) а бараме а хьожжий. Луьлла йина бриаре хьаьжжина луьллан чам а, кеп а хуьлу. ГӀирс дика кечбар — башха говзалла ю, иза лерина гулъян,хадо, хин чохь кхехко, якъо, латто еза.

ХӀордан сепиолитНисъе

 
Сепиалитан луьлла

Дика гӀирс — сепиолит (meerschaum) — кӀайн хира минерал, уьш алсама дохку Туркойчохь. Леладо XIX бӀешарахь дуьйна. Ишттачех сепиолитан луьлла олу. Сепиолитан луьлла кечйо агаршца. Ширачу луьллийн сепиолитах кедалг бен ца бора, ткъа муштакх дукха хьолахь дечиг хуьлура. Езачу луьллан муштакх янтарах хуьлура. ХӀинцалера сепиолитан луьллаш шен кепаца а, конструкцица а бриарачунна герга ю. Йораха луьллаш дукха хьолахь йо пресца охьатаӀийна цуьргех, иза юста а мегар дац дийна сепиолитан кийсигах йинчуьнца. КӀура баьккхича кӀайн сепиолит боьмаша бос оьцу.

ЛитератураНисъе

  • Гаев Д. Трубки. — М.: Издательство Антона Жигульского, 2006. — 304 с. — Тираж не указан. — ISBN 5-902617-21-9

ХьажоргашНисъе