ЛуӀ — пенах тоьхна даьккхина Ӏуьрг. ЛуӀ дешан синониман: Ӏуьрг

ЛуӀ, даьккхина хила тарло материалан тӀе физикин Ӏаткъамбарца. Масала: луӀ даьлла хи бухура тархаш тӀе кеман бух кхетча – уьш хила тарло хӀордан кеманаш (катерш, яхташ, танкерш...)

ЛуӀ пенах

Иштта луӀнаш хила тарло цӀийнан пенаш тӀехь, автомобилаш тӀехь, кхин а.

ЛуӀнийн исторера

бӀаьра нисйан

1912 ш. 14 апрель 23.40 — «Титаник» цӀе йолу кема айсбергах кхета 41°46' къилбаседа шораллехь, 50°14' малхбуза йохаллехь. 02:20 — «Титаник» буха доьду 2 сахьтехь 40 минотехь. Кеман тӀехь хилла 1316 пассажир а, 892 экипажан декъашхо а, берриш 2208 стаг. Царех дийна висина 704 стаг, велла 1504. 1912 шарахь, кеман 100 метр сов деха луӀ даьлла лорура. 1996 ш. рогӀера чубиссира «Наутилус» цӀе йолчу батискаф тӀехь доьхначу кеман тӀе. Батискаф тӀехь ультраозан акустикан зонд дара. Сацкъарал баханчу «Титаникан» меран декъан эхографин тест йира. ЖамӀо цецбехира: аьтту агӀора цхьан а луӀ дац. Амма ду ялх чӀогӀа нийса, доца (1,2 - 13,7 м), дуткъа (шоралла 10 см кӀезиг) хадораш, уьш нисса гуонаха лаьцна экъанаш хӀоттийначохь ду. Цул тӀаьхьа кхийтира, айсберго хадийна ца хилар кеман болатан гуо, ткъа ша-ломан Ӏаткъамца кӀуж-хьостамий схьа а девлла, экъанаш чутаьӀира, океанан хин некъ беллабелира кеман ватерасанал лахахула корпусан чудаха.

2012 ш. 13 январехь 21:45 — «Коста Конкордия» цӀе йолу кема италин жимачу Джильо гӀайренан гергахь, Ӏоттало хин бухарчу тархех бердан масех бӀе метр генахь. ЖамӀ хилира кеман ватерасанал лахахь дехха луӀ далар. Ӏотталушшехь лайнер-кеман урхалла галъелира, кестта кеман тӀера серлонаш дӀевлира. Цхьана сахьтехь лайнер-кема ша лийлира, мохо гамха долчу кхоссалца. Ӏуьйрана «Коста Конкордия» дуьззина аьтту борт тӀедуьйжира, луӀ гучуелира, цунна чохь хилира тархан йоккха кийсиг, иза лайнер-кемано каггийнера тархийн йукъара массин тӀиера. Оцу бохамехь кхелхира 32 стаг, иза кеман бараме хьаьжчи, хӀордан бохамех уггаре баккхийчех цхьаъ хилира.

Тодар, луӀ дӀадаккхар

бӀаьра нисйан

ДогӀа долуш я хи техкаш борт чухула корпус чудогӀу хи, сихонца чуьра арататта деза: кегийра диллиначу катер-кеманаш а, пийсиган кеманаш а чамица я дӀасалело насосца, ткъа даккхийро кеманаш тӀехь — хи аратотту помпанашца (насосашца).

Кеман чохь кӀеззиг хи бен дацахь, цуьнан бух буьззина бакъо лело мегар ду горгам, цуьнца хи схьа а оьций Ӏовду.

Нагахь катер-кеман корпус чу сихха хи дагӀахь, кема бердехьа дерзо деза, хи чудолу меттиг каро еза, катер-кеман чохь карочу гӀирсашца луӀ дӀадуӀа болхбан беза. Дечиган корпус йолу кеман далар карадо, чухула тӀетоьхначун маьӀ-маьӀӀе тӀе лерг дуьллуш: долучу меттигехь хеза хино булкъ-булкъ деш. Хи чу стенна долу хиинчул тӀаьхьа луӀан барам билгалабоккху я эвна дастаделла меттиган барам билгалабоккху, паргӀата йоккху далар дӀадаккха деза меттиг. Жима луӀан, цхьаьна хенан чу хӀума йоллаеза, горгамех, даххашах, истангех, бедарех йина. Чу йуллу хӀума луӀан барамца йогӀуш хила еза.

Словарь Ожегова Титаник

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Хьост: Описания и руководства(ТӀе цакхочу хьажорг)