Мавританин архитектура
Мавританин архитектура — Къилбаседа Африкех а, Ӏандалусехь а берберийн а, испанин а хотӀан Ӏаткъамца кхолладелла архитектурин хатӀ.
VIII бӀешо долалуш Ӏаьрбаша кхоьллира Испанехь халифат, иза XIII бӀешарахь жимъелира Гранадан эмирате кхаччалц, юьйжира 1492 шарахь. Лулахь керсталлин Малхбузе хилар, маврашна а, керстачарна йукъара ца совццу Ӏиттадаларш, Пиренейн ахгӀайрен физикин башхалла, дика ялташ кхуьу латташ, беркате климат, испанин маврашна баха аьтту болуш хьолаш ду. Уьш чӀогӀа къаьста кхечу махкашкара маврийн дахарх. Оцу хьоло орамера хийцина маврийн луьра, буьрса амал , кӀеда, оьзда, рыцарийн амалца, аьтту бина исбаьхьалла лакхара кхиаран[1].
Мавританин архитектурехь къастабан мега кхо мур: хьалхарчун масала ду Кордовера доккха маьждиг (хӀинца католикийн килс); шолгӀачун масала я дехьаваларан мур бу Хиральда а, Алькасар а Севильяра, ткъа кхоалгӀа муьро — мавританин хатӀан лакхара дикаллин мур — ло гуш долу сурт гранадан гӀаланийн Альгамбра а, Хенералифе[1] а. Мавританин хатӀ къаьстина гучудаьлла тӀаьхьа Европин синагогийн архитектурехь.
Испанин мавраш хилла Африкин къилбаседа берд тӀиера маврашца чӀогӀа уьйр йолуш, уьш хӀинца а беха Тунисехь, Алжирехь, Мароккохь. Оцу уьйрано шинне а агӀора йолу архитектура тера хилар гайта езара. Баккъала а, вайга кхаьчна шира-Ӏаьрбийн архитектурин иэсаша вайна гойту испанийн-мавританийн гӀишлошкахь йукъара кепаш, иштта йолу нартолаш, когаш, бустамаш. Цуо дӀайохьуьйту Испанин исламан исбаьхьаллин тӀаьххьара муьрал, дукхах дерг XII бӀешерал хьалхарчу хене, оцу хенахь испанин а, африкин а Ӏарбашна йукъара юкъаметтигаш чӀогӀа гергара яра. Иштта, Мароккон коьрта маьждиган мимарш чӀогӀа тера ю Хиральдаца, тӀаккха теша а мегар ду дийцарах, уьш йинарг тӀаьххьарниг йина Гебр хилар[1].
Мескита
бӀаьра нисйанДуьххьарлера кордован халифа, Ӏабдуррахьмана, шен коьртачу шахьрахь, Палестинехь а, Шемахь а долу гӀарадевллачу деза маьждигашца къовсадала таро йолу маьждиг догӀа дагадеина, дуьйгӀира иза 786 шарахь коьрта димашкъан маьждиган терачу планаца, амма омар делира шуьйра а, хаза а дан иза. Массо а шен куьйга кӀеларчу латташ тӀиера Кордове схьаеира антикан когаш шайн капителашца; дуккха а иштта когаш дахкийтира совгӀатна византийн императоро; амма кийча когаш кӀезиг хилира, тӀаккха ширачеран куьцехь керланаш дира. Маьждиг дина делира Ӏабдуррахьман веллачул тӀаьхьа. БӀешо даьлчи иза готта хилира дукха чудогӀу адамашна. Оцу бахьнехь Х бӀешо чекхдолуш дуьйна XII бӀешеран шолгӀа декъе кхаччалц кхин тӀе шордеш дара маьждиг[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Мусульманское или магометанское искусство // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Литература
бӀаьра нисйан- Мусульманское или магометанское искусство // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.