Коьрта меню схьаелла

ГеографиНисъе

Лаьтта Теркан аьтту бердаца, кӀоштан юкъ йолчу ЧӀулга-Юртан 28 километр къилба-малхбалехьа, Лаха Неврена а, Макан-КӀотарна а юкъахь.

Лулара ярташ: къилбаседа-малхбузехьа — Макан-ГӀала, Лаха Невре, Чернокозово, Новр-ГӀала, къилбаседа-малхбалехь — Савельевски гӀала, къилба-малхбалехь — Макан-КӀотар а, Гал-ГӀала а, къилба-малхбузехьа — Минеральни, малхбузехьа — Лакха Невре, малхбалехьа — Новотерски[5].

МикротопонимиНисъе

Маканен гуонаха дукха микротопонимаш ю:

  • Аьхкина барз – Маканен малхбалехьара, юккъерчу бӀешерийн кошан барз.
  • Шонгин боьра – Маканен малхбалехьара меттиг. Шонга – наггахь бен хаалуш йоцу нохчийн шира цӀе.
  • Элашханан тогIи – Маканен малхбалехьара меттиг.
  • СенмаIашка – Галнен а, Маканен а юкъарчу хьуьнхара меттиг.
  • Чурт дегIе – Маканен малхбалехьара СенмаIашкан кӀоштара меттиг.
  • Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тӀамехь 1941-1945 шерашкахь кхелхинчарна хӀоттийна хӀоллам. Лаьтта Маканен юккерачу ишколан хьалха.
  • Муьжгийн мохк – дайначу бӀешарахь Россера схьакхелхинчарна дӀаделла лаьттан доккха дакъа.
  • Элийн мохк – Маканен къилба-малхбузера латтанаш.
  • Iажаркхан тогIи – Маканен малхбузера тогӀи.
  • ЦIийдарийн тогIи – Маканен малхбузера хаза тогӀи. ЦIийдарех маканхоша кечдора басарш.[6]
  • Шидин мохк – Шида паччахьан эскарера эпсар хилла, шен мехкан тӀедаьлла даьхний Шидас дӀа а дуьгий, ялта хӀаллакдарна гӀуда ца текхча дӀа ца лора даьхнийн дайшна.
  • Хьакхин орамашка – Маканен къилбаседа-малхбузехь. «Хьакхин орам» - акха хьакхарчаша буу орамаш бу.
  • Шидийн берийн хьун – эпсаран Шидин тӀаьхьенийн хьун.
  • Наж хьун – Теркан аьтту бердаца йолу хьун.
  • Зеламханан тогIи – Маканен къилбаседа-малхбузехь йолу тогӀе.
  • Бухбоцу Iам – Маканен малхбалера Ӏам.
  • Iаьржа Iам ]] – Маканен малхбалера Ӏам. ЦӀе елла Ӏам чуьра хин бесах.
  • Макан кIотар – Маканен малхбалера кӀотар, Галнен а, Маканен а юкъахь лаьтта. Кхуза хуьйшура Маканера а, Галнера а бахархой.[7]

ЭтимологиНисъе

ЦӀе уьйр йолуш хила тарло гӀалагӀазкхийн Теркан аьрру бердаца йолчу Макан-ГӀалица. Нохчийн юьртан а, гӀазакхийн гӀалийн (Макане, Макан-ГӀала) а этимологи кхетош яц хӀинци а. XVII бӀешарахь дуйна архиван документашкахь хаало – Мекене меттиг. Хила тарло, этноним ялар "Мака" + "ане" шина орамех, аьлчи а «Мака» боьршачу стеган цӀе ю, ткъа «ане» - нийса меттиг. Уллорчу Лаха Неврехь беха МакаевгӀар, церан дайшкара яьлла а хила тарло юьртан цӀе.

БахархойНисъе

Бахархойн дукхалла
20022010[8]2012[9]2013[10]2014[11]2015[12]2016[13]
2086243425192622269227732810
2017[14]2018[15]
28552870

ИсториНисъе

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а, ара а баьхна Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхинчул тӀехьа Маканен цӀе хийцина Кругловка[1] аьлла. Кхазакхстанера цӀадирзинчул тӀаьхьа шира цӀе юхаерзийна.

ДешарНисъе

  • Маканен муниципалан юккъера юкъарадешаран ишкол[16].

ТайпанашНисъе

БилгалдахаршНисъе

  1. 1 2 Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
  2. 1 2 Село Мекен-Юрт / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  3. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  4. Мекен-Юртовская сельский округ (сельсовет)* (Надтеречный район)
  5. Карта Чечни Объем 8 МБ.
  6. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.562
  7. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.563
  8. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  9. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  10. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  11. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  16. МОУЧ 'СОШ с.п. Мекен-Юрт' 89287402710, 2007004382
  17. 1 2 * Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006 год.

ХьажоргашНисъе