Макаркин, Алексей Владимирович
Мака́ркин Алексе́й Влади́мирович (1971 шеран 18 августехь, Москох) — российн политолог, журналист, историк, колумнист. «Политикин технологийн центран» директоран гӀовс.
Макаркин Алексей Владимирович | |
---|---|
Вина терахь | 1971 шеран 18 август (53 шо) |
Вина меттиг | Москох |
Пачхьалкх | Росси |
ГӀуллакхан тайпа | политолог, журналист, историк, колумнист |
Ӏилманан кхоче | историк |
Белхан меттиг | РӀА Дуьненан экономикин а, дуьненайукъара йукъаметтигийн а институт |
Альма-матер | Российн пачхьалкхан гуманитарин университет |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1971 шарахь Москохахь. Чекхйаьккхина гӀарайаьлла москохан физикин-математикин№ 444 йолу ишкол. ДӀахӀоьттина Историкин-архиван институте, 1993 шарахь иза чекхйаьккхина (Российн пачхьалкхан гуманитарин университет санна). Дешна говзалла – историк. 1993 шарахь дуьйна — РӀА дуьненан экономикин а, дуьненайукъара йукъаметтигийн а институтан лахара Ӏилманан белхало. Холодковский Кирилл Георгиевичера Ӏамийра политологи.
1994 шарахь дуьйна самукъадолуш вара журналистикех. Болх бира «Тахана» газетехь, хьалха аналитик, «Досье» декъан куьйгалхо, цул тӀаьхьа обзорхо. Лелийра историн «Заманаш» рубрика, зорба туьйхира историн тематикин йаззамаш. 1995 шарахь дуьйна цхьаьна болх бира «Политикин технологийн центр» фондаца. 2001 шшо чекхдаьлча Политикин технологийн центре болх бан дехьавелира, амма кхин дӀа а журналист болх бира — 2001—2003 шерашкахь лелийра ирх-аса машанан «ХӀора кӀиранан журнал» арахецарехь. 2004 шарахь дуьйна — «Политикин технологийн центр» фондан директоран гӀовс (вице-президент).
Дуккха а болу Российн а, дозанал арахьара а МХГӀ вистхуьлу аналитикин материалашца а, комментарешца а. Кхин дӀа цхьаьна болх бо «ХӀора кӀиранан журналан» когаметта долчу «ХӀора дийнан журналехь». Зорба туху дуккха а арахецаршкахь, историн а, политикин а теманашца, уьш хазахета Ӏилманан йукъараллехь.[1] «Политикин талламийн Москохан ишколан» гуттаренна а волу эксперт[2]. Считается одним из самых известных современных российских политологов[3][4][5]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Статьи Алексея Макаркина
- ↑ Московская школа политических исследований :: I-класс Архивйина 2017-10-19 — Wayback Machine
- ↑ k2kapital.com . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 15 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Политком.ру
- ↑ «Орловский вестник» . ТӀекхочу дата: 2012 шеран 15 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 5 мартехь Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Кеп:ЖЗ
- Алексей Макаркин в «Ежедневном журнале»
- Алексей Макаркин — гость радио «Свобода»
- Алексей Макаркин — гость радио «Свобода»
- Алексей Макаркин — специальный гость программы «Разворот» радиостанции «Эхо Москвы»
- Статья Алексея Макаркина «Аграрная партия России» в журнале «Отечественные записки»(ТӀе цакхочу хьажорг)