ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Маккхал — (en. Kite (bird)), (оьрсаша "Коршун" олу). Маккхалаш бес-бесара хуьла, таьIана ал басахь тIемаш долуш, чукIело къорза а йолуш. Йоьххьера хадийчи санна нийса а, деха а цIога, готто тIемаш долуш. Уьш хуьлу ялтийн аренашца а, хин бердан йистошца а, хьаннашкахь а. Баннаш до дитташ тIехь, ламанан даккъашца тIулган чхарийн херонашкахь. Бен тобеш буха йохку бехчалгаш, кхакханан кердигаш, тIаргIа, кхин йолу кIеда хIумнаш.

  • ХIоьаш до апрель бутт чекхболлуш - май бутт болалуш. Шиъ я кхоъ хIоа до маккхало мокха тIедарчий а долуш. Цкъацкъа гIеранаш йой а лела маккхалаш. Декар терсаш ду. Генаро дека хезчи бокъан терсарх теро хета.
  • Ижо лахар лакхара охьа бIаьрг тухуш ду, наггахь бен тIам ца ластош, цхьана метта го туьйсуш. Иштта хIаваэхь го туьйсуш генна йоьду маккхал. Церан даар ду къиэелла хIума, хе юьстахтесна белла чIара. Цара дехкий а, моьлкъарчий а дуу. Кхеллеш, нехаш дIакхиссанчохь а карадо царна напгIа.
Маккхал
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Milvinae

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан