Малла (пачхьалкх)
Малла — ширахӀиндин пачхьалкхан а, цигара тайпан а цӀе. буддийн хьосташца VI бӀешарахь Малла хилла 16 Махаджанападех цхьаъ. Иза Магадхан къилбаседехьа лаьтта майданца жима пачхьалкхь хилла. Маллан мохк боькъуш хилла шина декъе Какуттха хино. Коьрта шахьарш оцу шина паччахьаллин дакъойн хилла Кушавати я Кушинара (Горакхпуран уллора хӀинцалера Касия гӀала) а, Пава (Касиян 20 км генара таханлера Пандрауна гӀала) а.[1] Кушинара а, Пава а доккха маьӀна долуш ю буддисташна а, джайнашна а: кхузахь даьхна шен тӀаьххьара денош Гаутама Буддас а, Махавирас а. Буддан заманахь маллаш онда тайпа дара,[2] буддийн а, джайнин а тексташкахь сих-сиха хьаха а деш.
Малла хьахадо «Махабхаратехь» (VI.9.34) Маллараштра аьлла. «Махабхаратаца» (II.30.3) Малхбален ХӀиндин тӀелеташ Бхимас толам баьккхина малин паччахьна тӀехь. «Махабхаратехь» (VI.9.46) маллаш хьахадо цхьа могӀа малхбалехӀиндин тайпанашца ангашца, вангашца, калингашца.[2] «Ману-смритихь» маллаш хьахийна кшатрийн тайпа аьлла. Дуьйцу, маллаш майра а, девнан тайпа хилла бохуш. Дуьхьанца Малла пачхьалкх монархи хилла, амма тӀехьуо республика хилла. Будда веллачул тӀехьа Малла пачхьалкхо яйина шен паргӀато Магадха империн дакъа хилла.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Puratatv Nibandhawali by Rahul Sankrityayan
- Gorakhpur Janpad aur Uski Kshatriya Jatiyon Ka Itihaas By Dr. Rajbali Pandey, pp. 291—292
- Kshatriya Rajvansh by Dr. Raghunath Chand Kaushik
- Bhagwan Buddh ke Samkalin Anuyayi tatha Buddha Kendra By Tripatkacharya, Mahopadhyaya Bikshu Buddhamitra, pp. 274—283.