Мамилов, Руслан Израилович

(Мамилов тӀера хьажжина кхуза)

Русла́н Израи́лович Мами́лов (1928 шеран 7 ноябрь, БуритӀе, Къилбаседа-Кавказан мохк1993 шеран 25 февраль, Соьлжа-ГӀала) — советски художник а, скульптор а.

Руслан Израилович Мамилов
ГӀуллакхан тайпа скульптор, Исбаьхьалча
Вина терахь 1928 шеран 7 ноябрь({{padleft:1928|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1993 шеран 25 февраль({{padleft:1993|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (64 шо)
Кхелхина меттиг

Биографи нисйе бӀаьра

Мамилов вина 1928 шеран 7 ноябрехь. ГӀалгӀа. 1952 шарахь цо болх бира Киргизийн ССР Халкъан художник О. М. Мануйлова пхьалгӀанчохь. 1954 шерахь цо болх бира Фрунзен исбаьхьа-производстван пхьалгӀанчохь. 1956 шарахь иза деша вахара Алма-Атара исбаьхьалин училищан скульптуран декъа. ШозлугӀча шарахь иза Тбилисин исбаьхьа училище вахара. 1958 шарахь цо и училище тӀехдика чекхйаккихар.

И чекхйакхча цо болх бира исбаьхьа эчиг лало цехехь Гуьржичоьнан Исбаьхьа фондехь. 1960 шарахь цо болхбира Алма-Атахь Казахий ССРн Исбаьхьа фондехь. 1962 шарахь Мамиловс болхбира Казахийн ССР некъан билгалойн заводан пхьалгӀанчохь. 1966 шарахь иза вара скульптор РСФСР Исбаьхьа фондан Нохч-ГӀалгӀайн декъан пхьалгӀанчохь. 1967 шарахь Мамиловс дакъалецира Краснодарехь хилла кегирхойн гайтарехь «Советский юг».

1968 шарахь цо чекхйаьккхира цӀеяйархойн хӀоллам. Цу шарахь иза дӀаийцира СССР художникийн союзе. 1970 шарахь цунна йелира «За доблестный труд» мидал. 1971 шарахь иза хержира Нохч-ГӀалгӀай АССРн художникийн союзан председатель. Цу шарахь цунна йелира «За трудовую доблесть» мидал. 1972 шарахь иза вара РСФСР художникийн III гуламан векал. 1973 шарахь иза хержира IV СССР художникийн гуламан векал. Цу шарахь иза хержира СССР художникийн союзан Йуккъера ревизин комиссин декъашхо. 1990 шарахь цунна йелира «Нохч-ГӀалгӀай АССР Сийлахь художник» цӀе.

Галерей нисйе бӀаьра

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

Джейрах цӀе йолу юртахь Мамилован цӀе тиллина цхьана ураман. Циггахь йу 2005 шарахь схьайиллина Мамилован музей.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра