Хьаьжа Маржанийн гӀайре романах лаьцна

Маржа́нийн гӀайре́[1]тропикан асанера Ӏапказаш а, хӀордаш а чуьра гӀайренаш деш йолчу организмийн дахаран гӀуллакх бахьнехь кхолладелла гӀайре. Маржанийн гӀайре хӀоз кепара я лан кепара делахь атолл олу. Дукхаха долу маржанийн гӀайренаш Тийна Ӏапказ чохь ду.

Маржанийн гӀайрен масала, Яп гӀайренех цхьа гӀайре

ГӀайре кхолладалар

бӀаьра нисйан

Маржанийн гӀайренаш кхоллало гӀайренаш кхуллу организмаш беш болу болх бахьнехь. Коьрта гӀайренаш кхуллу организмаш ю маржанийн полипаш а, киран хинбецаш а, ткъа иштта маржанийн гӀайренаш кхуллуш дакъа лоцу кхин хӀордан организмаш (моллюскаш, губкаш, фораминифераш, цхьацца баьццара хинбецаш).

Маржанийн полипаш шайн дахарехь а, балхехь а кхуллу кальцевитан турба, цунах маржан олу. Оцу турбан тӀехь дукха хан ялале тӀейолу йоьӀан полип, цуо ца йита тарло ша коьллинарг. Ткъа цуо шен киран турба йичи, иза тӀелетар ю кхоьллинчун турбана[2]. Иштта кхоллало маржанийн гӀайре. Полипаш елчи, киран турба юьсу, цунна тӀелета кхин полипаш.

Маржанийн гӀайренийн масалаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с.
  2. КОРАЛЛОВЫЕ РИФЫ. Энциклопедия Кругосвет. Энциклопедия Кругосвет. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 31 март.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Игнатьев Г. М. Тропические острова Тихого океана. Москва, изд-во «Мысль», 1978, 270 c.
  • Коралловые рифы и острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан