Мари́я I (йинчу хенахь Мари́я Стюа́рт гэлийн. Màiri Stiùbhart, инг. Mary I Stuart; 8 декабрь 1542 — 8 февраль 1587; фр. Marie Stuart) — бераллехь дуьйна Шотландин паччахь-аьзни, факт хилла урхалла дина 1561 шарера 1567 шарахь йожайаллалц, ткъа кхин а 15591560 шерашкахь Францин паччахь-аьзни (паччахьан Франциск II-гӀачун зуда) а, ингалсан Ӏаршан претендент. Цуьнан инзаре къадро, шен халонашца дуьззина долу «литературин» дерзаршца а, хиламашца а, тӀеийзабора романтикан а, тӀаьхьара а муьрашкара йаздархой.

Мария I Стюарт
скот. Marie Stuart
Мария I Стюарт
Мария I Стюарт
Шотландин паччахь-аьзни
 — 24 июль 1567
Хьалха хилларг Яков V
Когаметтаниг Яков VI
 — 5 декабрь 1560
Хьалха хилларг Екатерина Медичи
Когаметтаниг Австрийн Елизавета
Дин Католицизм
Йина терахь 1542 шеран 8 декабрь({{padleft:1542|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})
Йина меттиг Линлитгоу, Лотиан
Кхелхина терахь 1587 шеран 8 февраль({{padleft:1587|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (44 шо)
Кхелхина меттиг Фотерингей, Ингалс
ДӀайоьллина
Тайпа Стюарты
Да Яков V
Нана Мария де Гиз
Майра 1-ра: Франциск II, Францин паччахь
2-гӀа: Стюарт Генрих, лорд Дарнли
3-гӀа: Хепберн Джеймс, 4-гӀа граф Ботвелл
Бераш 2-гӀачу майранах:
кӀант: Яков VI (I), Шотландин а, Ингалсан а паччахь
Динлелор католицизм
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Шотландин паччахьаш
Стюартийн некъий

Роберт II
Бераш
   Роберт III
   Роберт, герцог Олбани
   Уолтер, граф Атолл
   Александр, граф Бухан
Роберт III
Бераш
   Дэвид, герцог Ротсей
   Яков I
Яков I
Бераш
   Яков II
Яков II
Бераш
   Яков III
   Александр, герцог Олбани
   Джон, граф Мара
Яков III
Бераш
   Яков IV
   Джеймс, герцог Росса
Яков IV
Бераш
   Яков V
   Александр, архиеп. С.-Эндрюса
   Джеймс, граф Морей
Яков V
Бераш
   Мария I
   Джеймс, граф Морей
   Роберт, граф Оркнейский
Мария I
Бераш
   Яков VI
Яков VI
Бераш
   Генрих, принц Уэльский
   Карл I
   Елизавета
Карл I
Бераш
   Карл II
   Яков VII
   Мария
   Генриетта
Карл II
Яков VII
Бераш
   Мария II
   Анна
   Джеймс, принц Уэльский
Мария II
Вильгельм II
Анна

Къуона шераш

бӀаьра нисйан

Арранан регенталла

бӀаьра нисйан

Мария Стюарт хилла Шотландин паччахьан Якова V-гӀачун а, французийн паччахьан йоьӀан Мария де Гизан а йоӀ. Цуо йукъадаьккхина некъийн цӀе Stuart французашкахьа озийна йаздар, хьалха лелош хилла Stewart.

Мария йина 1542 шеран 8 декабрехь Лотианехь Линлитгоу гӀалехь, ткъа иза йина 6 де даьлчи цуьнан да, паччахь Яков V-гӀа, шотландхой Солуэй-Моссехь эшар а, дукха хан йоццуш ши кӀант валар а ца ладелла велла. Мария йоцург паччахьан кхин законехь дина бераш ца дисина, ткъа оцу хенахь Роберт II-гӀачун тӀаьхьенехь Стюарт некъех дийна боьршачу агӀора цхьа а цахиларна, Мария Стюарт кхайкхийна Шотландин паччахь-аьзни.

Пачхьалкхан регент жимачу паччахь-аьзнин уллехь хилира ХӀамильтон Джеймс, 2-гӀа граф Арран, Мария Стюартан уггар уллера гергарниг а, цуьнан когаметтавогӀург а. Шотланди цӀабирзира элий-мухажираш а — Ингалсаца бертахь дахаран агӀончаш, французашкахьа политика лелош волу Яков V-гӀа волуш лаьхкина а, бевдда а болу. Церан гӀоьнца регент Аррана 1543 шеран январь чекхболуш кхоьллира ингалсаца дог-ойла йолу правительство, сацийра протестанташ хьийзабар, жима паччахь-аьзни ингалсан паччахьан когаметта хинволчунга маре йала бартбархьама дийцарш долийра. И дийцарш чекхдевлира 1543 шеран июлехь куьг йаздеш Гринвичан барт кӀелахь, цуьнца Мария мааре йаха йезара Ингалсан паччахьан Генрих VIII-гӀачун кӀанте Эдуарде, иза бахьнехь тӀаьхьа Шотланди а, Ингалс а цхьаьнакхета йезара цхьаьна паччахьан некъийн Ӏедал кӀелахь. Оццу хенахь — 1543 шеран 9 сентябрехь — Мария Стюартана Шотландин паччахь-аьзнин тажтиллира Стерлинг гӀалин чохь.

 
Мария Стюарт къуоналлехь. Художник Франсуа Клуэ, 1555—1559 шераш гергга

Ингалсаца тӀом

бӀаьра нисйан

Коьртехь кардинал Битон а, паччахь-нана а йолу французийн агӀо лоцу парти чӀагӀйаларо, ткъа кхин а Генрих VIII-гӀачо шен Мария Стюарт схьехаро а, Шотландин политика йерзийра. 1543 шо чекхдолуш коьртехь граф Ангус волу ингалс агӀора болу баронаш дӀабехира, Ӏедале веара кардинал Битон а, Францин тӀебирзина цуьнан агӀончаш а. Цуо Ингалс меттахйаьккхира. 15441545 шш. Ингалсан граф Гертфордан эскарш масийттаза тӀелетира Шотландин, хӀаллакйора католикийн килсанаш, дасдора шотландин латташ. Цуьнца цхьаьна паччхьалкхехь шуьйра йаьржира протестантизм, ткъа уьш политикин агӀора Ингалсаца гергарло дезаш бара. 1546 шеран 29 майхь протестантийн радикалан тобано вийра кардинал Битон, дӀалецира Сент-Эндрюс гӀала. Шотландин правительство хьолаца лара ца йелира, Францега гӀо дийхира.

Французийн эскарш Шотланди кхечира 1547 шо долалуш, протестанташ арабехира Сент-Эндрюсера. Цунан дуьхьала ингалсан эскар йуха а дехьаделира ингалс-шотландин дозанал, 1547 шеран сентябрехь хӀаллак дира шотландхойн эскар Пинкиерачу тӀамехь. Ингалсаша дӀалецира Ферт-оф-Тейн бердашца йолу Лотианера шотландин коьрта гӀап-гӀаланаш, цуьнца цхьаьна шотландин паччахьаллин ладаме дакъа къардина. Мария де Гизан дийзира шен йоӀ Дамбартон гӀалийнчохь дӀалачкъо. Оцу хенахь Францин Ӏарше кхечира Ингалсаца йуха ца волуш тӀом латто ойланехь волу Генрих II. Цуьнан лаамца 1548 шеран 7 июнехь куьг йаздира паччахь-аьзни Мария Стюарт дофине Франциске маре луш болчу барт тӀехь. Шотландин чудалийра французийн эскарш, цара 1550 шо чекхдолуш берриг аьлча санна аратеттира ингалсаш пачхьалкхера. 1548 шеран 7 августехь паччахь-аьзни Мария Стюарт, оцу хенахь пхи шо бен доцу, дӀайахара Франце.

 
Мария Стюарт а, Франциск II-гӀа а

Францера дахар

бӀаьра нисйан

Жимачу Марийца 1548 шеран 13 августехь Франце кхечира цуьнан жима гуо а, царна йукъахь бара цхьаьна цӀийнаха волу ваша граф Морейн а, «йиъ Мария» — шотландин элийн цхьа цӀе йолу йиъ жима йоӀ — Битон, Ливинстон, Сетон, Флеминг. Французийн паччахьан цӀа, оцу хенахь Европехь уггар хаза долчух тера дара, тӀеийцира жима нускал даккхий даздаршца. Паччахьан Генрих II дукха йезара Мария Стюарт, уггар дикачохь дешийтира цуьнга: жима паччахь-аьзнис Ӏамош бара французийн, испанийн, италийн, шира грекийн мотт, латина, антикан а, шен заманара а авторийн кхолламаш. Цунна Ӏемира йиш лакха, мерзан пондар лакха, йийзира поэзи а, таллар а. Марияс цецдаьккхира французийн паччахьан цӀа, цунна байташ йехира Лопе де Вегас, Брантома, Ронсара.

1550 шарахь Франце кхечира франко-шотландин барт чагӀбеш йолу паччахь-нана — Мария де Гиз. Иза ца сецира шен берашца, 1551 шарахь йухайирзира Шотланде, шен йоьӀан чӀогӀа Ӏедал кхачийтархьама, динан къийсамаша екъна лаьттачу пачхьалкхахь. 1554 шарахь Мария де Гизан аьтту белира граф Арран Ӏедалера дӀаваккха, Шотландин правительствон коьрте хӀотта а.

Мария де Гизан регенталла

бӀаьра нисйан

Марии де Гизан урхаллийца Шотландехь чӀагӀбелира французийн Ӏаткъам. Французийн эскарш дара шотландин гӀопашкахь, паччахьан администрацехь бара Францера бевлларш. 1558 шеран 24 апрелехь Парижан Марьяман килсанехь мах бира Мария Стюарта а, дофина Франциска а. Мах баран бартаца хиллачу къайлахчу кехатца, нагахь оцу марех бераш ца хилахь паччахь-аьзнис дӀало Шотланди Францин паччахьана.

Иштта политикина реза ца хилира доккхаха долу шотландин элийн дакъа. Оцу хенахь протестантизм яржаро екънера шотландин йукъаралла. Хьал эрчаделира 1558 шо чекхдолуш Ингалсан Ӏарш тӀе паччахь-аьзни Елизавета I-рниг, иза гӀодан йолайелира шотландхойн протестанташна. Елизавета I-ра Руман Католикийн Килсан канонийн бакъонца къуотгӀалайина лорура, цундела Мария Стюартан, Ингалсан паччахьан Генрих VII Тюдоран кӀента кӀента йоӀ хиларна, бакъо йара ингалсан Ӏаршан. Амма, Марияс а, цуьнан хьехамчаша а хаьржира цхьа йуккъера дерг: къона паччахь-аьзнис дуьхьало ца йола шен маьхчан Елизаветина къобалйина законехь паччахь-аьзни хилийта, амма шен бакъонах тажан йолу бакъо ца йуьтура. Францискан а, Марийн а хӀост тӀехь ингалсан таж тӀекхийтира. Елизавета карзахйаккхархьама динчух тера долу оцу Марийн балхо хьал талхийра: Шотландин ницкъ бацара цуьнан ингалсан Ӏаршах йолу бакъо къовса, ткъа Ингалсаца йолу меттиг догдохийла а йоцуш телхира.

1559 шеран 10 июлехь Генрих II-гӀа велира, Францин Ӏарш тӀе Франциск II-гӀа хиира. Мария Стюарт хилира кхин а Францин паччахь-аьзни.

Протестантийн революци

бӀаьра нисйан

Франциск II хилла гӀийла, цомгаш жима стаг, урхалла дан ледаро хилла, Францехь хьалхарчу могӀане хӀоьттина паччахь-нана Екатерина Медичи а, Гизаш а — Мария Стюартан ненан вежарий. Оццу хенахь Шотландехь йолайелла протестантийн революци. Шотландин элийн доккхаха долу дакъа дӀакхийтира гӀевттинчу протестантех, гӀо дийхира Ингалсе. Пачхьалкхе чудахара ингалсан эскарш, уьш протестанташ тӀеоьцура шеш маьрша даха баьхкича санна. Паччахь-аьзни Мария де Гизан а, французийн гарнизонан а Лейтехь гуолецира. Мария Стюарте шен нанна тӀеман гӀо дан ца делира: Амбуазан къайлаха бартбаро 1560 шеран мартехь паччахьан цӀахь болу Гизийн Ӏаткъам дӀабаьккхира, Францехь лелха герга дара динан тӀемаш католикийн гугеноташца, Екатерина Медичина ца лиира Ингалсаца йукъаметтиг галйаккха.

1560 шеран 11 июнехь йелира Мария де Гиз — тӀаьххьара дуьхьало Шотланди протестанталле йахаран новкъахь а, Ингалсаца берта йахаран а. 1560 шеран 6 июлехь Франциний, Ингалсний йукъахь бина болу Эдинбурган барто, арадехира Шотландера ингалсан а, французийн а эскарш, протестантизман толам чӀагӀбира пачхьалкхехь. Мария Стюарт къобал ца бира и барт, цуьнца Елизаветы I-ра Ингалсан паччахь-аьзни хилар къобалдан дезара.

1560 шеран 5 декабрехь халачу лазарх велира Франциск II-гӀа. Цундела Мария Стюарт кестта йухаян йезаш йара Шотланди. Католик йолу паччахь-аьзни цӀайан йезаро сихбира шотландин протестанташ керла пачхьалкхан килса чӀагӀйан: пачхьалкхан парламенто чӀагӀйира протестантийн динан символ а, низаман устав а, кхайкхийра Шотландин Килса Румах дӀахадар, католикийн хьехам хьарам бар а.

Шотланди йухайерзар

бӀаьра нисйан
 
Мария Стюарт Шотланди йухайирзинчул тӀаьхьа

Чоьхьара политика

бӀаьра нисйан

1561 шеран 19 августехь берхӀийтта шо долу паччахь-аьзни кхечира Шотланде. Иза йухайирзина пачхьалкхан къам декъна дара. Коьртехь граф Хантли волу консерваторш, кийча бара паччахь-аьзнин гӀо лаца. Радикалан протестанташ коьртехь Нокс Джон волу тӀедуьллура паччахь-аьзнин католицизм йитар а, протестантийн тхьамданех цхьаъ волу граф Арране маре йахар а. Лорд Джеймс Стюартан а, пачхьалкхан секретаран Мейтланд Уильяман а барамера агӀоно Мария Стюартан гӀо лаца тарлора протестантийн дин дитахь а, Ингалсаца гергарло чӀагӀдар дӀахьахь а.

Шен урхаллин хьалхарчу дийнахь дуьйна Мария Стюарт шеконан политика лело йолайелира, католицизм тойан а ца гӀерташ, амма протестанталле дехьа а ца йалара. Коьрта ролаш паччахьан администрацехь йисира тӀаьхьа граф Морейн хилла волу Джеймс Стюартан, а Уильям Мейтландан а. Карзаха болу протестанташ гӀиртира къайлаха бартбан паччахь-аьзни лаца Ӏалашо йолуш, амма барт буьйхира. Арран дукха хан йалале хьера велира, ткъа Нокс Джонан радикализм шотландин олаллин шуьйрачу чкъоьраша кхетош йацара. Кхечу агӀора, консерваторин агӀо 1562 шарахь йисира корта боцуш: шена Морей графалла схьайоьхуш волу граф Хантлис Мария Стюартан дуьхьала гӀаьттира, амма лорд Джеймса иэшийра, дукха хан йалале велира. 1562—1563 шш. паччахь-аьзнис официалан къобалдира протестантизм Шотландин пачхьалкхан дин хилар, килсан са динан а, пачхьалкхан а хьашташка екъаран низам чӀагӀдира. Мария Стюарт шотландин векалш ца бахийтира католикийн доктрина кечйар чекхдаккхаран Тридентан гуламе. Цуьнца цхьаьна Румца дерг дӀа а ца хадийра, Папица кехаташца зӀе латтош йара иза, ткъа паччахьан цӀахь католикийн месса йара хуьлуш. Мария Стюартан урхаллин йуьхьиган жамӀ – гӀеххьа политикин цхьаьнаэшаралла йара.

Олалло гӀо лацар кхетадора керлачу таронаша, уьш хилира къоначу шотландин элашна паччахьан цӀа Марийн Холирудан гӀаличохь французийн масалица кхоьллинчул тӀаьхьа. Къона, гӀийла, хаза, музыка а, хелхарш а, ловзарш а, таллар а, гольф а йезаш йолу паччахь-аьзни, йеза ца лойла дацара гражданийн тӀемашкахь паччахьан цӀийнан дахарх хаьдда болу шотландин элашна. ДӀабелла хӀора дийнан административан болх Морейнан а, Мейтландан а, Мария Стюарте йанйелира шен Холирудехь жима Луврах тераниг.

Арахьара политика

бӀаьра нисйан

Арахьара политика Мария Стюартан боккха бала бара. Шотландин урхалаллин куьйгалхой — Морей а, Мейтланд а — бара ингалс-шотландин бартан тешна агӀончаш. Ша паччахь-аьзни Марияс къобал ца йора Ингалсан паччахьаллехь йолу Елизавету I-ра, догдохура шен ингалсан тажах йолу бакъонаш схьайаларе. Барт хила тарлора нагахь Марияс ингалсан тажах Елизавета I-ра дийна мел йу догдиллахь , цуо шен когаметтинарг Мария кхайкхор йолуш. Амма йа Мария а, ша шеха шекйоцу, йа Елизавета I-ра, кийча йоцу ингалсан Ӏаршан когаметтаверг харжа, ца боьдура вовшен дуьхьал.

Оццу хенахь хӀоьттира паччахь-аьзни Мария шолгӀа маре йахаран хаттар. Иза йезаш бара дукха европин монархаш ( Францин, Швецин, Данин паччахьаш, Австрин эрцгерцог). Уггар хила тарлуш волу майра лорура Дон КарлосИспанин паччахьан Филиппа II-гӀачун кӀант. Оцу гӀуллакхан бешболу барто карзахйаьккхира Ингалс: Елизавета I-чо Мария шен когаметтаерг ларар а кховдийра испане маре ца йодахь. Амма 1563 шо чекхдолуш хиира, Дон Карлос коьртан дика ца хилар, заахало дуьйхира. Елизаветас шен агӀора маре кховдийра Дадли Роберт, Лестеран графе, цуьнан везар хила тарлуш волу, цуо Шотландин паччахь-аьзни оьгӀаз йахийтира.

Мария Стюарт йохар

бӀаьра нисйан
 
Мария Стюарт а, Генрих, лорд Дарнли а

ШолгӀа маре а, Риччо виер а

бӀаьра нисйан

1565 шарахь Шотланди вогӀу паччахь-аьзнин шича — ткъайасса шо долу Стюарт Генрих, лорд Дарнли, граф Ленноксан а, Дуглас Маргаритин а кӀант, ингалс паччахьан Генрих VII-гӀачун ненан агӀора гергара волу — лекха, хаза жима стаг. Мария Стюартан ма-гинна везавелира иза, 1565 шеран 29 июлехь цуьнга мере йахара, Елизаветы I-ра реза йоццучехь а йитина. Оцу марен Ингалсаца гергарло дӀахададар хилла ца Ӏаш, цуьнца цхьаьна генаваьккхира паччахь-аьзнин цуьнан хьалхалера бартхой — Морей а, Мейтланд а. 1565 шеран августехь Морей гӀоьртира гӀаттам бан, амма Мария Стюарт, ГордонгӀера а, ХепбернгӀера а гӀоьнца, салташна алап далархьама шен дешийн хӀуманаш закъалтан йехкина, цӀеххьана тӀелетира гӀаттамхочун, иза ведира Ингалсе.

Морейс динчо гайтира паччахь-аьзнин, радикалан протестанташ а, ингалсхьарниш а гена бу хила ма-беззара муьтӀахь хила. Цуо паччахь-аьзнин политика йерзийра. Цуо тӀеийзо болийра католикаш, Испанин паччахьца кехаташ йаздеш къамелаш а карладехира. Цуьнца цхьаьна Марияс гена боху шена коьрта шотландин элий, улле балабо паччахь-аьзнин муьтӀахь болу элех боцурш а, махкар боцурш а. Хьал эрча долу майрачух даьллачу даго: Мария Стюарт кхетта, лорд Дарнли оьздангаллица а кийча ца хиларх паччахьан дарже, ша маре йахана стаг цхьанне хӀуман гуьнахь долуш ца хилар. Паччахь-аьзни, шен гӀалатах кхетта, тергал а ца вора шен майра.

1566 шо долалуш кхоллайелира паччахь-аьзнин зуламе йолу Дарнлин а, коьртехь Морей, Мортон волу Шотландин протестантийн лордийн а коалици. 1566 шеран 9 мартехь оппозицин тхьамданаша, доьзалах йолу паччахь-аьзнин хьалхха, къиза вийра Риччо Давид — уллера доттагӀех цхьаъ волу, везар волу, Мария Стюартан долара секретарь волу. Тарлора, оцу зуламца бартхой паччахь-аьзни кхерийна шайна дуьхьал йаийта. Амма Марияс диначо, йуха а йохийра оппозицин планаш: паччахь-аьзни гойтуш тийра майраца а, Морейца а, оцу балхо бийкъира бартхой, бӀаьрга негӀар ца тухуш хӀаллакбира Риччо вийнарш. Мортон а, цуьнан накъостий а бевдира Ингалсе.

Дарнли виер а, паччахь-аьзни йожайар а

бӀаьра нисйан

Мария Стюартан майрачуьнца берта йахар доца хилира. Сихха гучубелира цуьнан Хепберн Джеймс, граф Ботвелле болу безам, иза Дарнлех чӀогӀа къаьсташ вара ницкъца, майраллийца[1]. Паччахь-аьзнин а, паччахьан а уьйр хадар гуш дара: Дарнли шайн кӀант, 1566 шеран 19 июнехь вина волу, хир волу паччахь Якова VI, керста веш ван а ца веара. Мария Стюартан политика тӀехь-тӀехьа шен ламе йирзира, ткъа лаам Ботвелл вара. Дарнли новкъарло хилира тӀехула йалайезаш.

1567 шарахь 10 февралехь тамашийначу хьолехь иккхира Эдинбурган гуонахьарчу Керк-о’Филдера Дарнли сецна волу цӀа, ткъа ша иза вийна карийра кертахь, садукъдина, шен пажца догучу цӀа чуьра вада гӀоьртича. Мария Стюарт шен майра веран декъахь йу, йац уггар къовсаме ду Шотландин исторехь. Граф Морейс а, Мейтланда а шеш дакъа ца лаьцнехь а, хууш хиллачух тера дара оцунах лаьцна. Иштта доккхачу декъаца тешна хила мегар ду Риччо вуьйш декъахь хиллачарна Дарнлис йамартло йарна цара дина хила а. Барт йукъахь граф Ботвелл хилар а гуш ду. Ботвелл шена некъ баккха безаш вара паччахь-аьзни маре йига, тӀаккха Мортонан а, Морейн а тобанаш Дарнли вийна паччахь-аьзнех болу тешам байина, иза йохо аьтту бийрбара. Хила тарло, йийцина тобанаш барт боцуш ша-ша лелаш хила а.

Амма Дарнли вийнарг мила велахь а, бехк Шотландин йукъаралло паччахь-аьзнин бора тешаме зуда йацара иза майрачун олий. Мария Стюарта хӀумма а ца дира бехканза йала. Кхин тӀе, 1567 шеран 15 майхь Холирудехь мах бира Мариян а, граф Ботвеллн а. Оцу марено, паччахь вийнарг хила тарлуш волчуьнга, пачхьалкхера халкъ шеца хер даьккхира. Цунах сихха аьтту бан хьевсира протестантийн лордаш а, Морейн агӀончаш а. Цара кхоьллира лордийн «конфедераци», гулбина дикка тӀеман ницкъ, аракхийсира паччахь-аьзни а, Ботвелл а Эдинбургера. 1567 шеран 15 июнехь паччахь-аьзнин эскар, Карберри уллохь конфедератийн эскарца Ӏоттаделча дедира. Мария Стюартан карайаха йийзира, хьалха новкъарло йоцуш Ботвелл дӀа а вахийтина, иза гӀовттамхоша дӀайигира Лохлевен гӀала, цигахь 24 июлехь куьг йаздира Ӏарш шен кӀантана Яков VI-гӀачун йуьтуш кехатан тӀе. Пачхьалкхан регент паччахь воккха хиллалц граф Морей хӀоттийра.

Ингалсе йадар

бӀаьра нисйан
 
Мария Стюарт Ингалсехь, 1578 ш. гергга

Законехь йолу паччахь-аьзни йожайаран реза дацара шотландин лордийн цхьа дакъа. «Конфедератийн» барт сиха буьйхира, Морейн регенталла делчи оппозици бевлира ГамильтонгӀар, графов Аргайл, Хантли. 1568 шеран 2 майхь Мария Стюарт едира Лохлевен гӀалара. Цунах сихха кхийтира Морейн оппозицера баронаш. Амма паччахь-аьзнин жима эскар 13 майхь дохийра регентан эскарша Лангсайдерчу тӀамехь, Мария Ингалсе едира, Елизавете I-чуьнга гӀо дийхира.

Йуьхьанца Елизавета I-рчо гӀо дар тӀелецира Мариян, амма иза гена йара тӀеман интервенцин ойлана шеца ингалсан Ӏарш къуьйсучу Мариян дуьхьа. Елизаветас шен тӀелецира суьдхочун функцеш Мария Стюартан а, граф Морейн а йукъарчу къовсамехь. Цуо талла долийра Дарнли виеран гӀуллакх а, Шотландин паччахь-аьзни йожоран гӀуллакхь а. Таллам боьдуш регентан агӀончаша гайтира Мария Стюарт майрачун тешаме ца хилар а, виеран декъахь хилар а Ботвелла водуш дитина долу гӀарадевлла «ТӀорказ чуьра кехаташ» гайтина. Хетарехь кехатийн цхьа дакъа (масала, Ботвеллн йазйина байташ) боккъал дара, амма важа дакъа тӀетоьхна харц дара. Талламан жамӀ хилира 1569 шарахь йина Елизаветин кхел, оцу кхело Морейн Ӏедал Шотландехь чӀагӀдира, ингалсо къобал а дира.

Мария Стюартан гӀуллакх хӀинца а дайна дацара. Морей вийначул тӀаьхьа 1570 шеран январехь Шотландехь иккхира гражданийн тӀом паччахь-аьзнин агӀончашний (Аргайл, Хантли, ГамильтонгӀар, Мейтланд) паччахьан партиний (Леннокс а, Мортон а) йукъахь. Елизаветы I-ра йукъагӀортар бахьнехь 1573 шеран 23 февралехь агӀонаш куьг йаздира «Пертан машар» тӀехь, цуьнца Шотландин паччахь къобал вира Яков VI. Дукха хан йалале Мортонан эскарша дӀалецира Эдинбург, лецира Мейтланд, тӀаьххьара паччахь-аьзнин партех висинарг. Цуо байира тӀаьххьара сатийсам Шотландехь меттахӀотта.

Мария Стюарт чуйоллар а, йиер а

бӀаьра нисйан
 
Елизавета I-рчо куьг йаздина йиеран кхел
 
Мария Стюарт йиер

Шотландехь ца хиллачу аьттуно йоха ца йира паччахь-аьзни. Иза хӀинца а ингалсан Ӏарше догдиллаза йара, шен бакъонаш йита ца лаара цунна, оцу балхо сингаттам латтабора Елизавета I-чун. Ингалсехь Мария кхобуш йара терго йеш Шеффилд гӀалахь. Кхин тӀе Мария Стюартан йара йоккха хьадалчийн штат, паччахь-аьзни кхаба Ингалсо а, Францис а даккхийра ахчанаш латтадора. Амма иза къастийна йара шен Шотландера накъостех, ша йолуш меллаша къанлуш йара.

Мария ца соцура Елизаветина «маӀаш Ӏуьттуш», къайлаха кехаташ йаздан йолайелира европера пачхьалкхашка, амма ингалсан паччахь-аьзнин дуьхьала гӀаттамехь дакъа ца лецира. ТӀаккха а Мария Стюартан, законехь йолу паччахьан Генрих VII Ингалсан кӀента кӀента йоьӀан цӀе, жигара лелайора бартхоша Елизаветан дуьхьала. 1572 шарахь гучубелира Ридольфан къайлаха барт, уьш гӀиртира Елизавета дӀа а йаьккхина, ингалсан Ӏарш тӀе Мария Стюарт хао. 1586 шарахь, тарло, декъахь воцуш ца хила Елизаветин министр Уолсингем Фрэнсис а, шен набахтхо Паулет Эмиас а, Мария Стюарт гучуйелира кехат йаздина католикийн ницкъийн агент волчу Бабингтон Энтонига, кехатехь цуо къобал дира Елизавета I-ра йиер. Амма къайлаха барт гучубелира, кехаташ ингалсан паччахь-аьзнин карадахара. Мария Стюартан йиеран кхел йира. 1587 шеран 8 февралехь Мария Стюартан корта баьккхира Фотерингей гӀалахь.

Паччахь-аьзни дӀайоьллира Питерборон килсехь, ткъ 1612 шарахь цуьнан кӀентан Елизавета I-ра йелча Ингалсан паччахь хилла волу Яковн омрийца, Мария Стюартан даьӀахкаш дӀайоьхкира Вестминстеран аббаталлехь шен мостагӀчун Елизавета I-чун уллехь.

Дина мареш а, бераш а

бӀаьра нисйан

Мария Стюарт исбаьхьаллехь а, литературехь а

бӀаьра нисйан
 
Браун Форд Мэдокс «Мария Стюартан корта баккхале»

Мария Стюартан дахар бӀешерашкахь кегийна историкаш, оьздангаллин а, исбаьхьаллин а гӀуллакххоша. Хиллий теша паччахь-аьзни майра виеран бехке? Мел бакъ ду теша «тӀорказ чуьра кехаташ»? ХӀун бахьна хилла иза йожар: шовкъ а, зуламе барт Марийн мостагӀийн йа ша истории йу теша? Оцу а, кхин дуккха а хаттаршна жоьпаш дала гӀиртира гӀарабевлла йаздархой: ван ден Вондел Йост, Лопе де Вега, Томазо Кампанела, Шиллер Фридрих, Словацкий Юлиуш,Альфред Тенисон, Цвейг Стефан. XVI бӀешарахь дуьйна арахоьцу историн а, беллетристин а биографийн барамашца, Мария Стюарте кхочуш цхьан а адам дац шотландин исторехь. Паччахь-аьзнин романтикан васто дог-ойла айбира Доницетти Гаэтанон а, Слонимский Сергейн а операш кхолла «Мария Стюарт», ткъа иштта Бродский Иосифан «Двадцать сонетов к Марии Стюарт» цӀе йолу байтийн цикл. Леся Украинкас цунна лерина байт йазйина «Мария Стюарте тӀаьххьара эшар».

Мария Стюарт йиеран эпизод гойту 1895 шеран августехь Т. Эдисонан студехь йаьккхинчу 11-секундан «Шотландин Мария йиер» цӀе йолчу фильмехь. Паччахь-аьзнин дахаран некъ масех исбаьхьаллин фильман бух хилира: «Шотландин Мария» (1936, коьрта ролехь Хепбёрн Кэтрин), «Паччахь-аьзнин дог» («Корта боккхучу меттиге боьду некъ») (1940, коьрта ролехь Леандер Сара), «Мария — Шотландин паччахь-аьзни» (1971, коьрта ролехь Редгрейв Ванесса), «Тажан дуьхьала къайлаха барт» («Gunpowder, Treason & Plot», 2004, BBC, коьрта ролехь Поэзи Клеманс). Телевизионан «Последняя ночь» («La dernière nuit», 1981) цӀе йолчу фильмехь Мария Стюартан роль ловзийна французийн актрисо Анни Жирардос. 2013 шарахь режиссёра Имбах Томаса йаьккхира «Мария — Шотландин паччахь-аьзни» цӀе йолу фильм, коьрта роль ловзийра французийн актрисо Рутерфорд Камиллас, фильман музыка йазйира Губайдулина Софияс.

Мария Стюартан лерина йу Олдфилд Майкан «To France» эшар, цунах дуьненайукъара хит хилла 1984 шарахь.[4] 2011 шарахь немцойн-норвегийн Leaves' Eyes цӀе йолчу метал-тобано йазйина цуьнан кавер-верси. Кхин гӀараваьлла кавер оцу эшаран йазйина немцойн Blind Guardian цӀе йолчу метал-тобано.

Америкин «Паччахьалла» цӀе йолчу телесериалехь сюжетан йуккъехь йу къуона Мария Стюарт а, иза Ӏедале йаран истори а.

Васт исбаьхьаллехь

бӀаьра нисйан

Поп музыкехь

бӀаьра нисйан

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Ботуель, Джемс-Гепбюрн // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. Fraser, 2014, p. 426.
  3. Грэм, 2010, с. 244.
  4. Текст и перевод песни To France

Литература

бӀаьра нисйан
  • Грэм, Родерик. Мария Стюарт. — Москва: Молодая гвардия, 2010. — ISBN 978-5-235-03335-1.
  • Fraser, Antonia. Mary, Queen of Scots. — Random House Publishing Group, 2014. — 640 с. — ISBN 0804152586, 9780804152587.
  • Antonio de Herrera. Historia de lo sucedido en Escocia, è Inglaterra, en quarenta y quatro años que biuio Maria Estuarda, Reyna de Escocia. — Madrid, 1589.
  • Питаваль, Э. Мария Стюарт. В борьбе за трон. На пути к плахе, 2002
  • Цвейг С. Мария Стюарт, 1935
  • Donaldson, G. Scotland: James V—James VII, 1965
  • Guy, J. Queen of Scots: The True Life of Mary Stuart, Houghton Mifflin Books, 2004
  • Дюма, А. (отец). Две Дианы (косвенно) 1847
  • Дюма, А. (отец). Мария Стюарт
  • Карпущенко, С. Власть чародея, 2004
  • Конский П. А. Мария Стюарт, шотландская королева // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Виктория Хольт. Мария Стюарт — пленённая королева
  • Виктория Хольт. Мария Стюарт. Возвращение в Татбери
  • Шиллер Ф. Мария Стюарт, 1801
  • Бродский И. Двадцать сонетов к Марии Стюарт, 1977
  • В. Скотт. Аббат. 1820 г.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан