Марксизм- Карл Марксо а, Фридрих Энгельсо а кхоьллина философин а, экономикин а, политикин а Ӏилма ду. Йукъараллин дахарехь а, политикин практикехь а тайп-тайпана политикин партеш а, боламаш а хиларна Марксан Ӏилманна тайп-тайпана маьӀна до. Аьрро (йа социалан) анархизм а, керстанан социализм а, иштта марксизм тӀе ца лоцуш йолу демократийн социализм а, социал-демократи санна политикин марксизм социализман цхьа кеп йу.