Атоман хӀоьънан ма́ссан терахь — хӀоъ чохь цхьаьна тоьхна протонийн а, нейтронийн а (цхьаьна «нуклонаш» олу) массан барам. Билгалдоккху дукха хьолахь A элпаца. Атоман декъан массаца дусту массан терахь, герга ду изотопан атоман массин, цуьнца цхьатерра ю углеродан-12 масса, хӀунда аьлча атоман декъан масса (а. д. м.) хӀинца билгалйоккху Кеп:Frac атоман масса санна 12С. Кхечу меттигашкахь атоман масса дийна терахь дац, массан терахь санна. Иштта, хлоран изотопан массан терахь 35Cl хуьлу 35, ткъа цуьнан атоман масса хуьлу 34,96885 а.д.м.

Цхьаьна нуклидан (атоман хӀоьънийн кеп) массан терахь билгалдоккхуш иза яздо лакхарчу аьрру индексца, масала 232Th. Цхьатерра массан терахь долу нуклидех олу изобараш (масала, изобараш ю нуклидаш 14C а, 14N а).

Массан терахь хааро таро ло хӀоънан а, атоман а массин маххадо. Нагахь массан терахь хууш делахь, тӀаккха атоман а, цуьнан хоьънан а массин М маххадабо тӀехьарчу дазарх МА•mN, цигахь mN ≈ 1,67•10−27 кг — нуклона масса, аьлчи а протонан я нейтронан. Масала, наштаран-27 а, цуьнан хӀоънан а юкъайогӀу 27 нуклон (13 протон а, 14 нейтрон а). Цуьнан масса 27•1,67•10−27 кг ≈ 4,5•10−26 кг гергга хуьлу. Нагахь хӀоьънан масса чӀогӀа нийса яккха иэшахь, ларадеза, хӀоьънера нуклонаш уьйр йолуш хилар хӀоьънан тӀеозоран ницкъашца, цундела хӀокху дазарца E = mc2 хӀоьънан масса охьайолу. Атоман массан тӀетоха оьшу хӀоьънан гонахьарчу орбити тӀиера вовшахтоьхна масса. Амма и массо а нисдарш 1 %[1] сов ца хуьлу.

Массан терахь цхьатерра ду хӀоьънан барионан терахьца. Барионан терахь соцу массо а евзачу процессашкахь, цундела муьлхха а радиожигара дохарш а, хӀоьънан реакцеш а ца хуьйцу хӀоьънийн массан терахь реакцин аьрру а, аьтту а декъашкахь. Масала, уран-238 альфа-дохарехь


аьрру декъехь дуьхьинцара хӀоьънан массан терахь 238 ду, реакцин аьтту декъехь — ши хӀоъ массан терахь 234 а, 4 а, вовшахтоьхчи 238 хуьлу. Альфа-дакъолган (гелийн хӀоьънан-4) массан терахь 4 делахь, альфа-дохаро охьадоккху духуш долчу хӀоьънан массан терахь 4 терхьан. Муьлхха а кепара бета-дохаро (бета-минус-дохар, позитронан дохар, электронан йийсар, массо а кепара шалха бета-дохар) ца хуьйцу массан терахь, хӀунда аьлчи оцу процессехь хӀоьънан нуклонаш цхьаьна кепера кхечу кепе биен ца йовлу (протонаш нейтронашка я нейтронаш протонашка). Изомеран дехьадовларо иштта ца хуьйцу хоьънан массан терахь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан