МахӀди
МахӀдӣ (Ӏаьр. المَهْدِيُّ) йа Ларвеш волу МахӀди (Ӏаьр. المَهْدِيُّ الْمُنتَظَرُ Аль-МахӀди аль-Мунтазар), шийӀашна гергахь Къайлаваьлла имам[1] (Ӏаьр. الإمام الغائب Аль-Имамул-ГӀаиб) — ислам динехь, иза тӀаьхьарчу заманахь, лаьтта тӀера адамийн дахаран чаккхенгахь гучувер волу стаг ву. Иза нийсо йеш воккха паччахь хир ву, лаьтта букъ тӀера зуламаш а, бохамаш а чекхбохучу дарже кхаччалц. Цо йаржор йу нийсо а, нийса ислам дин а, тӀемаш а бийр бу, исламан мостагӀашна тӀехь толам а боккхур бу, къаьсттина «жуьгташна» тӀехь.
Исламан хьосташкахь иза гучувер ву аьлла барт хиллехь а, амма цуьнан адаман (личность) хьокъехь ойланаш йекъайелла. Ткъа къегина бекъабалар бусалбан йоккхачу шина тобана йукъахь ду: суннатхошна а, шийттаннийн (иснаӀашарийят) шийӀашна а. Суннатхоша боху, иза шен цӀе Мухьаммад пайхамаран цӀарца йогӀуш стаг хир ву (Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ аьлла), иза дуьнен чу вер ву массо а адам санна, ша МахӀди хилархьама[2]. Ткъа шийттаннийн шийӀаш тешаш бу иза Делан элчан цӀийнан охӀланах ву, цуьнан йоӀан ФатӀиматан берех, шен цӀе Мухьаммад ибн аль-Хьасан а йолуш, хӀижрин 255-чу шарахь дуьнен чу а ваьлла, цу хенахь дуьйна дийна а ву, амма бӀаьргех къайлаваьлла ву, тӀаьхьарчу заманахь шен пачхьалкх дӀахӀотто гучу а вер ву аьлла[3].
Суннатхошна гергахь
бӀаьра нисйанХьиджран хьалхарчу бӀешерашкахь Маьхьди гуора хин волу урхалча санна, цуо юьхьанца ма-хиллара цӀандан дезара ислам. Оцу меттиге тоьттура «антихалиф» ӀабдуллахӀ ибн аз-Зубайр. Масихьан ойланаш шуьйра яьржира шиӀизмехь, Маьхьди варах тешар дӀаийра «къайлаваьлла» имам Мухьаммад аль-Маьхьди юхаверзарца[4].
Масихьан ойланаш исламан социалан а, динан а боламийн са иркара хӀиттадора. Маьхьдин цӀе лелийра ФатимгӀеран некъий кхоьллина ӀубайдаллахӀ аль-Маьхьдис (909—1171); АльмуваххьидгӀеран некъий кхоьллина Мухьаммад ибн Тумарта, Малхбален Суданера МаьхьдигӀеран гӀаттаман тхьамдано Мухьаммад Ахьмада[4].
Маьхьди Ӏийса санна стиглара вуссур вац, ткъа цуьнца цхьаьна латта тӀехь Делан паччахьалла хӀоттор ю. Иза хир ву Мухьаммад пайхамаран ﷺ тӀаьхьенех, шен гӀуллакх долор ду Дажал варца цхьаьна. Ӏийсаца цхьаьна, цуо тӀом бийр бу Дажалан дуьхьала, тоьлар а ву иза Дажалал. Ӏийсас а, Маьхьдис а дӀадохур ду ницкъбар а, харцо а, хӀоттор ду нийсонан бакъ долу Ӏедал[5].
Васт
бӀаьра нисйанМаьхьди хир ву кхечарех тера стаг, шен муьран нийсархо[5]. ШиӀийш теша Маьхьди дийна хиларх, кестта дуьнен тӀехь нийсо меттахӀоттор хилар. ШиӀизмах къаьстина, суннийн Маьхьди, И. Гольдциера билгалдаккхарца, «билгала доцу адам, мифан тӀейогӀучу хенан хазна»[4].
Цьаболчу Ӏалимаш Маьхьди а «дин цӀандийриг» (муджаддид) цхьаъ лору[5].
Хьосташ
бӀаьра нисйан- ↑ كيف يكون إماماً وهو غائب ؟ وما فائدته ؟ . web.archive.org (2022 шеран 22 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 22 май.
- ↑ عرض صفحة الكتاب - الحديث - موقع الإسلام . web.archive.org (2017 шеран 30 июль). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 22 май.
- ↑ أعيان الشيعة - الأمين، السيد محسن - کتابخانه مدرسه فقاهت . web.archive.org (2018 шеран 12 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 22 май.
- ↑ 1 2 3 Ислам: ЭС, 1991.
- ↑ 1 2 3 Али-заде, 2007.
Литература
бӀаьра нисйан- Прозоров С.М. ал-Маьхьди // Ислам: энциклопедический словарь / отв. ред. С. М. Прозоров. — М. : Наука, ГРВЛ, 1991. — С. 163.
- Али-заде А. А. http://slovar-islam.ru/books/M.html#Mahdi41 // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
- «Мукаддима ибн аль-Салах», Сахих аль-Бухари, Дар аль-Мааариф, стр. 160-169.
- Джафар аль-Садик, Аль-Гайба (Заклинание): рассказы о пророчествах аль-Маьхьди Имамом Джафаром аль-Садиком, издательством «Михраб».
- Бакр аль-Маджлиси, Мухаммад (2003 год), Китаб аль-Гайбат, Qom: Ansariyan Publications.
- Doi, ARI, «Yoruba Mahdī», журнал «Религия в Африке», 4 (2): 119-136, doi: 10.1163/157006671x00070, JSTOR 1594738.
- Мартин, Ричард К., изд. (2004 год), «Маьхьди», Энциклопедия ислама и мусульманский мир.
- Момен, Моджан (1985 год), введение в ислам шиитов, Нью-Хейвен, Коннектикут: Йельский университет, ISBN 0-300-03531-4.
- Шаухат Али, тысячелетние и мессианские тенденции в исламской мысли (Lahore: Publishers United, 1993 год)
- Timothy Furnish, Holiest Wars: Исламский Маьхьдис, Джихад и Усама Бен Ладен (Вестпорт: Преэгер, 2005 год) ISBN 0-275-98383-8.
- Абдулазиз Абдулхусейн Сателина, Исламский мессианство: Идея Маьхьди в twelver Shi'ism (Олбани: Государственный университет Нью-Йоркской прессы, 1981 год) ISBN 0-87395-458-0.
- Сяйх Хисям Каббани, «Подход Армагеддона» (Исламский Высший Совет Америки, 2002 год) ISBN 1-930409-20-6.
- «Маьхьди», Британская энциклопедия, 2008 год