Маьш — ламаста мисран нехча, кечйо дуьра нехча масех баттар я шарахь совсийташ.

Маьш
Ӏаьр. مش‎‎‎

Маьш тера ю Саккарехь Хор Аха хьалхара некъийн пирӀунан каш чохь карийна нехчанах, иза йина хилла вайн эрал 3200 шо хьалха.[1] Иза кечйо цӀахь, хӀетте а иза каро тарло меттигерачу базарашкахь. Ахархоша иза лелайо дааран коьрта сурсат дина[2]. Схьаяьллачул тӀаьхьа иза можа-мокха басахь хуьлу, ткъа чомана — кӀуон а, дуьра а.

Маьш кечйо кариш нехчанах. Нехча якъайо, юьлу, туьхала юьллу кхийра пхьегӀанахь. ПхьегӀан чубутту пахтах, муьста шурах, морзанах, цӀиен а, баьццара а бурчах бина бецан берам. КӀеззиг шира маьш а туху совсийтархьама. Цул тӀаьхьа нехча юьллу герметикан контейнер чу, юьту цхьаьна шеран а, сов а хенан, латтайо гуонахьарчу хьолан температурехь. Контейнер йелла мега, цундела нехчан цхьа дакъа чура схьаэца мега, ткъа цхьайолу ингредиенташ тӀетоха мега. Иштта цхьан а доза дац муьлххачу хенара адамаша маьш яарехь[3].

Оьздангаллехь

бӀаьра нисйан

«Иза массанхьа, маьш санна» фразано гойту, и хӀума чӀогӀа даьржина хилар. Кегийра нӀаьний даьржа дукха хьолахь маьш юкъахь, амма уьш кхераме дац. Нахана юкъахь «Маьшан нӀаьний довлу цунах» бохучун маьӀна ду, и бала дӀабер болуш бац, амма цунна сагатдан ца оьшу[4].

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Robinson, R. K.; Tamime, Adnan Y. Feta and Related Cheeses(бил-боцу.). — Woodhead Publishing(ингалс.), 1991. — ISBN 978-1-85573-278-0.
  2. Elkin Vanaeon. Mish Cheese from Egypt (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 апрель.
  3. Fox, Patrick F.; McSweeney, Paul L.H.; Cogan, Timothy M.; Timothy P. Guinee. Cheese: Chemistry, Physics and Microbiology: Major Cheese Groups(ингалс.). — Academic Press, 2004. — ISBN 978-0-08-050094-2.
  4. Perry, Charles. Cheese of the Pharaohs (en) // Los Angeles Times : newspaper. — 1999. — 14 July.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Хьосташ

  • Elkin Vanaeon. Mish Cheese from Egypt (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 апрель.
  • Fox, Patrick F. Cheese: Chemistry, Physics and Microbiology: Major Cheese Groups / Patrick F. Fox, Paul L.H. McSweeney, Timothy M. Cogan … [и др.]. — Academic Press, 2004-08-04. — ISBN 978-0-08-050094-2.
  • Perry, Charles (July 14, 1999). "Cheese of the Pharaohs". Los Angeles Times. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 14 апрелехь. {{cite journal}}: Недопустимый |ref=harv (справка)
  • Robinson, R. K. Feta and Related Cheeses / R. K. Robinson, Adnan Y. Tamime. — Woodhead Publishing, 1991-06-01. — ISBN 978-1-85573-278-0.
  • Tamime, A. Y. Brined Cheeses. — John Wiley & Sons, 2008-04-15. — P. 153. — ISBN 978-1-4051-7164-9.