Мехкан урхалла- пачхьалкхан урхалла даран лакхара кхочушдаран коллегиальни меже йу. Иза кхуллу пачхьалкхан урхаллин куьйгалхойх а, кхиболу гӀуллакххойх а. Дешан шуьйрачу маьӀнехь, урхалла- пачхьалкхан урхаллин йукъара система йу.

Дуьненан пачхьалкхашкахь мехкан урхаллин кепаш. 2006-чу шеран хаамшца.
     Президентан республикаш, паччахьан карахь буьззинчу барамехь Ӏедал ду      Парламентан республикаш, президентан кхочушдаран Ӏедал парламентан карахь ду      Ийна республикаш (ахпрезидентан, парламентан-президентан, президентан-парламентан)      Парламентан республика      Парламентан Конституцин монархи, монархан бакъ Ӏедал дац      Конституцин монархи      Абсолюте монархи      Конституцехь цхьа партин коьрта дакъа чӀагӀдина      ТӀеман Ӏазалла      Кхийолу кепаш

Урхаллин Куьйгалхо ву мехкан урхаллин коьртехь. Оцу даржехь пачхьалкхан куьйгалхо хила а тарло. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь цунна цӀе тайп-тайпана хуьлу: «мехкан урхаллин пирсдатал» а, «министрийн кхеташонан пирсдатал» а, «премьер-министр» а.

Урхаллин коьрта Ӏалашо йу — лакхарчу низамаш кхуллучу межено (парламенто) тӀелаьцна долу низамаш кхочушдар. Цу хьокъехь урхалло а, кхийолу пачхьалкхан урхаллин меженаш а низамца догӀуш акташ тӀелоцу, уьш алсамчу барамехь низамаш санна лору.

Цхьацца пачхьалкхашкахь мехкан урхаллин низамаш кхолла бакъо хуьлу. Шен караэцарца урхаллин куьйгалхо низамаш кхуллу органе вала йиш йу — масала муьлхха а низам тӀелаца а, хийца йа дӀадаккха.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан