ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Мокха ГӀарагӀули — ( en. Common Crane ). Оьрсаша гӀарагӀулих "Серый журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш тӀехь лекха а олхазар ду иза. БӀаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могӀанаш дина схьаоьхчу мокха гӀарагӀулин гӀеранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш гӀоргӀачу декаро адамийн дегнашка бӀаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дӀакхелха гӀарагӀулеш. Екхначу стиглахь Ӏаламан исбахьа сурт хӀоттадо могӀанаш хуьйцуш йоьдучу гӀарагӀулин гӀерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

  • Мокха ГӀарагӀулин зӀок нийса а, еха а, ира а ю. ГӀортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. ЦӀога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш. Мокха ГӀарагӀулеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. БӀаьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йогӀу уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. Мокха ГӀарагӀулин коьрта туьтан тӀехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа гӀарагӀули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю тӀеман йоьхьигаш Ӏаьржа а йолуш. Цуьнан лаг а Ӏаьржа ду, бӀаьрга тӀера охьа шина а агӀор кӀайн сиз а долуш. И шиъ сиз гӀорта кхаччалучохь букъ тӀехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна тӀиэхьа цӀиэ тӀеда бу цунна. Когаш Ӏаьржа бу.
  • Мокха ГӀарагӀулин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу гӀарагӀули. Баннаш дечу хенахь гӀеранаш хуьлу церан. Хиш, Ӏаьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. ХӀоа шиъ до гӀарагӀулино, вайн цӀерачу котаман хӀоьан кепехь.
  • Баьццаро бос а бетталуш, цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. ЧӀогӀа ларлуш Ӏедал ду гӀарагӀулин. Адам аьттехьа гӀоьртича бенара гӀоттий дӀайоьду иза. ТӀома гӀаьттина йоьдучу хенахь дӀаяхйина гӀорта а, тӀиэхьаша дӀахецна ши ког а цхьана могӀара нисбо цо. Цундела хӀавао доьхьало яр кӀезиг ду. Баннаш дечу хенахь масех гӀарагӀули цхьана а кхетий рогӀ-роггӀана охьахууш, хьалагӀоттий кхиссалуш, тӀемаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш "хелхар" до цара. Мокха ГӀарагӀулин даар борц а, горох а, кӀа а, бецан хӀу а, бецан соьналлаш а, садолу хӀуманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду. Ал-басахь а, кӀай а, Ӏаьржа а хуьлу гӀарагӀулеш. Ӏаламан хазна еш уьш хиларе терра гӀарагӀулеш ларо декхар ду адамийн.
Мокха ГӀарагӀули
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Grus grus (Linnaeus, 1758)
Ареал
сурт
  •   Бенаш до ареал

  •   Кхечу махка кхалхор

Ларйен статус

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан