Мокха хин олхазар[1] — (en. Burhinus oedicnemus ). Кхин цхьа тайпа а ду хин олхазар, даккхийра можа бIаьргаш а долуш, гIамаран басахь къорза букъ а болуш, можа зIок а йолуш. Оьрсаша "Авдотка" олу цунах. И олхазар деддачу заманчохь гучу а йолуш цхьацца гучу а йолуш цхьацца кIайн моха ю тIемаш тIехь. Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь хуьлуш ду и олхазар. Бен гIамарлахь а, тIулган жагIи тIехь а бо цо, буха хIума а ца тосуш, жимма кIаг а боккхий. Цуьнан бен атта карош бац, я жагIи а гIамарлахь а гуш а ца хуьлу. Ца хууш, тIе ког баккха а тарло цуьнан хIоьашна. Тойна апрель баттахь доккху 2-3 кIорни хуьлу цуьнан. Стен - боьршан шишша цхьана хуьлу уьш. Гурахь гIеранаш йо. "Тар-ли-и... тар-ли-и", бохуш хуьлу цуьнан декар.
Мокха хин олхазар |
---|
|
|
Burhinus oedicnemus (Linnaeus, 1758) |
Бенаш до меттигаш
Яржар
Ӏа доккху меттигаш |
|
|
- Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а.(нох.). — Соьлжа-ГӀала, 1992.