Москвара Сийлахь-йеза Матрона

ХӀокху версин 7 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 11 апрель).

Матрона Московски (ма-ярра цӀе Матро́на Дими́триевна Ни́конова). Билггал йина шо хууш дац 1881 йа 1885. Себино бохуш юртахь йина, иза хилла Тульски губернин Епифански уездан чуйохуш (хӀинца Кимовски кӀошт, Тульская область) — кхелхина хӀутосург беттан 2-чу динахь 1952 шарахь Сходня цӀе йолчу белхалойн эвлахь (хӀинца Химки-гӀала) Московски область. Оьрсийн керста динан килсехь лоруш йу эвлаяъ санна.

Сийлахь-йеза Матрона
Матрона Московская
Дуьненан цӀе Матро́на Дими́триевна Ни́конова
Йина терахь 1881 йа 1885 шарахь
Йина меттиг Российн импери, Тульски губерни, Епифански уезд, Себино юрт.
Кхелхина терахь 1952 шеран 2-гIа май
Кхелхина меттиг ССРС, РСФСР, Химкински кIошт, Сходня гIала
Юьхьца тамашийна гӀуллакхаш дийриг, блаженный
Иэсан де 19 апрель
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Дахар а, доьзал а

бӀаьра нисйан

Матронан да-нана а ахархой хилла. Цхьадолу документаш тӀехь (масала 1911-чу шеран Тульски губернин юртан бахархой ларар) иза 1883-чу шарахь йина боху, амма Даниловски кешнашан 1952-чу шеран регистрационни кехаташ тӀехь лаьтташ 1885-гӀа шо ду. Жималлехь дуьйна бӀаьрзе хилла Матрона. Де Дмитрии виъ доьзалхо хилла Пелагея (йа Мария), Иван, Михаил. Цхьаболу историкаш Матрона долайаьккхина йоI хилар бохуш меттигаш йу.

БархI шо кхаьчна йолуш а инзаре чӀогӀа Ӏисах а, керста динан низамехь тешаш йара Матрона. Цомгуш нахан дарба леладора цо. Цул сов, хиндерг схьадийца хьуьнар дара Матронехь. 17 шо долуш заьӀапхо йисина хилла иза, цул тӀаьхьа меттахь йисина.

Жималлехь Матрона аренца лаьлла. Юртар латтден (помещикан) йоӀанца Лидия Яньковац дукха  зиярташ дина цо. Уьш хилла Киеван Печерски лаврехь а, Троицан Сергиеван лаврехь а, Санкт-Петербургехь а. 1899-чу шарахь Кронштадстки коьрта килсехь эвлаяъ Иоанн Кронштадскиц вовшахкхетар нисделла цуьн.

1912-чу шарахь кхелхира Матронан да- Дмитрий Иванович Никонов.

Октябран революци хилчул тӀаьхьа дакъаза йелира Матрона а, цуьнан накъост Лидия Янькова а. Болх а, юург-молург а лоьхуш лелаш бара уьш. Хетарехь, 1925-чу шарахь Москох дехьайелира иза. Шен цӀено дацар цуьнан, цундела доттагӀаш а, бойзуш наха Ӏунал дира цуна, дика а тӀелецира.


1949 шо кхаччалц Москохь Ӏаш йара иза, шира дечиган цӀено чохь, Арбатан йистехь,Староконюшенни урамалгехь, 30-гӀа лоьмар йолу цӀено дара иза (хӀинца дац и цӀено).


1950-1952-чу шерашкахь Сходня цӀе йолу гӀалахь Ӏаш йара, шен гергарчу нахехь Курочкинаргехь.

Цуьнан Житие тӀехь дуьйцу, цо дийнахь шовзткъе стаг тӀелоцар бохуш, дарба дора цомгуш адамашна, дог оьцу хьехам а бора халонаш тӀехоьттан болу нахан. Буьйсана Деле доӀанаш дора. Гуттар килсан чохь дохкойолар, ардамдош (причастие) йукъахь дакъа лоцар. Дийна йолуш Троицан Сергиеван Лавран монахаш къобалйина иза.

Матрона Московски кхелхина 1952 шеран хӀутосург беттан (майехь) 2-чу дийнахь. И йелчу дийнахь даьхна сарташ дисан. Килсан ламаст (отпевание) дихкина Донски урамехь йолу Ӏийса Ненан нийса Бедарш тӀейохаран килсехь. Ламаст кхочушдира Матрона лоруш а, къобал йеш хилволу протоиерейо Николай Голубцовс.

Матронан лаамца иза дӀайоьллира кош чу Даниловски кешнашкахь 4-чу майехь . Килсан йистехь хьаржинер цо шен меттиг.

Таханлерачу дийнахь иза кхечу меттехь дӀайоьллина ю- Покровски монастырехь, амма керста наха зиярт до цуьнан Даниловски кешнашкахь долу жим килсан (часовня) тӀе.