ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Мохьмад II (хункар. محمد ثانى‎ — Mehmed-i sânî, турк. II. Mehmed), гlaрваьлла вевзаш ву Мохьмад Даккхархо санна (хункар. ابو الفتح‎ — «даккхарийн да», турк. Fâtih Sultan Mehmed) — 1444—1446 а , 1451—1481 шерашкахь а Iусманойн шуренан хилла волу хункар.

Мохьмад Даккхархочун урхалла чекхдолуш хенан Iусманойн шуре

Ша урхалла дечу хенахь Мохьмада II шена мажароша дина тleлатаро Сегедан машаран чlaгlaм бохийча Янош Хуньядин тхьамдаллехь болу жlapaхой бохийнера. Мохьмад II 1451-чу шарахь шен дарже йухавеъча иза Iусманойн флот чlaгl а йина Константинополана тleлата кечамаш беш вара ; йуха кхо шо даьлча (шен 21 шо долуш) цо Константинополь дlaлаьцнера, иза Болехьара Румойн шуре (вуьшта Византин олуш йолу) йохоран билгало хиллера. Даккхар хиллачул тIаьхьа Мохьмад Руман цезар боху дарже вала лууш вара (хункар. قیصر‎ روم‎, турк. Kayser-i Rum) Константинопол йукъ а , нана-гlaла а йара Византин шуренан Константин паччахьо и дехьа ма йаьккхина 330-чу шарахь бохучунна тle а дугlyш. И дарж Константинополан Патриархо тleлаьцнера , амма кхиболу дукхахболу Европера монархаша и дарж къобал ца динера

Тlaьхьо Мохьмада кхидla бира шайн тleманаш Анатолехь а , негla-болехьара Европехь а Босни[1] кхаччалц а. Политикан а , социалан а leдалан хийцамаш а бина , цо lилманан кхиамашна дог айъадора , цуьнан урхаллин тlaьххьарчу хенахь Константинопол йара кхуьуш шуренан нана-гlaла. Мохьмадин цlapх лелаш йу шортта гlишлош , царна йукъалоцуш ду Даккхархочун (Фатихан) маьждиг, Мохьмад Даккхархочун Хункаран тlaй а , «Фатих» кloшт а Истамлехь.

  1. Franz Babinger. Mehmed the Conqueror and His Time. — Princeton University Press, 1978. — 618 с. — ISBN 978-0-691-01078-6.