Мундар Эльдаров — гӀумкийн эла, Аксай схьаваьлла. XIX бӀешераш дуьйлалуш Мундар кхелхина Аксайра Нохчийчу ЧӀуьлга-Юрта. Нохчаша дийцарехь иза кхайкхина шен ЧӀуьлга-Юрт коьллинчу гендаргнойн тайпанарчу Сайкаев ЧӀулга[1].

Мундар Эльдаров
Вина меттиг
Кхелхина терахь XIX бӀешо

Нохчийн яртех цхьа юрт долахь йолу эла Мундар, дуьххьара хьахийна Суздалан гӀашлойн полкан майора Угоницеловс Новран карантинан тӀехьожуш волчу есаулега Галяховскига арз тӀехь, 1812 шеран 25 ноябрехь. Тептаро дийцарехь, «йуьртдас Мулдара» хаам бо майор Угоницеловга, тахана шен куьйга кӀелахь йолчу ЧӀуьлга-Юртахь цхьацца доьзалаш цомгуш хилла ун долуш. ЧӀуьлг-Юрт цхьацца муьрехь Мундар-Юрт йа Эльдарово (Ельдарово) олий хуьйцура эла Эльдаров Мундаран леерам беш[1].

Мундар оьрсийн паччахьан гӀуллакхехь вара, цундела 1822 шарахь дешийн мидал йелла. Дуьххьара дарж кхечира 1824 шарахь, ткъа капитан звани йелла 1826 шеран 31 августехь[1]. 1840 шарахь Теркйистера нохчаша Мундар шен бахамах ваккхалца, оьрсийн паччахьера дика алап кхочура цунна[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан