Му́ндера тӀом хилла вайн эрал 45 шо хьалхара 17 мартехь Мундан атагӀехь, Испанин къилбехь. Иза бара Гай Юлий Цезаран тӀаьххьара тӀом республикахошна дуьхьала гражданийн тӀамехь. Оцу тӀамехь толам баьккхина, цигахь кхелхира Тит Лабиен а, Гней Помпей ( Помпей Воккхачуьнан воккхаха волу кӀант), Цезарь паргӀата Руме цӀа а вирзина, урхалла дира диктатор хилла. Цул тӀаьхьа иза виеро карладехира гражданийн тӀемаш, Руман республикин «малх чубуьзира», кхоллаелира Импери, цуьнан коьрте хӀоьттира цуо долаваьккхина кӀант Октавиан Август.

Мундера тӀом
Коьрта конфликт: Ширачу Румера гражданийн тӀом (вайн эрал 49—45 шо хьалха)
Терахь вайн эрал 45 шо хьалха 17 март
Меттиг Мунд, Осунан гергахь, хӀинцалера Испани
ЖамӀ Цезаран боккха толам
МостагӀий

Цезархой

Помпейхой

БӀаьччаш

Гай Юлий Цезарь
Гай Октавий
Марк Агриппа

Тит Лабиен
Публий Аттий Вар
Гней Помпей

Массон ницкъаш

8 легион, 8000 дошло
Берриш: 40 000 эз. гергга стаг

13 легион, дошлой а, гӀоьнан гӀашлой а (ауксилареш)
Берриш:70 000 гергга стаг

Белларш

1000

30 000

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ши эскар дуьхь-дуьхьал хӀоьттира Мундан аренахь Испанин къилбехь. Помпейн эскаро лецира чӀогӀа декъаза меттиг шунаш тӀехь, Мундан пенашна цхьаъ миля ца кхоччуш генахь (1,6 км). Цезаран эскар лаьттара дерриг а бархӀ легионах (80 когорт), 8000 дошло волуш, ткъа Помпейн а, Лабиенан а кхойтта легион а, 6000 вайн гӀашло а, 6000 дошло.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан