Мурадов, Ширвани Гаджикурбанович

Ширвани Гаджикурбанович Мурадов (лак. Мурадхъал Ширвани, 1985 шеран 20 июнь, Кешен-Эвла, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика) — российн паргӀат кепар латархо, 2007 шеран Европин чемпион, 2008 шарахь Пекинехь хилла Олимпиадан чемпион.

Ширвани Гаджикурбанович Мурадов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар[d]
Клуб «Динамо» (Махачкала)
Вина терахь 1985 шеран 20 июнь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (38 шо)
Вина меттиг
Локхалла 181 сантиметр

Биографи нисйе бӀаьра

Мурадован халхара тренер вара Российн Сийлахь тренер И. Э. Алиев. 2005 шарахь Российн чемпионатехь цо дашо мидал йаьккхира финалехь Олимпиадан борзан совгӀатхо Сажид Сажидов эшавеш. 2007 шо дуьйна иза Российн гулйина тобанан декъашхо ву. 2008 шарахь Мурадов туьйлира Гран-При Иван Ярыгин турнирехь, амма цамгар бахьнехь цуьна Европин чемпионате вахар ца хилира. Цу шарахь Мурадовс Российн чемпионатехь толам беккхира. Оцу толамо цунна бакъо йелира Пекинехь хилла Олимпиаде ваха. Олимпиадехь Мурадовс дашо мидал йаьккхира. Цу шарахь Мурадов Российн Сийлахь спортан говзанча хилира. 2009 шарахь цунна йелира ДоттагӀалин орден.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра