Назма — бусалба динах лаьцна чулацам а болуш, мукъамца дӀа а олуш, стихашкахь йазйина исбаьхьаллин произведени йу. Назманаш фольклоран тайпанех йац, амма вайнахана йукъахь церан лелар, уьш аларан башхаллаш, церан цхьайолу исбаьхьаллин агӀонаш барта произведенешца цхьаьнайогӀуш йу. Назманаш шайн авторш болуш йу. Амма хьалха йазйинарш хан-зама йаларца дукхахьолахь шайн авторийн цӀераш йиц а лой, халкъан барта произведенеш санна, наха кар-кара а луш, баккхийчаьрга кегийчаьрга а кхочуш нахана йукъахь лелаш йу. Бакъду церан авторш баккхийчу Ӏеламнахана дукхахьолахь бевзаш хуьлу.

Назманийн чулацам бусалба динах бозабелла бу. Динах болу хьехамаш беш, Далла дуьхьал гӀуллакх дар, динан дай бовзийтар, бусалба нах къинойх ларбар, Далла дуьхьал хӀуттуш цӀена хилийтаран Ӏалашо йу назманийн. Дуьненахь а, эхартахь а пайдехьа хиндерг дуьйцу назманашкахь.

Нохчийчохь вевзаш хиллачу Ӏелам стага Закин-юьртарчу Ӏабдул-Хьалима йаьккхина и назма. Назманаш йаьхнарш дукха хьолахь баккхий нах хилла, Ӏаьрбийн маттана говза а болуш, церан поэзи а евзаш, шайгахь поэтически похӀма а долуш. Назманаш Ӏаьрбийн маттахь а, нохчийн маттахь а йаьхна цара. Тахана а баккхийчу Ӏеламнаха шайн йозанаш Ӏаьрбийн маттахь леладо, вовшашка кехаташ цу маттахь йаздо, назманаш а Ӏаьрбийн маттахь йоху. Масала, Ӏалхан-Юьртарчу Арсанукаев Мохьмад-Бешир Хьаьжин дукхаха йолу назманаш Ӏаьрбийн маттахь йу, цуьнан жайнаш а Ӏаьрбийн маттахь йаздина ду.

Назманан бӀогӀамалгаш

бӀаьра нисйан
  • Муъмин наха хало хьоьгу,
  • ПаргӀатонах хийла хьоьгу,
  • Цунна кхойкху гӀийла хьоьга,
  • Дела, бехьа хьайн къинхетам.
  • Ӏисъян вониг, дегӀо лоьху,
  • ТӀаӀат, дикий, даго хьоьху,
  • И шиъ нисдар хьоьга доьху
  • Бехьа, Дела, хьайн къинхетам.
  • Хьан неӀарге хьан леш баьхки,
  • Къинош дарна болуш бехке,
  • Хьайца там болчу уьш бахкий,
  • Бехьа, Дела, хьайн къинхетам.