Небель, Мигель
Не́бель Миге́ль (испан. Miguel Nebel; вина 1880 шерал хьалха, Монтевидеохь — вела терахь хууш дац) — уругвайн футболист, левзина ахтурслочун позицехь.
Харц цӀе | Мигелон | |||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1880 шо гергга | |||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Монтевидео, Уругвай | |||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | XX бӀешо | |||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||
Позици | ахтурсло | |||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
|
Биографи
бӀаьра нисйанНебель Мигелан жимачу хенах кӀезиг хаа. XIX бӀешо чекхдолуш иза левзина оцу хенахь Уругвайн клубашлахь уггаре ширачех а, чӀогӀачех а клубехь «Альбионехь», иза йара уругвайн футболан лига кхоьллинчех а, декъахойх а цхьаъ. Дакъа лаьцна исторехь дуьххьарлерачу мехкан чемпионатехь. 1900 шарахь хьалхарчу чемпионатехь «Альбион» финише кхечира шолгӀачу меттигехь, Сентрал Уругвай Рейлвей Крикет Клуб (хӀинцалера «Пеньяроль») тӀаьхьа. КӀеззиг хьалха, 1899 шарахь, кхоьллира махкахь дуьххьарлера меттигера футболистийн клуб, «Насьональ». Небель Мигель хьалхаваьлла «Альбионан» масех ловзархо, кхечу клубийн ловзархой а дехьабевлира керлачу клубе. Ша Небель «Насьональ» кхоьллинарг ву ала мегар дацахь а, цунна сихха делира оцу клубехь вице-президентан дарж, иза ловзуш футболист а волуш[1].
Накъосташна йукъахь Небель чӀогӀа лоруш вара, цундела 1902 а, 1903 шерашкахь, Уругвайн гулйина командин матчашкахь «Мигелон» ца хуьццуш командин капитан вара. Оцу хенахь дацара гулйина командин коьрта тренеран дарж, цундела ловзурш а, тактика а билгала йоккхура командин капитано. Небель Мигель капитан хилла (цуьнца цхьаьна тренер а) Уругвайн гулйина командин цуьнан хьалхарчу официалан ловзарехь Аргентинин гулйина командин дуьхьала, иза хилира 1902 шеран 20 июлехь. Оцу хенахь матч чекхйаьлира, 8 эзар хьовсархочун хьалха, уругвайхой хӀаллакбарца чот 0:6 йолуш[2].
ШолгӀачу шарахь Ла-Платера командаша Аргентинин дуьхьала кхин матч левзира, иза чекхйаьлира Уругвайн гулйина командин исторехь дуьххьарлерачу толамца. Небела йуха а арайаьккхира шен гулйина команда капитан а волуш. Гулйина командин йукъахь левзина верриг 11 ловзархо вара цхьаьна командера — «Насьональ» йукъара, 1902 а, 1903 а шерашкара Уругвайн чемпионан[3]. Уругвайхой туьйлира чот 3:2 йолуш — ши гол туьйхира Сеспедес Карлоса, ткъа толаман гол туьйхира цуьнан вашас Боливара. Шортта шераш девлча Мигель оцу матчехь левзинчарех ша висира, цуо билгала доккхура, хӀора 13 сентябрехь шен хуьлу 1903 шарахь санна хазахетар[4].
1908 шарахь Небель вежарех СеспедесгӀарах дийна висинчу цхьаьна вешийца, Амилькарца, гӀиртира (ловзархо а, куьйгалхо а волуш) лигехь йита лакхарчу дивизионе хьалайаьлла «Альбион», и аьтту цуьнан белира — «Альбион» йаьккхира 6-гӀа меттиг 10 командин йукъахь. Амма 1909 шеран чемпионат клубан ахча ца дисира, команда къовсаман йукъара йелира. Оцу хенахь дуьйна «Альбион» ловзу йезархойн йа ахговзанчийн лигашкахь[5].
Титулаш
бӀаьра нисйан- Уругвайн чемпион (2): 1902, 1903
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ C.N.DeF. (Historia y mas) (инг.). taringa.net (2 февраля 2011). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 25 октябрь. Архивйина 2014-10-25 — Wayback Machine
- ↑ Uruguay v Argentina, 20 July 1902 (инг.). 11v11.com (2014). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 25 октябрь.
- ↑ Primer triunfo internacional de Uruguay representado por el Club Nacional de Football (инг.). nacionaldigital.com. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 25 октябрь. Архивйина 2009-06-28 — Wayback Machine
- ↑ El triunfo de 1903 (исп.). decano.com (23 июня 2013). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 25 октябрь. Архивйина 2014-10-25 — Wayback Machine
- ↑ Albion Football Club: profetas del sport en Uruguay (исп.). Revista Digital - Buenos Aires (2008 шеран май). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 25 октябрь.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- National Football Teams сайт тӀиера профиль(ингалс.)
- Статья о первой в истории победе сборной Уругвая (оьр.)
- Curiosidades de Celeste (испан.)
- Профиль на soccer-db.info (ингалс.)
ХӀара Уругвайн футболистех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |