Несара[3] (оьрс. Назрань, гӀалгӀ. Наьсаре, На́на-Наьсаре) — Российн къилбехьара Республика ГӀалгӀайчуьра шахьар. Несаран кӀоштан административан йукъ, амма цунна йукъа ца йогӀу. Республикин маьӀнин шахьар. Кхуллу гӀалин гуо Несара гӀала[4]. Уггаре йоккха ГӀалгӀайчоьнан шахьар.

ГӀала
Несара
Наьсаре, На́на-Наьсаре
Сурт
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
43°13′ къ. ш. 44°46′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Регион ГӀалгӀайчоь
ГӀалин гуо Несара гӀала
Галин корта Евлоев Урусхан Хьасанан воӀ[1]
Истори а, географи а
Йиллина 1781
Дуьххьара хьахор 1810
Хьалхара цӀерш 1944 кхаччалц — Назрань
1959 кхаччалц — Коста-Хетагурово
Майда 138,28 км²
Центран локхалла 522 м
Климатан тайпа барамера
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 122 261[2] стаг (2020)
Луьсталла 885,95 стаг/км²
Агломераци 120,000
Къаьмнийн хӀоттам гӀалгӀай, нохчий, оьрсий
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш, православи
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 8732
Поштан индекс 386120
ОКАТО 26406
nazrangrad.ru
Картин тӀехь
Несара картан тӀехь
Несара
Несара картан тӀехь
Несара

Этимологи нисйе бӀаьра

XIX бӀешеран йуккъехь хьахайо Несара эвла. Топоним антропонимах схьайаьлла хетарх кхетайо — дуьххьара охьахиина Нясарах, иза хьахаво халкъан легендашкахь. 1944 шарахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхарца эвла йукъатуьйхира Къилбаседа ХӀирийчоьна, цӀе хийцира Коста-Хетагурово аьлла хӀирийн поэтан К. Л. Хетагуровн цӀарах. Нохч-ГӀалгӀайн АССР метахӀотторца 1957 шарахь йухайелла Несара цӀе, 1967 шарахь цунах Несарашахьар йина[5].

Географи нисйе бӀаьра

Шахьар лаьтта Соьлжа эркан аьрру бердаца, республикин малхбузен декъехь, Къилбаседа ХӀирийчоьн административан дозанехь, республикин коьрта шахьран — МагӀасан 4 км къилба-малхбузехьа.

Истори нисйе бӀаьра

 

Несаран махка стаг охьахиина йуккъера тӀулган бӀешерера муьрахь дуьйна. 30 гергга тӀулгийн мустье гӀирс дукхаха берш андезитера а болуш карийна В. П. Любинна Дошлакъий-Йурт йистехь. Карийна и гӀирсаш меттигерачу породех бина хилар, оцу меттигехь мустьен муьрехь тӀулг кечбо жима пхьолгӀа хила хилар а[6]. лакхара палеолитан муьрера Мокхазан гӀирс карийна Эккажакъоьнгий-Йуртахь[7].

Несаран чӀагӀо нисйе бӀаьра

 
Легендица Несара кхоьллинчу Мальсагов Карцхалан иэс
 
Несара гӀап. 1859 шеран сурт.

Несара кхоьллина терахь тӀеэцна 1781 шо[8]. Бух схьаэцна Российн эскаран квартирмейстерандекъера дивизионан квартирмейстеран Л. Л. Штедеран эпсаран хаамашкара, иза ша 1781 шарахь хилла ГӀалгӀаймахкахь, Ӏалашо йара тӀеман-топографин хаамаш гулба, гайтина Несара эркаца гӀалгӀайн гӀарулийн посташ[9]. ЧӀагӀдо кхин хьалха а Несара хьахайар, масала 1769/1770 шерийн италихойн математикан, астрономан, геодезистан, картографан Джованни Антонио Рицци-Заннонин «Ӏусманийн империн къилбаседин декъан» картин тӀехь[10]. Российн официалан документашкахь чӀагӀйина нах беха меттиг Несара дуьххьара хьахийна 1810 шарахь[11] Несаран чӀагӀонах, гӀап йина инарло И. П. Дельпоццос Мазалкера БуритӀе боьду некъ къовлархьама. ЧӀагӀонан белхаш беш балийра Мазалкера оьрсийн тӀеман инженераш[12].

Кавказан тӀом болуш, 1817 - 1832 шерашкахь Несара гӀап цкъа йухайина а, чӀагӀйина а ца Ӏара. 1818 шарахь Несаран чӀагӀо чӀагӀйира А. П. Ермоловс, оццу шарахь цуо йуьйгӀира Соьлжан лахенашкахь Грозни-гӀап. Несаран чӀагӀонна гергахь лаьттара Теркан гӀазакхийн гӀаланаш Обарг-Йурт, Сипсо-ГӀала, Эха-Борзе, Мохьмад-хитӀе. 1841 шарахь апрелехь гӀопан тӀелетта Имам Шемал йухатохарна императоро Николай I-чо Несаран йукъараллин совгӀат дина Георгийн байракхца[8].

1858 шеран Несаран гӀаттам нисйе бӀаьра

1858 шарахь Несарахь гӀаттам белира. Меттигерачу бахархойн доллара а, лаьттан а бакъонаш луьсту комитето гӀаттаман бахьнаш дийцира, цара бохура гӀалгӀашна ца лаьа билгалйаьхначу меттигашкахь Ӏан, иза бахьнехь, «хила йеза терго ца хуьлу царна тӀехь». ГӀаттам боьдуш гӀалгӀайн бахархой аьттонза гӀиртира гӀазакхашкара Несара гӀап йаккха. ГӀаттам аьттонца охьатаӀийра А. И. Барятинскийс. 1860-гӀа шерашкахь сацам бира Несаран чӀагӀо кхин а чӀагӀйан, цунна гӀопан гергахь йехкира керла гӀазакхийн гӀаланаш — Эльдархан-ГӀала, Ангушт, шолгӀа Соьлжин а ГӀажарийн-Юрт.

Несара шахьар кхиар нисйе бӀаьра

Гражданийн тӀом Россехь нисйе бӀаьра

Россера гражданийн тӀеман муьрера Несара гӀалахь йаьржинера революцин ойланаш, уьш йоьзна йара большевикийн латта дӀасадекъаран кхайкхамца. 1918 шарахь йолайелира гӀазкхий дӀабахаран политика, иштта 1918 шеран 22-28 майхь Теркан къаьмнийн III гуламо тӀеэцна сацам лаьттан долахошкара даккхий латтанаш схьадаха, долара латтанаш дӀадаха, гӀазкхийн асанаш дӀайаха аьлла. Оцу муьрехь Теркан а, Соьлжин а бердаш тӀехь хуьлу гӀазакхийн гӀовттамаш. Цигахь дакъа лоцу гӀалгӀайн хьал долчу доьзалша а, церан а хуьлу паччахьан заманахь бахамаш. 1918 шеран ноябрера 1919 шеран февраль кхаччалц тӀемаш дуьйлало Къилбаседа Кавказехь, цигахь большевикашкахьара болу гӀалгӀайша дуьхьало йо кӀайнгвардейцашна.

Кавказера тӀемаш бахьнехь А. Г. Шкурон аьтту белира Несара ларйеш большевикашкахьа болчу бахархошка гӀала дӀайалийта. Толам баьккхинчул тӀехьа А. И. Деникинан Шенлааман эскаре гӀазакхашца цхьаьна бахка буьйлабелира, кӀайнгвардихошка ойла йолу, цхьаболу гӀалгӀай а. Теркан областан Несара гуонера вахархочо С. А. Мальсаговс кхоьллира Шенлааман эскаран йукъахь Хьалхара гӀалгӀайн дошлойн полк. 1920 шарахь, Деникинан эскар эшначул тӀехьа, Несарахь йуха а меттахӀоттийра советийн Ӏедал. ГӀалгӀайн къоман большевикийн гуламан сацамца ЦӀечу Эскаран дан луш долу гӀо де аьлла тӀеийцира. 1920 шеран ноябрехь Несара гӀала официалан йукъайахна Ламанан ССР, цул тӀехь цунах 1921 шеран 20 январехь ЙЦКхК декретаца йира Ламанан АССР.

Советийн Ӏедалан шерашкахь нисйе бӀаьра

1924 шарах Ламанан АССР йукъахь йара РСФСР Кхъилбаседа-Кавказан мохк. 1929 шарахь Ламанан АССР йукъара Соьлжин гӀазакхийн гуо дӀабаьккхира, цул тӀехьа махках бехира теркан гӀазакхий Несара гуонахьара гӀаланашкара, ткъа 1936 шарахь Ламанан АССР йукъара йаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн АССР РСФСР йукъахь, цунна йуккъе туьйхира хилла Соьлжин гӀазакхийн гуонан латтанаш. 1944 шарахь сацам бира нохчий а, гӀалгӀай а махкахбаха, иза бахьнехь Несара йуьрт йукъайахара Къилбаседа-ХӀирийн АССР, цӀе хийцира Коста-Хетагурово[8] (хӀирийн поэтан Хетагуров Костин сийнна). 1957 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀехьа йухайерзийна историн цӀе Несара. ГӀалин статус йелла 1967 шеран 16 октябрехьа. ГӀалахь 1980-гӀа шерашкахь йира дуккха квартирийн 5, 9 гӀат йолу цӀенош.

Керла зама нисйе бӀаьра

1992 шеран июнехь Несарахь кхоьллира Российн Федерацин керла йинчу ГӀалгӀайн Республикин администраци.

ГӀала официалан коьрта шахьар йац, амма ГӀагӀайчоьнан административан, оьздангаллин, экономикин йукъан функцеш кхочуш йина 2000 шо кхаччалц, керла коьрта шахьар йиллалц — МаӀас, лаьтта 4 километр Несарна уллехь. 2004 шарахь ШолгӀа нохчийн кампанехь тӀелетира тӀемлой Несарна, цигахь тӀелетира меттигера бахархошна а, милицина а:[13] 98 стаг вийра, 104 чевнаш йира. Несара гӀалахь низам латто лаьтта тӀемлойн дакъа.

Административан хӀоттам нисйе бӀаьра

 
Несара гӀ. административан гуо
     Альтиевн      Гамурзиевн      Несара-Коьртан      Йуккъера

Несара гӀалин ГӀалгӀайчоьнан административан-мехкан хӀоттаман республикин маьӀнин гӀалин статус йу[14], меттигера урхаллин гуран чохь кхуллу гӀалин гуо Несара гӀала.

Административан йекъайалар нисйе бӀаьра

Несара гӀала йекъало йеа административан гуонна[15][16][17]:

Административан
гуо
Бахархой,
ст.
ОКАТО код
1 Альтиевн 8457[2] 26 406 362
2 Гамурзиевн 12 413[2] 26 406 368
3 Несара-Коьртан 24 884[2] 26 406 371
4 Йуккъера 76 507[2] 26 406 378

Несара гӀалин администраци лаьтта, цуьнан гӀовсех, гӀуллакхийн урхалчех, дакъойн хьаькамех, коьрта говзанчех, говзанчех, кхин а административан гуонийн коьртех.[15]

Несара гӀ. администрацин структурин йукъа йоьлху Несара гӀ. меттигерачу Администрацин меженаш:[15]

  • администраци Альтиевн административан гуо;
  • администраци Гамурзиевн административан гуо;
  • администраци Несара-Коьртан административан гуо;
  • администраци Йуккъера административан гуо.

Меттигера ша шен урхалла нисйе бӀаьра

Несара гӀалин меттигера ша шен урхаллин меженийн структура йу:[17]

  • векалийн меттигера ша шен урхаллин меже — ГӀалин кхеташо;

Дешар нисйе бӀаьра

Ишколал хьалхара
  • Берийн беш «Малх» РФ къоман гвардин эскарийн
  • Берийн беш № 1 «Боозбунчаллин гӀап»
  • Берийн беш № 1 «Буратино»
  • Берийн беш № 2 «Бераллин дуьне»
  • Берийн беш № 2 «Лунтик»
  • Берийн беш № 3
  • Берийн беш № 4
  • Берийн беш № 5
  • Берийн беш № 6
  • Берийн беш № 7 «Маьлхан бӀов»
  • Берийн беш № 8
  • Берийн беш № 9 «Бераллин планета»
  • Берийн беш № 13 «Хьекъале кӀентий а, йоӀрий а»
  • Берийн беш № 15 «Тобалкх»

Инфраструктура нисйе бӀаьра

ГӀалахь йеха Российн ФКхГ Къилбаседа-Кавказан дозанан урхаллин Несаран дозанан тоба (кхоьллина 1995 шарахь)[18] а, 126-гӀа ЧГӀМ Российн чоьхьара эскарийн полк (2004 шарахь дуьйна)[19].

Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштан некъан БесланСипсу-ГӀалин асанера ЦӀерапоштан некъан станци Несара. Хьалха цӀерапоштнекъ биллинера Несара станцин тӀера Соьлжа-ГӀала кхаччалц, амма Нохчийчохь тӀом болучу хенахь Сипсу-ГӀалара Соьлжа-ГӀалин тӀекхаччалц дӀасакхехна.

Болх беш йу 9 маршрут гӀалин автобусан, цигахь болх бо ПУП «ГӀалгӀайавтотранс». Леларан хӀоттам: жимачу классан автобусаш ГАЗ-3221 «Газель», жимачу классан автобусаш ПАЗ-3205 а, ПАЗ-3204 а.

Экономика нисйе бӀаьра

  • бепигдоттийла,
  • шурийн завод,
  • туристийн база,
  • йайн лаламийн завод «Вилс»,
  • бетонан завод,
  • Нерудпром,
  • тегаран цхьаьнакхетар «Теймах»,
  • полиграфин комбинат,
  • Металлоторг (ГӀалгӀачуьра металлобаза, Российн европера декъан йоккхаха йолчу предприятин филиал),
  • Наштаран профилийн завод «РИАК»

Спорт нисйе бӀаьра

Несарахь дӀайаьхьна охьа тохарех латаран Российн чемпионат 2017 шеран а, дзюдох латаран Российн чемпионат 2019 шеран.

Оьздангалла, самукъадаккхар, сийлаллаш нисйе бӀаьра

  • ГӀалгӀайн пачхьалкхан драмин театр,
  • Оьрсийн пачхьалкхан драмин театр,
  • Жимхойн хьовсархойн театр,
  • ГӀалгӀайн пачхьалкхан филармони,

Дин нисйе бӀаьра

ГӀалахь пхиъ доккха а, 15 гергга жима а маьждиг ду.

Российн тӀемлой декъехь болх беш йу зугӀар Сийлахь Кхааннан цӀарах.

Бевзаш болу несархой нисйе бӀаьра

Бинарш Несарахь:

Халмурзаев Хьасан Махьмад воӀ — российн дзюдоист, 2016 шеран олимпийн чемпион категорехь 81 кг, Европин чемпион[20], жимахошна йукъахь Европин чемпион, Российн чемпион, Сингапурера 2010 шеран жимахойн Олимпийн ловзарийн совгӀатхо, Кванджура 2015 шеран аьхкенан Универсиадин чемпион. Российн спортан хьакъдолу говзанча.

Галерей нисйе бӀаьра

Топографин карташ нисйе бӀаьра

  • Лист карты K-38-30 Орджоникидзе. Масштаб: 1 : 100 000. Состояние местности на 1984 год. Издание 1988 г.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Глава тIетовжаран йоза йаздина дац
  2. 1 2 3 4 5 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 24 апрелехь 2020. Архивировано 24 апрелехь 2020 года.
  3. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978
  4. Закон от 23 февраля 2009 года № 5-РЗ «Об установлении границ муниципальных образований Республики Ингушетия и наделении их статусом сельского поселения, муниципального района и городского округа». ТӀекхочу дата: 27 сентябрехь 2018. Архивировано 28 январехь 2018 года.
  5. Поспелов, 2008, с. 303.
  6. Любин В.П., Бадер Н.С., Марковин В.Н. Первые местонахождения орудий каменного века в ЧИАССР // КСИА. Вып. 92. — 1962. — С. 121.
  7. К истории археологического изучения Чечни Архивйина 2020-08-07 — Wayback Machine, 23.12.2008
  8. 1 2 3 Энциклопедия «Мой город» — Назрань. ТӀекхочу дата: 29 апрелехь 2010. Архивировано 10 июнехь 2010 года.
  9. Картоев, 2019, с. 181.
  10. Гаджиев, 2019, с. 171—179.
  11. Н. Д. Кодзоев. История Ингушетии (краткий очерк). ТӀекхочу дата: 16 мартехь 2011. Архивировано из оригинала 2 сентябрехь 2011 года.
  12. Гриценко Н. П., Золотов В. А. Города Северо-Восточного Кавказа и производительные силы края. Ростов-на-Дону, 1984. С. 127
  13. Любарская Е. Зачистка «по-ингушски» (Lenta.ru). ТӀекхочу дата: 17 июнехь 2017. Архивировано 14 июлехь 2017 года.
  14. Конституция Республики Ингушетия. ТӀекхочу дата: 18 сентябрехь 2017. Архивировано 27 июнехь 2020 года.
  15. 1 2 3 Структура, Положение о местной Администрации г. Назрань. ТӀекхочу дата: 18 сентябрехь 2017. Архивировано из оригинала 19 сентябрехь 2017 года.
  16. Структурные подразделения. ТӀекхочу дата: 18 сентябрехь 2017. Архивировано из оригинала 18 сентябрехь 2017 года.
  17. 1 2 Устав города Назрань. ТӀекхочу дата: 18 сентябрехь 2017. Архивировано 19 сентябрехь 2017 года.
  18. История Северо-Кавказского пограничного управления ФСБ России. ТӀекхочу дата: 16 мартехь 2011. Архивировано из оригинала 31 мартехь 2010 года.
  19. РИА Новости: Дислоцированный в Ингушетии 126-й полк внутренних войск МВД РФ приступил к выполнению служебно-боевых задач
  20. Российский дзюдоист Хасан Халмурзаев завоевал золото чемпионата Европы в Казани. ТӀекхочу дата: 13 августехь 2016. Архивировано 28 июнехь 2016 года.

Литература нисйе бӀаьра

  • Гаджиев З. Т. К вопросу о датировке основания города Назрань как ингушского поселения, существующего не менее 250 лет // Вестник Ингушского научно-исследовательского института гуманитарных наук им. Ч. Э. Ахриева : научный журнал. — Магас: Ингушский НИИ ГН им. Ч. Э. Ахриева, 2019. — Вып. 2. — С. 171—179.
  • Поспелов Е. М. Географические названия России. Топонимический словарь. — М.: Астрель, АСТ, 2008. — 523 с. — 1500 экз. — ISBN 978-5-17-054966-5.
  • Картоев М. М. К вопросу о дате основания Назрани в свете гипотезы, представленной к.и.н. З. Т. Гаджиевым на основе изучения данных карты «Северной части Османской империи» 1774 г // Вестник Ингушского научно-исследовательского института гуманитарных наук им. Ч. Э. Ахриева : научный журнал. — Магас: Ингушский НИИ ГН им. Ч. Э. Ахриева, 2019. — Вып. 2. — С. 180—191.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра