Ниеншанцан гуо лацар (швед. Slaget om Nyenskans) — Сийлахь-Боккха Къилбаседа тӀеман муьрехь Неван хикхочен гена доцуш лаьтта шведийн гӀопан Ниеншанцан гуо лацар а, иза йаккхар а. Гуо лаьцнера 1703 шеран 25 апрелан — 1 майн йукъахь, чекхделира штурм ца йеш шведийн гарнизоно гӀап дӀайаларца.

Ниеншанцан гуо лацар
Коьрта конфликт: Сийлахь-Боккха Къилбаседа тӀом
ГӀопан хӀокху заманан кеп
Терахь  1703 25 апрелехь (6 майхь) —  1703 1 (12) майхь
Меттиг Ниеншанц, Шведийн Ингерманланди
ЖамӀ оьрсийн толам
МостагӀий

Швеци

Российн байракх Росси

БӀаьччаш

Аполлов

Пётр I
Б. П. Шереметев

Массон ницкъаш

600 стаг
75 йоккха топ, 3 мортира

20 эзар стаг
48 йоккха топ, 16 мортира

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
 

Иэсан билгало «Ниеншанц гӀап».
ХӀоттийна 2000 шеран 15 июнехь.
Сурт — 2012 шеран октябрехь даьккхина

1702 шеран октябрехь Нотебург йоьжначул тӀаьхьа шолгӀачу шеран бӀаьста Пётр I-чо Ниеншанц йаккхаран операци йира. И хилам хиларе хьоьжу гӀопан шведийн коменданто йагийра Ниенштадт гӀала а, гуонаха йолу гӀап (шанц) а.

Ниеншанц йоьжначул цхьа кӀира даьча Невин хикхочехь хилира оьрсийн а, гуо лаьцна гӀопан гӀоьнна даьхкина шведийн а кеманашна йукъахь хӀордан тӀом.

Дукха хан йалале Невин хикхочехь Пётр I-чо керла гӀап-гӀала Петарбух, йиллира  1703 шеран 8 (19) июлехь, Сестра э. тӀера тӀамтӀехь оьрсийн эскаро йухатуьйхира шведийн А. Крониортан корпус Выборг тӀекхаччалц.

Оцу хенахь инарла-фельдмудира Б. П. Шереметевс  1703 шеран 27 майхь (7 июнехь) йаьккхира Копорье, инарла-майора Н. Г. фон Вердена  1703 шеран 14 (25) майхь йаьккхира Ямбург.

Ишттачу кепара, чекхдаьккхира Ингерманланди йаккхар.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан