Кент Нильсен (дат. Kent Nielsen; вина 1961 шеран 28 декабрехь Фредериксбергехь, Дани) — данин футболист, йуккъера турсло, гӀараваьлла «Брондбюн», «Астон Виллин», Данин гулйина командин йукъахь ловзуш. 1986 шеран дуьненан чемпионатан а, 1992 шеран Европин чемпионатан а декъахо. Данин хиллачу футболистан Нильсен Эрикан да.

Футбол
Кент Нильсен
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Кент Нильсен
Вина терахь 1961 шеран 28 декабрь({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (62 шо)
Вина меттиг Фредериксберг, Дани
Гражданалла Данин байракх Дани
Локхалла 191 см
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
1980—1986 Данин байракх Брёншёй 230 (34)
1987—1989 Данин байракх Брондбю 91 (7)
1989—1991 Ингалсан байракх Астон Вилла 79 (4)
1992—1994 Данин байракх Орхус 62 (7)
Тренеран карьера
2000 Данин байракх Орхус
2001—2008 Данин байракх Хорсенс
2009—2010 Данин байракх Брондбю
2010—2015 Данин байракх Ольборг
2015—2018 Данин байракх Оденсе
СовгӀаташ а, мидалш а
Европин чемпионаташ
Деши Швеци 1992
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Клубан карьера нисйе бӀаьра

Нильсен шен карьера йолийна да левзинчу клубехь «Брёншёйн» йукъахь. Командехь цуо даьккхира йалх шо, левзира 300 гергга матчехь. 1987 шарахь Кент дехьавелира «Брондбю». Керлачу клубца иза шозза туьйлира Данин Суперлигехь, баьккхира Данин кад. Дуьненан чемпионат - 88 чекхйаьллачул тӀаьхьа иза дехьавелира Ингалсан «Астон Вилле». Трансферан мах хилира £ 500 эзар. Иза ма-вагӀара командин коьрта ловзархо хилира, амма 1991 шарахь керла тренер варца, Нильсенан коьртачу хӀоттамера меттиг байра, ткъа иза даймахка цӀехьа вирзира. Кентан керла клуб хилира «Орхус», цуьнца шен карьерехь шозлагӀа данин кад баьккхира. 1994 шарахь Нильсена чекхйаьккхира шен футболистан карьера, тӀаккха тренер хилира.

Дуьненайукъара карьера нисйе бӀаьра

1983 шеран 5 октябрехь Нильсенан дебют хилира Данин гулйина командин йукъахь Польшин гулйина командин дуьхьаларчу матчехь. 1986 шарахь дуьненан чемпионате боьлхучеран дӀахьедаран исписки йукъатуьйхира иза. Турнире Кент вахара резерван футболистан хьолехь, арен тӀе ца велира. 1992 шарахь Нильсен къоман гулйина командин йукъахь левзира Европин чемпионатехь, турниран толамхо хилира. Турнирехь иза левзира деа ловзарехь, Ингалсан гулйина командица[1], Швецица[2], Францица[3], Германица[4]. Европин хьалхейаккхар чекхйаьлча Кента чекхйаьккхира шен къоман командин йукъара карьера.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Командин

  «Брондбю»

  «Орхус»

Дуьненайукъара

  Дани

Тренеран

  «Ольборг»

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Дани VS. Англия 0:0 (ru), allsoccer.ru (11 June 1992).
  2. Швеция VS. Дани 1:0 (ru), allsoccer.ru (14 June 1992).
  3. Франция VS. Дани 1:2 (ru), allsoccer.ru (17 June 1992).
  4. Дани VS. Германия 2:0 (ru), allsoccer.ru (26 June 1992).

Хьажоргаш нисйе бӀаьра