Но́виков Вале́рий Ива́нович (вина 1957 шеран 1 ноябрехь, Москох) — советийн футболист, кевнахо. 1980 шеран Европин кегийрхойн чемпионатан толамхо. ССРС дуьненайукъара классан спортан говзанча. Вевза москохан клубашна «Локомотиван» а, ЦСКАн а йукъахь ловзарца. ССРС гулйина командехь левзина кхаа матчехь, царех цхьаъ олимпийн гулйина командехь. ХӀинца бизнес лелош ву.[1]

Футбол
Новиков Валерий
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Новиков Валерий Иванович
Вина терахь 1957 шеран 1 ноябрь({{padleft:1957|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (66 шо)
Вина меттиг Москох, ССРС
Гражданалла  ССРС
Российн байракх Росси
Локхалла 192 см
Йозалла 87 кг
Позици кевнахо
Клубан карьера[* 1]
1975—1977 Байракх ССРС Локомотив (Москох) 14 (-16)
1978—1987 Байракх ССРС ЦСКА (Москох) 257 (-276)
Къоман гулйина команда[* 2]
? Байракх ССРС ССРС (кег.) ? (?)
1978—1984 Байракх ССРС ССРС 2 (-2)
1984 Байракх ССРС ССРС (олимп.) 1 (-1)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь.

Биографи нисйе бӀаьра

Клубан карьера нисйе бӀаьра

Футболан Смена (Москох) ишколан кхиорхо.

Новиков Валерийс шен профессионалан карьера йолийра москохан «Локомотивехь». Цуьнан дебют хилира «аьчкановкъахошца» 1976 шеран бӀаьстенан чемпионатехь, оцу хьалхейаккхарехь иза левзира шина матчехь, чутохийтира цхьа гол. «Локомотивехь» Новиковс кхо шо даьккхира. 1978 шеран чемпионат йолайалале Валерий дӀакхийтира москохан ЦСКАх. Ши шо даьлча Новиковх эскархойн коьрта кевнахо хилира. Итт шарахь ЦСКАхь Валерий левзира 270 матч, чутохийтира 291 гол. 1987 шерал тӀаьхьа Новиковн, коьртачу хӀоттамера меттиг байра, сацам бира шен карьера ТӀеман Ницкъашна йукъахь ловзуш Чехословакехь дӀайахьа, циггахь чекхйаьккхира футболистан карьера.[1]

Гулйина командера карьера нисйе бӀаьра

ССРС кегийрхойн гулйина командехь 1980 шарахь Европин кегийрхойн чемпионатан толамхо хилира. ССРС гулйина коьрта командехь левзира шина матчехь, царна чохь цхьа гол тохийтира. Мехкан гулйина коьрта командехь дебют хилира 1979 шкран 5 апрелехь а Финляндин гулйина командин дуьхьаларчу матчехь. ТӀаьххьара матч гулйина командехь левзина 1984 шеран 19 августехь Мексикин гулйина командин дуьхьала. Кхин а цхьа матч левзина ССРС олимпийн командехь.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Долара нисйе бӀаьра

  • 1976 шарахь дуьйна спортан говзанча.
  • 1980 шарахь дуьйна Дуьненайукъара классан спортан говзанча.

Командин нисйе бӀаьра

  • УЕФА жимахойн турниран толамхо: 1976
  • Европин кегийрхойн чемпионатан толамхой: 1980
  • ССРС Хьалхара лигин толамхо: 1986

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра