Норве́гин хӀо́рдКъилбаседа Шен Ӏапказан йисттера хӀорд (советийн а, российн а библиографехь)[1], Скандинавин ахгӀайрен а, Исландин а, Ян-Майен гӀайренан а йукъахь. ХӀордан бух тӀехь доьжна ду 1989 шарахь доьхна советийн атоман хин бухахула лела кема «Комсомолец».

Норвегин хӀорд
Норвегин хӀорд
Норвегин хӀорд
Амалш
Майда1,4 млн км²
Дуккха кӀоргалла3970 м
Лаьтта меттиг
67°52′32″ къ. ш. 1°03′17″ м. д.HGЯO
Къилбаседа Шен Ӏапказ
Норвегин хӀорд
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Атлантикин йа Къилбаседа Шен Ӏапказ

бӀаьра нисйан
 
Норвегин хӀордан дозанаш

Советийн а, тӀаьхьа российн библиографехь (ЙСЭ а, ЙРЭ) Къилбаседа Шен Ӏапказан доза доккху ГренландиИсландиФарерийн гӀайренашШетландин гӀайренашНорвеги асанца, тӀаккха Норвегин хӀорд Къилбаседа Шен Ӏапказ йукъахь хуьлу. Малхбузан хьасташкахь, масала, Дерригдуьненан гидрографин кхолламан терминологехь, Къилбаседа Шен Ӏапказан доза доьду Гренланди — Исланди — ШпицбергенЧенан гӀайре — Норвеги асанца, тӀаккха Норвегин хӀорд Атлантикин Ӏапказан йукъахь хуьлу.[2]

Физика-географин амалаш

бӀаьра нисйан

Майда 1,4 млн км², кӀоргалла 3970 м (йуккъера кӀоргаллаш — 1600—1750 м), хӀорд тӀекхетар барам — 3,3 м гергга, дуьралла — 35 ‰ гергга. Норвегин хӀордан доккха маьӀна долуш ду довха Норвегин хилелар (Гольфстриман чеккхе); и хилелар бахьнехь Норвегин хӀорд Ӏай гӀуора ца бо. Норвегин бердашца хи кӀорга дац, амалехь йу гомхаллаш (Лофотенан банканаш а, кхин а).

Уггар йаккхий гӀайренаш: Сёрёйа, Сейланн, Аннёйа, Арнёйя, Рингвассёй, Сёр-Квалёй, Квалёйа, Сенья, Вестеролен гӀайренаш, Лофотенан гӀайренаш, Дённа, Вега, Фрёйя, Хитра, Смёла Норвегин берда йисттехь.

Бахаман маьӀна

бӀаьра нисйан

Дика даьржина чӀарлацар (треска, сельдь) а, мехкдаьтта даккхар а.

Ладаме порташ — норвегера Тронхейм, Тромсё, Нарвик.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Норвежское море // Никко — Отолиты. — М. : Советская энциклопедия, 1974. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 18).
  2. Границы океанов и морей, Всемирная гидрографическая организация, 1953 Архивйина 2011-10-08 — Wayback Machine

Кеп:Къилбаседа Шен Ӏапказан хӀордаш