Нохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъаш

(Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоьнан ТӀеман НицӀкъаш тӀера хьажжина кхуза)


Нохчийн Сурхо. 1995 шо, Джовхар-гlaла йоккху тlеман тасадаларш

Истори нисйе бӀаьра

1990 шерахь Джовхар-гӀалахь цхьана кхетначу Нохчийн къоман Гуламехь дхьа кхайкхийра Нохчийчоь йозуш йоцуш пачхьалкх хилар. 1991 шерахь, пачахь волчу Дудаев Джовхарс Нохчийчоь йозуш цахиларан Омран тӀе куьг таӀийра. 1992 шерахь Парламенто тӀе лаьцна пачхьалкхан Низам леларе делира, цу тӀехь аьлла дара: «Нохчийчоь йозуш йоцуш, демократийн, бакъонийн пачхьалкх ю, нохчийн къомо шен лаамца кхоьллина». 1992 шарахь нохчийн Ӏедало федеративнийн бертан тӀе куьгтаӀор йемал дира[1].

Дудаев Джовхарс 1991 шерахь, № 2 Омран тӀе куьг а таӀийна, кхоьллира ТӀеман Министерство. Оцу омрийца, Нохчийчуьра йерриге тӀеман тобанаш министерствон куьйгалле яьхкира. 1991 шерахь тӀе куьг таӀийна № 16 Омран низамца «Нохчийчуьра йерриге тӀеман тобанаш паччахьан куьйгалле яьхкира»[2]. ТӀеман боккхах болу мохь ТӀеман НицӀкъийн Коьрта Кхеташонехь бара. Коьрта Кхетшонан Куьйгалхо вара инарл-лейтенант Шахабов Висхан. Коьрта Кхетшонан Куьйгалхочуьна гӀоьнча — Масхадов Аслан.

Тleман Ницlкъаш нисйе бӀаьра

Нохчийн Пачхьалкхан Низамца, Тleман Ницlкъийн Коьрта Куьйгалхо паччахь ву.

Кеп нисйе бӀаьра

  • Тlеман Ницlкъийн Коьрта Штаб
  • Къоман Гвардийн Пачахьан Полк
  • Лерина гlуллакхийн Полк
  • Танкийн полк
  • Къаьстина Хlаваъ Кеманийн Тоба
  • Хlаваъ Кеманийн lаморан Тоба
  • Хlаваъ-транспортийн авиаци
  • Тlеман колледж [3]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра