Нью-Хе́йвен Коло́ни (инг. New Haven Colony) — Къилбаседа Америкера ингалсан 1638—1665 шерашкара колони.

Историн пачхьалкх
Нью-Хейвен колони
Байракх
Байракх
 
1638 — 1665
Коьрта гӀала Нью-Хейвен
Мотт (меттанаш) ингалсан
Урхаллин тайпа конституцин монархи
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

1637 шеран 26 июнехь «Hector» кеман тӀехь Бостоне баьхкира пуританийн мозгӀар Дэйвенпорт Джон[en] шен мурдашца. Массачусетсан айман колонис чӀогӀа гӀуо лелош а хетта динан болх, цара бартбира шайн колони кхолла. Гурахь коьртехь Итон Теофилус[en] волу талламан парти яхара къилбехьа, Лонг-Айленд хидоькъен къилбаседа берда тӀе дико меттиг лаха. Цара ийцира индахошкара Киннипиак хин хикхочера латта, 1638 шеран 14 апрелехь кхоьллира юрт Нью-Хейвен.

1639 шарахь Хартфордан, Виндзоран, Ветерсфилдан бахархой беха законаш, цхьаьнатуьйхира, уьш девза «Коннектикутан фундаментан законаш[en]» цӀарца. Нью-Хейвенан бахархошна ца лиира тӀаьхьабиса лулахойл, иштта законаш тӀеийцира шайна а. Кхоьллира урхаллин ВорхӀанан Кхеташо, барт бира, «…Делан законо бен урхалла ма-дойла…»: библин законаш лакхара дара ингалсан законел (масала, Библехь дуйбианчера суд хьахийна йац, цундела колонехь иза ян а йац, ткъа кхелан сацам бо Кхеташоно). Кхаж таса бакъо яра килсан конгрегацин юкъарчеран.

Колонин аьттуно кхин а мухажираш балийра, массо а пуританаш а бацара уьш. Керла кегийра гӀаланаш кхоллаяла юьйлаелира (царех «плантацеш олура»): 1639-гӀа — Милфорд а, Гилфорд а, 1640-гӀа — Стэмфорд а, Саутолд а Норт-Форк ахгӀайренан Лонг-Айленд хидоькъен дехьарчу бердаца, 1643-гӀа — Брэнфорд.

1641 шарахь колонис ийцира ленапе тайпанера Делавэр (хӀинца цигахь Филадельфи ю) хин йисташкара мохк. 1642 шарахь цига кеманахь беира 50 доьзал, цара йохк-иэцаран пост йиллира Скулкил хин хикхочехь. Оцу регионехь болхбеш болу Нидерландин а, Швецин а йохк-иэцархошна ца лиира конкуренташ охьаховшийта, мухажарийн цӀенош дагийра цара. Нью-Хейвен колонега цхьанне хӀуманца гӀо ца лацаделира царна, аьтту ца балар къобалдан дийзира.

1660 шарахь Ӏедале веанчу Ингалсан паччахьо Карл II-гӀачо хийзо болийра 1649 шарахь шайн дена Карл I-чун виеран кхелйина суьдхой. Цхьаберш царех бевдира Керлачу Дуьнене, 1661 шарахь Волли Эдвард[en] а, Гофф Вильям[en] а гӀоьртира Нью-Хейвенехь лачкъа, тӀаьхьуо царах кхийтира Джон Диксвелл[en].

1662 шеран 22 апрелехь араделира паччахьан харти, цуо къобалйира Фундаментан законашца йолу Коннектикут колонин шайн урхалла. Хартис юкъатоьхна уггаре керланиг дара, Коннектикутан махкахь цхьа правительство хӀоттаяр, къилбехьара доза Лонг-Айленд хидоькъе, ткъа малхбузехь — Тийна Ӏапказ. Оцуо дӀакхаллийтира Коннектикут колонега Нью-Хейвен колони, Нью-Хейвен Коннектикутан юкъаяхаран процесс чекхъелира 1665 шарахь.