Океан[1] йа Ӏапказ (шира желт. Ὠκεανός / Ôkeanós) — географехь, инзаре йоккху меттиг дӀалаьцна лаьтташ массо а континенташна гобаьккхина долу дуьра хи ду. Латтан 71,1 % тӀехуле дӀалаьцна латтош йу «планетан океано» йа «Океан» (доккха О дуьллуш хьалха) Ткъа и-ша бу 5 океане бекъалуш. Берриге хӀордаш цаьрна йуккъе боьлхуш бу.

Океанаш

БекъабаларНисйе

ЦӀерш Майдан хьал % Хаам
Тийна океан 165 250 000 kм2 43,5 Уггарe боккха а, уггар кӀоргa океан бу хӀунда аьлча цо Латтан 1/3 тӀехуле дӀалоцу. Иза бу Евразин а, Австралин а малхбузехьа, Къилбаседа а, Къилба Америкин а малхбалехьа, Антарктидан къилбехьа йукъехь. Цуьнан центр йолу меттехь а, малхбузеран агӀо йолу меттехь а, хина бухахь вулканизм ю.
Атлантикин океан 106 400 000 kм2 28,0 Тийна океан тӀехьа шозлагӀа боккха океан бу. Шораллина къилбседера къилбе кхаччалц 5 000 км йу. КӀеззиг вулканизм йолуш хин бух бу цун. Ткъа иштта хина бух можа басехь бу. ХӀунда аьлча шорта дaккхи дуьра доцу хиш ду Къилба Америкера а, Йуккъера Африкера цуьнах кхеташ, масалла: Амазонка, Конго (эрк).
ХӀиндин океан 73 556 000 kм2 19,4
Къилба океан 20 327 000 kм2 5,4 Антарктидан гобаьккхина болу океан. Кхечу океанашка хьаьжча цуьнан шен къастина доза дац.
Къилбаседа Шен океан 14 090 000 kм2 3,7 Уггар жима а, кӀоргa а боцуш океан бу.

БилгалдахаршНисйе

  1. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978

ХьажоргашНисйе