Операционни система
Операцио́нни систе́ма, йоцца ОС (инг. operating system, OS) — декъашхочуьнца йукъаметтиг латтайаран а, устройствон ресурсийн урхалла дан а кхоьллинчу программийн комплекс.
Дукхах йолчу ларарин системашкахь операционни система чӀогӀа оьшуш (наггахь уггаре коьрта а) дакъа ду системан программан латторехь. 1990 шарахь дуьйна, йаьржина операционни системаш ларалуш йу Windows а, UNIX системан классаш а (къаьсттина Linux а, Mac OS а).
Операционни системан компоненташ[хьост?]:
Кхетам
бӀаьра нисйанОперационни системан къасторан ши тоба йу: «гӀирсийн урхалла даран программийн набор» а, «кхечу программийн урхалла даран программийн набор» а. Цу шиннан а къаьсттина технически маьӀна ду, опреационни система маца оьшу бохучу хаттарца доьзна долу.
Операционни система оьшуш йу:
- хаамаш Ӏалашбан универсальни механизм эшахь
- сих-сиха лелош йолчу подпрограммийн системан библиотекаш кхачийта
- бакъонаш дӀасайекъа
- компьютер тӀехь «цхьанне» болх бан масех программа схьайаста оьшуш делахь
- программийн процессашна урхалла дан