Операционни система
Операцио́нни систе́ма, йоцца ОС (инг. operating system, OS) — декъашхочуьнца юкъаметтиг латтаяран а, устройствон ресурсийн урхалла дан а кхоьллинчу программийн комплекс.
Дукхах йолчу ларарин системашкахь операционни система чIогIа оьшуш (наггахь уггаре коьрта а) дакъа ду системан программан латторехь. 1990 шарахь дуьйна, яьржина операционни системаш ларалуш ю Windows а, UNIX системан классаш а (къаьсттина Linux а, Mac OS а).
Операционни системан компоненташ[хьост?]:
БилгалдахаршНисйе
КхетамНисйе
Операционни системан къасторан ши тоба ю: «гӀирсийн урхалла даран программийн набор» а, «кхечу программийн урхалла даран программийн набор» а. Цу шиннан а къаьсттина технически маьIна ду, опреационни система маца оьшу бохучу хаттарца доьзна долу.
Операционни система оьшуш ю:
- данныш Iалашъян универсальни механизм эшахь
- сих-сиха лелош йолчу подпрограммийн системан библиотекаш кхачийта
- бакъонаш дIасаекъа
- компьютер тIехь «цхьанне» болх бан масех программа схьаяста оьшуш делахь
- программийн процессашна урхалла дан