Оулавсёка (фар. Ólavsøka, [ˈɔulavs.øka]) — 2829 июлехь хуьлу Сийлахь Олафан сийнна дина Фарерийн гӀайренийн къоман Ӏида. Ма-дарра гочдича хуьлу «Сийлахь Олафан докъатӀиэ».

Оулавсёка
Føroysk fløgg á Ólavsøku.jpg
Терахь 29 июль
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ДӀадахьарНисйе

Оцу дийнахь дукхаха болу фарерхой гулло Торсхавнехь. Ӏида долчу заманахь пийсиг хьокхуш къийсамаш дӀахьо. Оццу дийнахь фарерийн парламенто Лёгтинго аьхкенан каникулаш чекхйевлча дӀайоьллу шен сесси, ткъа гӀайренийн премьер-министро Ӏида даздаран къамел до парламентан а, халкъан а хьалха.

Вовшех Ӏиданца декъала беш, фарерхоша олу Góða Ólavsøku — ма-дарра «Сийлахь Олафан докъатӀиэ дика хуьлийла».

Ӏида дӀахьо оьздангаллин-спортан мероприяти санна: 28 июлехь иза дӀадоьллу меттигерачу спортхойн, коьрта шахьран кхеташонан декъашхойн, берийн, хӀуп олу оркестран парадаца. Парад йоьду Ӏида официалан дӀадоьллачу гӀалин майдане а. 28 июлехь иштта хин-кеманаш хохкуш, чирлидингех, футболех ловзарех къийсамаш дӀахьо[1]. Оцу дийнахь гӀалахь хуьлу тайп-тайпана оьздангаллин хиламаш: гӀайренийн ламаста хелхарш, концерташ, йишлакхархоша балладаш локху. Хьешашна схьабиллина тайп-тайпана исбаьхьаллин гайтамаш. 29 июлан Ӏуьйре йолало Торсхавнера килсе бахарца а, нахалахь Оулавсёкен лерина кантатата кхочушйарца а. Ӏидин кульминаци лору коьрта шахьран театрехь ден массеран хелхар а, Буьйса йуккъен йиш а, иза локху 29 июлехь буьйса йуккъе йахича. Ӏидин деношкахь йерриг ресторанаша сахиллалц ала мегар долуш болх бо[2][3].

БилгалдахаршНисйе

  1. Ólavsøka - Tórshavnar kommuna(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). www.torshavn.fo. Теллина 2020 шеран 6 январехь.
  2. Ólavsøka - Learn about the National Day of the Faroe Islands (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). faroeislands.fo. Теллина 2020 шеран 6 январехь.
  3. Ólavsøka 2019 - Tórshavnar kommuna(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). www.torshavn.fo. Теллина 2020 шеран 6 январехь.

ХьажоргашНисйе