Коьрта меню схьаелла

Ошаев, Халид Дудаевич (1898 шеран 20 декабрь — 1977 шеран 12 декабрь) — нохчийн яздархо а, драматург а, Ӏилманча а.

Ошаев, Халид Дудаевич
Ошаев, Халид Дудаевич.jpg
Вина терахь 1898 шеран 20 декабрь({{padleft:1898|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Вина меттиг Воздвиженски, Терски область, Российн импери
Кхелхина терахь 1977 шеран 12 декабрь({{padleft:1977|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (78 шо)
Корматалла яздархо, драматург, Ӏилманча
Гражданалла Российн империFlag of Russia.svg Российн империССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС

БиографиНисъе

Халид Ошаев вина 1898-чу шарахь йоккхачу АтагӀан юххехь Шуьйта боьдучу некъан аьтту агӀор хиллачу Воздвиженски слободехь, хьуьнхочун доьзалехь. Берахь дуьйна цунна гуш дерг дуьххьалдӀа Нохчийчоьнан хаза Ӏалам дара. Боккха тидам беш ладоьгӀура цо халкъан иллешка, цуьнан чӀогӀа сакъералора халкъан ширачу хабарех а, дуккха а хӀуманаш гинчу баккхийчу наха шайна дайнарш дуьйцуш дечу къамелех а.

Соьлжа-ГӀалахь реальни училище чекхъяккхинчул тӀаьхьа цо дешна Петроградехь хьуьнан институтехь.

Революционни къийсам марсабаьллачу хенахь нисвелира Халид. Петрограде, цундела дешар юкъах а дуьтуш, ша винчу махка вухавеара иза. Кхузахь цо граждански тӀамехь дакъалоцу.

Нохчийн литература кхоллалучу хенахь цунна юкъавеанчу Халид Ошаевс доккха дакъалоцу и литература кхиош а, кхоллараллин интеллигенци вовшахтухуш а. Цуьнан яздархочун некъ дӀаболабелла 20-чу шерашкахь «Дайн Ӏадат» цӀе йолу пьеса язъярца.

ХьажоргашНисъе