Пандеми (желтойн маттера «πανδημία» дош нохчийн матте гочдича «дерриг халкъ» маьӀна ду)- дуккха а пачхьалкхашкахь а, континенташкахь а даьржина вуно чӀогӀа ун ду; уьнан процесс кхиаран лакхара дарж ду. Уьнан уггаре кхераме кеп ю пандеми. Пандеми йолчу муьрехь дуьненан доккхаха долу декъехь даьржа лазар. Массо бахархошна массийн а, цхьаттера кхеттачу цамгаран кепехь олу пандеми.

Пандеми
ДIахьедаран у. Германи, Аугсбург. 1607—1635 шераш.
ДIахьедаран у. Германи, Аугсбург. 1607—1635 шераш.
MeSH D058873

Дерригдуьненан могушалла Ӏалашъяран организацино билгалдаккхарца, пандеми дуьненан масштабехь даьржина керла лазар ду. Масала, керлачу гриппан вирус гучуяьлча жӀаьлин уьнан пандеми кхиа йолало, юха иза доллу дуьненахь яьржа, ткъа нехан иммунитет ца хуьлу цунах хьалхабовла.

Адамийн историн йохаллехь дукха а пандемиш хилла, масала морзгал я йовхарийн цамгар. Ткъа уггаре луьра пандеми яра Ӏаьржа Ӏожалла (я Ӏаьржа ун) цӀе йолуш. И яьржинчу XӀV-чу оьмарехь кхузткъе пхийтта (75)-ши бӀе (200) миллион стаг кхелхира. Цу хенахь «пандеми» билгало лелош яцара. 1918-чу шарахь жӀалин уьнан пандеми яра. Иштта цунах олу испанхойн грипп а. Таханлерачу заманахь а дуьненахь даьржина COVID-19 (COronaVIrus Disease-ткъесна) я коронавирус олу ун а, АИВ-ИЦ (Адаман иммунодефицитан вирус/Иммунодефицитан цамгар) а.

Девзаш долу уьнаш а, пандемиш а нисйе бӀаьра

ДаӀе морзгалш нисйе бӀаьра

Натурин морзгал (хьалхалерачу хенахь даӀе морзгалш санна евзаш яра)- йóлу вирусан инфекци ю. Цо адамаш бен бале ца лоцу. Дуьненахь чӀогӀа яьржина цамгар яра иза. Цомгуш хилларш шовзткъе проценте (40 %) кхаччалц леш меттигаш яра.

 
Морзгал кхеттачу ацтекийн балар
Мохк БӀе эзар адаман юккъахь белларш
Бельги 1870-чу шарахь 81,8 адам; 1871-чу шарахь 416,8; 1872-чу шарахь 156,0
Прусси 150 эзар гергга стаг; 1870-чу шарахь 17,52; 1871-чу шарахь- 243,21; 1872-чу шарахь 262,37 стаг
Бавари 1870-чу шарахь- 104,5; 1871-чу шарахь 61,1 стаг
Нидерландаш 1870—1873-чу шерашкахь 435,5 стаг
Ингалс 1870-чу шарахь итт адам а; 1871-чу шарахь 102,4 стаг; 1872-чу шарахь 83,3 стаг;
Австри 1872-чу шарахь 190 стаг; 1873-чу шарахь 314,72; 1874-чу шарахь 174;

Ӏаьржа ун нисйе бӀаьра

Ӏаьржа ун- Yersinia pestis бактерино меттахйоккхуш йóлу цамгар ю. Чолхечу хьолехь хуьлу и цамгар кхетта адам. Цамгаран билгалонаш ю: хорша а, екхоаш (лимфин шеддаш) а, пехаш а, кхийолу кийрара меженаш талхар а, наггахь сепсис гучуйолу. Цомгуш хилларш дукхачу хьолехь Ӏожалле боьрзу. ЧӀогӀа сиха даьржаш ун ду. Евзаш йолу Ӏаьржачу Ӏуьнаш миллионашкахь адамаш хӀаллакдина, исторехь йоккха лар йитина цара:

  • Юстинианан Ӏаьржа ун (541-700-гӀа шераш)- йолаелла Мисарехь, юха яьржина цу хенахь цивилизаци йолчу мехкашкахь. Цамгаро хӀаллаквина бӀе миллион стаг, ткъа Византин ах мехкан бахархой байъина оцу уьно.
  • Ӏаьржа Ӏожалла- 1346-1353-чу шерийн вуно къиза пандеми яра. Иза йолаеллера Малхбален Цийнехь; XIV-чу оьмаран юккъехь ерриг Европехула чекхъяьлла.
  • КхоалгӀа ун- 1894—1904-чу шерашкахь литтина ун ду, уггаре чӀогӀа даьржинера Цийнехь а, ХӀиндехь а. ХӀиндехь и цомгуш хилла ялх миллион стаг велира. Юха и цамгар жим-жима марсайолуш кхийолу континенташкахь яьржира. Амма юккъерачу оьмарехь санна хӀаллакхилларш дукха бацар.

COVID-19 коронавирусан ун нисйе бӀаьра

COVID-19 коронавирусан ун («Corona VIrus Disease 2019» ингалсан дешнийн аббревиатура ю), хьалхо коронавирусан ун 2019-nCoV— SARS-CoV-2 вирусо меттахйоккхуш вуно луьра респираторан инфекци ю.