Панера
Пане́ра, дечига́н-гӀа́тлийн э́къа (нем. Furnier — схьадаьлла фр. fournir — тӀекӀелдиллар) — дуккха гӀаттанийн гӀишлошйаран материал, кечдо леррина кечйина шпон тӀеттӀалаторан новкъа. Панера чӀогӀа хилийтархьама шпонан гӀатлиш йохку, хӀора листан дечиган хьесий перпендикуляран хуьлийтуш луларчунна, цундела, арахьара чкъоьран хьесийн цхьаьна агӀор хилийтархьама уьш шалза до: кхоъ, пхиъ а, сов а.
Истори
бӀаьра нисйанТаханлера панерех тера материал, археологашна карийнера Шира Мисран хиллачу махкахь, иза йара Ӏаьржа диттан панера тоьхна кедран тӀорказан кеп. Историкин ойла цхьаьна йогӀу, и тӀорказ вайн эрал 15-16 бӀешо хьалха дина боху цара. Панера тохаран хьесап мел даьржина хила хууш дац, хӀунда аьлча карийна кедран тӀорказ цхьаъ ду оцу карийначарна йукъахь.
Куьйга панера дора Шира Желтойчохь а, тӀаьхьуо Ширачу Румехь а. Уггаре хьалха иза доьзна дара дечиган къоьллица. Антикин панера дора куьйга, и хьесап чӀогӀа къахьега дезаш дара. Клейн метана леладора механ деза Ӏаламера силмаш. Панера йеза материал йара, иза лело бахархойн хьал долу чкъоьран бен таро йацара.
Сийлахь Руман Импери йохарца, тӀаьхь-тӀаьхьа цивилизацин центр хуьлу Йуккъера Европа. Оцу мехкашкахь цкъан а къоьлла йацара дечиган. Иза бахьнехь панерин хьашт ца хуьлу. Хьал хийцало Европехь промышленностан революцин зама йолучу хенахь, оцу хенахь чӀогӀа хьашт йара тайп-тайпана материалаш.
Дуьххьара панера ден чарх-пресс йира Ингалсчохь берхӀийттолгӀа бӀешо чекхдолуш британихочо Бентам Самюэла. Цунна тӀейаздина дара хьаькхна шпон йаран чархийн цхьа могӀа патенташ, шпонан гӀатлиш тӀеттӀалаторан патенташ а. Панера даран дуьххьарлера чархаша, дика йоцушехь, хаъал айира панера даран эвсаралла, аратеттира куьйган болх. Материалан мах чархашца дар бахьнехь хаъал лахара бара, куьйга динчу панерел.
1819 шарахь Российн Имперехь йира лущенин хьесапца шпон йоккху дуьххьарлера чарх. Иза йира российн гражданина профессор Фишера, цунах элира «панерин воттана». Оцу хене кхаччалц шпон йоккхура дечиг хьакхаран хьесапца. Иштта хьесап дикка къа хьега дезаш дара, чӀогӀа кхоамаза а. Фишеран «Панерин воттано» таро йо лущенин шпонах цхьан а даххаш ца дуьтуш панера дан. хӀокху заманахь панера до профессор Фишеран хьесапца.
Курсиваца къастор== Лелор ==
ГӀишлошйар
- Изоляцин гӀирсаш электротехникехь.
- Авиацин промышленность (хьажа Дельта-дечиг).
- Мебел йарехь.
- Паркетан бух а, паркетан у а деш.
- Хинкеманашдарехь дейдвудан подшипникашна, тулканна, подшипник вкладышашна (антифрикцин, шешхьакхало материал), цергийн чкъургаш, кхин чархийн дакъош (конструкцин материал)
- микрофлюидан чипаш йар[1]
Классификаци
бӀаьра нисйанНагахь тӀехулара хьесий дохаллин агӀор делахь дохаллин панера олу, вукха агӀор хилча пурх панера олу.
ЧӀогӀа а, кӀеда а тайпана дечигах дина панера арахоьцу масех тайпана а, сортийн а, уьш къастало хьажорца, дахаран хенаца, тӀехулара куьцаца а, мехаца а.
Панерин экъанаш (8693-2018 ГОСТца) 15 - 78 мм стаммий хуьлу.
Хьажорца — гӀишлошйаран, промышленностан, хьарчоран, мебелан, конструкцин.
Тайпанца панера дукха хьолехь доькъу шина гӀарайаьллачу кепе — ФК (тӀуналлин дуьхьала) а, ФСФ (лакхара тӀуналлин дуьхьала).
Кечдаран тайпанца — ламинаци йина.
Россехь арахецар
бӀаьра нисйанРоссехь панера арахоьцу лахарчу коьрта форматашкахь 1525×1525, 1220×2440, 2440×1220, 1250×2500, 2500×1250, 1500×3000, 3000×1500, 1525×3050, 3050×1525 мм. Панерин форматехь дохаллехь а, шораллехь а латтаран башхалло гойту дохаллехь йа пурхнехьа лаьтта шпонан хьесий, нагахь формат 1220×2440 мм йазйина делахь, тӀаккха шпонаш латтар пурхнехьа ду, нагахь 2440×1220 мм делахь — дохаллехь ду. Дохаллехь хьесий долу панера леладо саттар оьшучехь, ткъа пурхнехьа — сеттачехь лакхара чӀогӀалла оьшучехь.
Россехь панера арахецар (млн. м³):
- 2002 шо — 1,8;
- 2003 шо. — 2,0;
- 2004 шо — 2,2;
- 2005 шо — 2,6;
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйан- Дечиган-гӀатлин пластикаш
- Дечиган-хьесийн экъа
- Дельта-дечиг (авиацин панера)
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Григорий Копиев. Из березовой фанеры сделали микрофлюидный чип . nplus1.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 28 ноябрехь
Литература
бӀаьра нисйан- Григорьев М. А. Материаловедение для столяров, плотников и паркетчиков: Учебное пособие для ПТУ. — М.: Высшая школа, 1989. — 223 с. — Кеп:Число экз. — ISBN 5-06-000345-0.
- ГОСТ 3916.1-2018 Фанера общего назначения с наружными слоями из шпона лиственных пород.
- ГОСТ 3916.2-2018 Фанера общего назначения с наружными слоями из шпона хвойных пород.
- ГОСТ 8973-2018 Фанерные плиты. Технические условия
- ГОСТ 11539-2014 Фанера бакелизированная. Технические условия
- ГОСТ 13913-78 (ГОСТ на Пластики древесные слоистые (ДСП))
- ГОСТ 102-75 Фанера берёзовая авиационная.
- ГОСТ В-226-41 Дельта-древесина авиационная.
- Фанера // Товарный словарь / И. А. Пугачёв (главный редактор). — М.: Государственное издательство торговой литературы, 1961. — Т. IX. — Стб. 8—13
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Черкасов И. К. Фанера // БСЭ