Панчала (санскр. पांचाल, Pāñcāla IAST) — Къилбаседа ХӀиндиера Ганган а, Ямунан а хишшан йукъара, историн регион йу, хӀинцалерачу хӀиндийн Уттаракханд а, Уттар-Прадеш а штатийн мехкашкара. Ведийн муьрехь, Панчала паччахьалла урбанистийн оьздангаллин центр хилла. И мур богӀу сира кечйина кхийран оьздангаллица, иза гучуйаьлла вайн эрал 1100 шо хьалха, гӀелйелла вайн эрал 600 шо хьалха, Панчала паччахьалла махаджанападийн йалхийтта республиках цхьаъ хиллалц. Оцу кӀоштехь лаьттира шиъ ведийн шакхаШаунака а, Тайттири а.

Ведийн муьрехь Панчала паччахьалла лаьттина меттиг.

Панчала лоцура лакхара Гималайни Ганг хиний йукъара мохк. Регион йекъало шина декъе: Уттара-Панчала а, Дакшина-Панчала а. Уттара-Панчалин коьрта шахьар йара хӀинцалерачу Рамнагар гӀалин меттехь лаьттина Ахиччхатра (кхин а йевза Адхичхатра йа Чхатравати). Дакшина-Панчалин коьрта шахьар хилла Кампилья йа Кампил. Панчалин махкахь хилла гӀарайаьлла гӀала Каньякубджа (Каннаудж).

Хьажоргаш нисйе бӀаьра