Патриархан Ӏаьмнаш
Патриархан Ӏаьмнаш (оьрсийн маттахь Патриаршие пруды)- Москохан Юккъера административан гонан Пресненски кӀоштахь йолу меттиган цӀе. Цуьнан юкъайогӀуш ю микрокӀошт а, Ӏам а, беш а.
Сийлахь меттиг | |
Патриархан Ӏаьмнаш | |
---|---|
55°45′50″ къ. ш. 37°35′31″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Пресненский район |
Статус | ОТӀО № 7731246000 |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Микрорайон Бешан гонан (оьрс. Садовое кольцо) йистехь ю, Жима Бронни ураман а, Боккха Патриарши а, Жима Патриарши а, Ермолаевски а урамалгийн юккъехь ю.
Паркан майда 2,2 гектар ю, царах 6323 кв.м. некъаш а, майдаш а дӀалоцу, иштта 7924 кв.м. синтарш дӀалоцу.
Ӏоман майда 9900 м² ю, ткъа кӀоргалла 2,5 метр ю.
Истори
бӀаьра нисйанШирачу заманахь цу меттехь масийтта Ӏаьмнаш хилла. XVII-чу бӀешарахь и меттиг дӀалоцуш Газанан уьшал яра. И хилар долуш ю иштта топоним. Газанан уьшало цӀерш йелла Йокххачу Козихински а, Жимачу Козихински а урамийн.
Ӏоман генадоцуш гезарий яжош меттиг яра. Церан тӀapгӀa паччахьна латтош яра.
Газанан уьшал чуьра схьадолу Черторый цӀе йолу татол а, иштта Преснин аьрру ши га- Кабанка а, Бубна а. Бубно кхоьллина Москван зоопаркан латтан тӀехь болу Преснин Ӏаьмнаш[1].
XVII-чу бӀешарахь Гермоген Патриархан резиденци яра кхузахь. Уьшал хиллачу меттехь кхоллаелира Патриархан Куп. Цуьнан юкъайогӀуш яра Везачу Ӏазапхочун Ермолайн цӀарах килс а, Сийлахьчу Спиридонан килс а.
1683-чу шарахь Патриарх волу Иоакимас буьйр дира уьшалш якъо а, церан метта чӀерийн Ӏаьмнаш баккха а.
Преснин Ӏаьмнаш чохь уггар лакхарчу сортан чӀерий леладора, ткъа Газанан уьшал чохь- дораха чӀерий леладора.
Кхоъ Ӏомо цӀе йелла Трёхпрудный цӀе йолу ураман (хьалха цуьнан цӀе «Кхоъ Ӏам» («Три прудка») яра)[2].
Патриархалла дӀаяккхарца Ӏаьмнаш дӀатесара, ткъа и латта юхаъ уьшал хӀоьттира.
Хьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ Патриаршие пруды и «нехорошая» квартира Булгакова . Прогулки по Москве (2017). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 17 октябрехь
- ↑ Патриаршие пруды . Узнай Москву (2014). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 июль. Архивйина 2017-06-25 — Wayback Machine