Пиллигаш[1]  йа Пилгу[2][3] йа Пилго — цхьа гӀирс лелон йа телефонан а, компьютеран а хаамаш чубоху билгалчу низамехь лаьтта кнопкийн комплект [4]. Кнопкаш тӀетеӀайо куьйган пIелгашца.

Пиллигаш иштта ала таро ю пиллигийн электромузыкин гIирсах а[4].

Пиллигаш шина кепара ю: музыкин а, абатан-терхьийн.

Музыкин пиллигаш нисйе бӀаьра

 
Музыкийн пиллигаш

Музыкин гӀирсан пиллигаш пондур лакха лерина ю, кнопкийн могӀанаш бу, хӀоранна шен-шен аьзнаш долуш билгалчу локхаллица. Пиллигийн диапазон нисло тайп-тайпана. Куьйга пӀелгашна лерина пиллигаш хуьлу хӀокху гӀирсан: роялан, зурма-пондаран, клавесинан, челестан, синтезаторан, ткъа иштта баянан, кехатпондаран, кхечу гӀирсан а.

Нисло иштта кога пиллигийн музыкин гӀирс, церан кога ловзон кнопкийн могӀанаш бу[5].

Музыкийн пиллигаш йолчу гӀирсех пиллигийн музыкийн гIирсаш олу.

Абатан-терхьийн пиллигаш нисйе бӀаьра

 
Чехка болх бен телеграфан радиозӀен (КТ-2) гӀирсийн комплексан пиллигаш, 1936 шо

Абатан-терхьийн пиллигаш лелайо техникин а, механикин а гӀирсаш тӀехь (йозанан машен, компьютер, калькулятор, кассан аппарат, кнопкийн телефон). ХӀора пиллиган йогӀу цхьаъ йа масех билгала символаш. Таро йу пиллигийн болх пиллигаш цхьаьнадалорца сов баккха. Иштта кепарчу пиллигашна тӀе сурт латадо символаш йа тӀетаӀийча хуьлург гойтуш.

Электронан гӀирсан хаамаш пиллигашца чубахарх йаздар олу, нагахь механикин йа электрин яздаран машенаца делахь зорба тохар олу. Текст яздаран билгала методика йу, цуо таро ло профессионалан цамгарш ца хилийта[хьост?]. Пиллигашка а ца хьожуш текст йазйан таро луш кхин а методикаш йу, цунах бIаьрзе йаздаран кеп олу.

Терхьийн пиллигаш нисйе бӀаьра

Терхьийн пиллигаш олу цхьаьна ул-уллохь лаьттачу терхьаш долчу кнопкех, уьш лерина йу терхьаш чудаха (масала, лоьмарш). Ишттачу пиллигаш тӀехь шина кепара лаьтташ хуьлу терхьаш.

Телефонаш тӀехь лелайо, кнопкаш тӀиера терхьаш аьру агӀонера аьтту агӀора йа лакхара охьа лакха довлуш йолу пиллигаш. Иштта кепара пиллигаш лелайо домофонаш тӀехь а, кхин аудиозӀен гӀирсаш тӀехь а (масала, Skype программехь), ткъа иштта генара лелон пульташ тӀехь а (масала, телевизоран пульт тӀехь).

Калькуляторш тӀехь лелайо аьру агӀонера аьтту агӀора йа лахара хьала терхьийн барам лакха болуш болу пиллигаш. Дукхаха йолу компьютеран пиллигийн аьтту агӀора кнопкийн блок хуьлу, оцу чуйогӀу калькуляторан кепара пиллигаш.


Компьютеран пиллигаш нисйе бӀаьра

 
Ноутбукан пиллигаш

Компьютеран пиллигаш лерина йу хаамаш компьютер (чубоху гӀирс) чубаха. Шуьйра яьржина ю пиллигаш — пиллигий копеш, IBM PC/AT серин компьютершца йахьаш йолу. Иштта пиллигашха олу «PC/AT пиллигаш» йа «AT‑пиллигаш», 101 йа 102 кнопка хуьлу церан. ПК IBM PC а, IBM PC/XT серица яхьаш йолу пиллигийн хуьлура 83 йа 84 кнопка[6]. AT-пиллигаш тӀехь кнопкаш латтар догӀу цхьатерра тӀеэцначу схемица, цуьнан проект йина ингалсан абатан элпаш йаздан атта хилийтаран чот йолуш. Программа хIоттийна пиллигаш (царна йукъахь, POS-пиллигаш) чохь хила тарло кнопкийн кхин барам; кнопкаш вовшехтоьхна хила тарло лерина тӀелаточу хӀуман гӀоьнца

ХӀолламаш нисйе бӀаьра

Хьажа иштта нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Мациев А. Г., Карасаев А. Т. Русско-чеченский словарь. — М., Русский язык, 1978. — 728 с
  2. Работа над англо-русско-чеченским словарём компьютерных терминов Архивйина 2015-05-05 — Wayback Machine
  3. ps95.ru. Нохчийн пилгу кхолларехьа болх(бил-боцу.). ps95.ru (2016 шеран 12 октябрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 3 май.
  4. 1 2 Воройский, 2003.
  5. Клавиатура // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  6. Клавиатура // Аппаратные средства персональных компьютеров.
  7. В Казахстане появился памятник компьютерной клавиатуре | KM.RU
  8. Lenta.ru: Интернет: В центре Екатеринбурга поставят памятник компьютерной клавиатуре

Литература нисйе бӀаьра

  • Воройский Ф. С. Информатика. Новый систематизированный толковый словарь-справочник. — 3-е изд.. — М.: ФИЗМАТЛИТ, 2003. — 760 с. — (Введение в современные информационные и телекоммуникационные технологии в терминах и фактах). — ISBN 5-9221-0426-8.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра