Политковская Анна Степановна

Политковская Анна Степановна (йоI йолуш Мазепа хилла Политковская) йина 1958 шеран 30-чу августехь Нью-Йоркехь, йийна 2006-чу шеран 7-чу октябрехь Москвахь.

Политковская Анна Степановна
укр. Ганна Степанівна Політковська
оьрс. Анна Степановна Политковская
Сурт
Бакъ цӀе укр. Ганна Степанівна Мазепа
оьрс. Анна Степановна Мазепа
ГӀуллакхан тайпа журналист, бакъоларйархо, йукъараллин гIуллакхо, йаздархо
Йина терахь 1958 шо 30 август
Йина меттиг Нью-Йорк, Америкин Цхьанакхетта Штаташ
Кхелхина терахь 2006 шо 7 октябрь
Кхелхина меттиг Москох, Российски Федераци
Гражданалла

Америкин Цхьанакхетта Штаташ

Российски Федераци
Да Мазепа Степан Фёдорович
Нана Мазепа Раиса Александровна
Бераш Илья а, Вера а.
СовгӀаташ

"Честь нации" орден (йеллачул тIаьхьа)

Политковская Анна Степановна Викилармехь

Политковская Анна- российски журналист йара, иштта а «Новая газетан» пресс-секретарь а, йукъараллин  гӀуллакххо а, бакъоларйархо а, йаздархо а.

Нохчийчоьх 90-чу шерашкахь хилчу тIеман боккха тидам бора цо. 2006-чу шеран 7-чу октябрехь шен цIено лифтан чохь тоьпаштоьхна йийна.

Доьзал а, дешар а нисйе бӀаьра

Политковская йина Нью-Йоркехь Америкин Цхьанакхетта Штаташкахь, цуьнан да-нана цигахь дипломаташ бара.

Степан Фёдорович Мазепа (1976-2006)- Аннан да, винера Черниговски областехь Семёновски кIоштан Костобоброво яртахь. Украински ССР-н Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламехь миссин белхало хилла. Кхелхина 2006 шарахь.

Раиса Александровна Мазепа- Аннан нана. Керчь гIалахь йина, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламехь дипломат хилла. Иза чӀаьнкъа (метис) хилла (да- оьрси, нана- украинка).

1980-чу шарахь Ломоносов М.В. цIарах йолу МПУ-ан журналистикан факультет чекхйаьккхина.

Доьшуш йолуш Александр Политковскийг маре йахан. Изаъ хилла журналистикан факультетехь доьшуш. Шен зудчул пхи шо воккха хилла Александр. 2000-чу шарахь и шиъ дӀасакъаьстира[1].

Политковскер ши бера ду- Илья а, Вера а.

1990-гIа шерашкахь jus soli принципца Америкин Цхьанакхетта Штатийн гражданалла тIеэцира. Иштта а Россин гражданалла йара цуьнан.

Журналистки белхаш нисйе бӀаьра

1982-1993 «Известия», «Воздушный транспорт» газеташ редакцешкахь белхаш дина. Иштта а, кхоллараллин вовшахкхетар «ЭСКАРТ», «Паритет» издательствехь.
1994 шо кхаччалц «Мегаполис Экспресс» кӀиранниган хьажархо.
1994-1999 «Общая газета» къаьсттина хала хьелашан (ЧП-н) отделан редактор а, хьажархо а.
1999 май дуьйна «Новая газета» леррина корреспондент (спецкор) а, хьажархо а.

Масийттазза журналист йолуш Нохчийчоьх тIамехь хилла. ТIемах лаьцна репортажаш йахарна «Золотое перо России» совгIат (преми) делла Аннан. Цул сов, «Добрый поступок-доброе сердце» Российски Федерацин Журналисташан Союзан преми йелла, коррупцин дуьхьал материалаш йазйарна Журналисташан Союзо совгIат делла. Иштта а, Нохчийчоьх лаьцна материалаш йазйина хиларна «Золотой гонг-2000» диплом делла.

Политковская дуккха статьяшан автор йу, масала: «Путешествие в ад. Чеченский дневник» (2000), «Вторая чеченская» (2002), «Чечня: позор России», иштта а «Карательный сговор», «Люди исчезающие».

Цуьнан тIаьххьар «Карательный сговор» статья федералшан агIор тIом беш болу нохчийн тобах лаьцна йара. Политковская Аннан книшкаш гочйина кхечу мехкийн меттанашка. Йоккха Британехь арахецна «Putin’s Russia» («Путинская Россия»), «Россия без Путина» книгашан автор.

2006 шеран сентябрехь а, октябрехь а шен журналистикан а, аналитикан а болх жигар баьккхира, хIунда аьлча, Россиехь гергабохуш бара Парламентан харжамаш а, цул тІаьхьа 2008-чу шарахь Президентан харжамаш бара.

Нохчийчоь чу халкъашна йуккъера машарбаран эскар чудалоран агӀонча йара.

Политковская йер нисйе бӀаьра

2006-чу шеран 7-чу октябрехь Москвахь (Лесная урам, 8-гIа цIа) чохь тоьпашйиттина йийра Политковская Анна.

Цуьнан дегIан йистехь карийра Макаров тапча а, 4  патармин чкъоьргаш а. Талламан органан хетарехь, иза киллер лаьцна стаг вер дара.

Рустам Махмудов вара Политковская йийнаг.

2014-чу шеран 20-чу майехь Политковская Анна йер девнехь бехке нахан кхиэлан сацам бира.

Политковская Аннан цIарах а, безамна меттигаш нисйе бӀаьра

 

Политковская Аннан кош Москвахь Троекуровски кешнашкахь ду.

Цуьнан тезете эзар сов адам деара- гIарабоьвла политикаш а, журналисташ а, дипломаташ а, цуьнан балхан ларамхой а.

Политковская цIарах тиллина:

  • Брюсселехь Европин Парламентан пресс-конференцин чоь
  • Вилли Дории-Памфили цIе йолу римски паркехь майда
  • Гуьржехь Тбилиси гIалахь Ваке-кIоштан урамехь
  • Феррара гIалахь урам
  • Францер Монтрёй коммунехь майда
  • Италехь Генуя гIалахь Маршонан хIоллам а, дитт а.
  • Чехиехь, Карловы Вары гIалахь парк
  • Миланехь гIалин беш
  • Анна Политковская цIарах Reach All Women in War организацин преми

Литература нисйе бӀаьра

  1. Дева Анна. Александр Политковский: “Наше расставание — моя вина”