Джеймс Клиффорд «Джим» Поллард (инг. James Clifford "Jim" Pollard; 1922 шеран 9 июлехь, Окленд, Калифорни, АЦШ1993 шеран 22 январехь, Стоктон, Калифорни, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а. «Миннеаполис Лейкерс» йукъахь хьалхий-тӀаьхьий кхаа шарахь хилира КъБЛ чемпион, АБА, НБА, иза кхоллайелира хьалхара ши лига цхьаьнакхетаран жамӀехь (йерриг цуьнан йалх титул). 1941/1942 шеран NCAA чемпион «Стэнфорд Индианс» командин йукъахь. 1978 шарахь дуьйна баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Поллард, Джим
инг. Jim Pollard
Карьера чекхйаьккхина
Позици Форвард
Центровой
Харц цӀераш Mr. Basketball, The Kangaroo Kid
Локхалла 193
Возалла 84
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1922 шеран 9 июль({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})
Вина меттиг Окленд, Калифорни, АЦШ
Кхелхина терахь: 1993 шеран 22 январь({{padleft:1993|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (70 шо)
Кхелхина меттиг Стоктон, Калифорни, АЦШ
Ишкол Оклендан техникин ишкол
Колледж Стэнфорд (1941—1942)
Драфт КъБА 66-гӀа, 1947, Чикаго Стэгс
Статистика
Ловзарш 438
Очкош 5762 (13,2 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 2487 (5,7 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 1417 (3,2 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
1978 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Поллард левзина Стэнфордан университетан баскетболан командехь, хилла 1942 шеран чемпионийн хӀоттаман коьртачех цхьаъ ловзархо, оцу шарахь Стэнфордо йаьккхира NCAA чемпионат. Амма цамгар бахьнехь Джеймсан дийзира финалан матч ца ловзуш йита. Дуьненан шолгӀа тӀом болуш Поллард левзира тайп-тайпана тӀеман баскетболан командашкахь, уьш левзира Аламидера Гонолулу кхаччалц. ТӀом чекхбаларца иза левзира «Сан-Диего Донс» а, «Окленд Биттнерс» а командашкахь. КъБАхь Поллард лорура шен заманан кхоссавала хьуьнар долу дикачу форвардех цхьаъ. Тренировкашкахь Джима сих-сиха йора гӀуда кхуссу сиз тӀера слэм-данкаш, иза бахьнехь харц цӀе йелла «The Kangaroo Kid».

«Миннеаполис Лейкерс» йукъахь Поллард левзира Майкен Джорджца а, Миккелсен Вернца а цхьаьна, уьш лорура уггаре дика тӀелатаран уьйр баскетболан исторехь. Командица цхьаьна Поллард 5-зза КъБА чемпион хилла.

1955 шарахь Полларда чекхйаьккхира ловзархочун карьера, тӀаккха 1955 – 1958 шерашкахь куьйгалла дира Ла Саллан университетан командина. 1960 шарахь цуо куьйгалла дира «Миннеаполис Лейкерсан», 1961 – 1962 шерашкахь — «Чикаго Пэкерсан», 1967 - 1968 шерашкахь — «Миннесота Маскисан», 1968 – 1969 шерашкахь — Америкин баскетболан ассоциацин «Майами Флоридиансан».

1978 шарахь Поллард хаьржира баскетболан сийлаллин зал йукъа[1]. Иза кхин а хабржина Бэй Ареин сийлаллин зале[2] а, Стэнфорда сийлаллин зале[3] а, Pac-10 сийн зале[4] а.

Статистика нисйе бӀаьра

КъБАра статистика нисйе бӀаьра

Шо Команда РогӀера шо Плей-офф сери
GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG GP GS MPG FG% 3P% FT% RPG APG SPG BPG PPG
1948/49 Миннесота 53 39,6 68,7 2,7 14,8 10 29,3 71,0 3,9 13,0
1949/50 Миннесота 66 34,6 76,4 3,8 14,7 12 28,6 71,0 4,7 12,0
1950/51 Миннесота 54 35,2 75,0 9,0 3,4 11,6 7 32,4 83,3 8,9 3,9 13,6
1951/52 Миннесота 65 39,2 35,6 70,4 9,1 3,6 15,5 11 42,6 40,5 74,0 6,5 3,0 16,1
1952/53 Миннесота 66 36,4 35,7 76,9 6,8 3,5 13,0 12 37,9 37,1 77,4 7,2 4,1 14,3
1953/54 Миннесота 71 35,0 37,0 77,8 7,0 3,0 11,7 13 41,8 36,1 80,0 8,5 3,2 12,3
1954/55 Миннесота 63 31,1 35,4 81,2 7,3 2,5 10,8 7 36,7 31,7 71,7 11,1 2,0 14,1
Дерриг 438 35,4 36,0 75,0 7,8 3,2 13,2 72 40,1 33,9 75,0 8,1 3,6 13,6
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. James C. "Jim" Pollard. The Naismith Memorial Basketball Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 январь. Архивйина 2019 шеран 28 январехь
  2. Jim Pollard. Bay Area Sports Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 январь. Архивйина 2019 шеран 1 февралехь
  3. Stanford Athletics Hall of Fame. Stanford. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 январь. Архивйина 2019 шеран 9 февралехь
  4. Pac-12 Media Guide 61. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 январь. Архивйина 2018 шеран 12 декабрехь

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:Миннеаполис Лейкерс 1948–1949